WWW.LIBRUS.DOBROTA.BIZ
БЕСПЛАТНАЯ  ИНТЕРНЕТ  БИБЛИОТЕКА - собрание публикаций
 


«Хож-Ахьмад Берсанов П ИЛЛАКХИЙН ХАЗНА - И PC А Н НЕКЪАШ Москва - 2002 uiм п паи къ изачу а, халачу а хьелаш кахъ ст огаллех, li 1,,1 / /» \, • ц собарх ца духуш вай наха деш и санна ларош ...»

l st [ n w j

В 'Ч Ъ .

Хож-Ахьмад Берсанов

П ИЛЛАКХИЙН ХАЗНА - И PC А Н НЕКЪАШ

Москва - 2002

uiм п паи къ изачу а, халачу а хьелаш кахъ ст огаллех,

li 1,,1 / /» \,

ц собарх ца духуш вай наха деш и санна ларош схъадеъна

мм/(///

in I хаза гЫ ллаю саш, лам аст аш. Ц а ра боккхачу т идам ца, 1‘ и i iti/ii чарйина сица, дег1аца, духарца, буьйцачу м ат т аца йолу Ий hU iii/ n n jia .

\ iiii I 'ii Д а йм о хк бале лаъцначохъ, и г1аллакхаш, оъ здангалла ' I/,/ п/т и/.Ч е р т аил къийсалуш ду вай къам. Н агахъ санна x la p a * i//r n it,i ш ж кха чу 1алаьионна м елла а пайдехъ хилахь, суна со ирс

•и /I III M ' l l l l l / ) ву .

А вт ор .

ОБ АВТОРЕ .

Iln cm. имеет право только тот, кого волнуют большие и к иимк'ские и социальные проблемы» - так сказал Джон H i "I» и одни из крупнейших английских писателей XX века .

M...... иона в полной мере могут быть отнесены к автору этой \ож-А хмеду Берсанову. Вместе со своим народом он ЦМшн II in г гяжкис испытания, выпавшие на его долю и в прошлом Нин н и ш-кс наступившем. Он чутко воспринимает боль своего ни|'н ми /и лот все, что в его силах, чтобы облегчить эту боль .

и 1,1 к было и во время депортации, когда он m. мы 'ишгплетним подростком вместе со своими земляками It......... ни и работах по восстановлению железнодорожной ветки, И т. н и Магнитогорск. Условия труда были ужасающие .

Среди М |ы1 гнпрепствовал тиф. Трупы умерших выносили из бараков, и н*1 иii.iH.i ни н общую яму. Юный Хож-Ахмед на своих плечах........ 1 и заболевших земляков на станцию, оттуда на.................. поездах отвозил их в Караганду, в госпиталь. Сам мм и ч гифом. Будучи тяжело больным, нашел в себе силы и кI М i'i i mu написать письмо Сталину о беззакониях, творимых на и....... дороге. Через некоторое время из Москвы приехала (ж*.......... условия труда и быта рабочих были немного улучшены .

много лет Х.Берсанова разыщут студенты из п усти |«и I I мин, члены клуба «Поиск», и в музее Карагандинского т. ммигрситета появится уголок, посвященный чеченскому Н и in п т Хож-Ахмеду Берсанову, спасавшему в далекие 1)|им |ни.ю больных тифом спецпереселенцев .

Ьг (граничная любовь к своему народу, к родному языку и к |Н1н....п краю является определяющей в его творчестве и в жизни .

| in in мыслит себя вне Родины, поэтому не покинул ее, когда h i...... война. Переехал в свое родовое село - Шаами-Юрт и «Нin 1 |дос1» разделяя со своими односельчанами и радости, и, M I III, I|U (имой 2000 года, когда в село вошли покинувшие город и*II инг п, стало ясно, что село будут бомбить. Хож-Ахмед не и | и и у ц своих односельчан, не смог бросить их на произвол и | ч.1 Имеете со всеми пережил бомбежку. А на следующий день,. | ш и соло началась «зачистка», нашел в себе мужество отстоять I, I го мог стать невинными жертвами. Сколько молодых жизней было спасено в тот холодный февральский вечер благодаря дипломатии писателя, его мудрому и настойчивому слову!

Писать он начал еще в годы депортации. Вернувшись на Родину, он уже знал, что посвятит себя творчеству. Поступил к заочное отделение историко-филологического факультета Чечено' Ингушского пединститута. Работая в Министерстве культур^ Чечено-Ингушетии, энергично взялся за возрождение и развит культуры своего народа .

В области культуры Х.Берсанов проработал более тридцат лет. И вполне заслуженно получил звание Заслуженный деятел культуры Чечено-Ингушетии .





Жизнь сводила его с интересными личностями, людьми с богатой биографией, сложной и драматичной судьбой. Поэтому и герои его произведений чаще всего реальные люди. «Дружб скрепленная кровью», «По следам отца», «Приключени Хаджимурата», «Позднее раскаяние», «Стальная искра» - на эти;

произведениях Х.А.Берсанова выросло не одно поколение!

чеченской молодежи .

На заре перестройки он был принят в Союз писателей СССР Берсанов - не только талантливый писатель. Он - художник*. пейзажист, фенолог, натуралист, знаток родного края. Книга «Звери и птицы родного края», вышедшая в 1992 году - плод многолетнего изучения живой природы Чечни. I Являясь специалистом по вайнахским народным обычаям и традициям, он много лет отдал их возрождению и пропаганде. Этой же цели послужила его книга «Сокровищница мудрости - путь к счастью», которая впервые вышла в Грозном в 1990 году.} Популярность книге обеспечило не только богатое содержание!

вместившее все разнообразие, самобытность, философскую нравственную силу традиций, обычаев, этикета чеченцев, но незаурядная личность самого писателя .

Можно с уверенностью сказать, что жизнь автора является олицетворением тех принципов, которые изложены в афоризма этой книги. Поэтому он имеет полное моральное право призывать других жить по тем же канонам добра и справедливости .

ИБРАГИМ АЛИРОЕВ,1 профессор, академик РАЕН, доктор филологических наук, доктор исторических наук, Заслуженный деятель науки РФ .

АВТОРАХ ЛАЬЦНА .

'I li.i Олгсъо ю, адамийн юкъараллин дахарехь даккхийра им mi I их, дагах кхеташ волчуьнан», - аьлла XX б1ешеран «к I щи пи у 11 ape баккхийчех волчу яздархочо Джон Голсуорсис .

| mu мм иуь плмчу барамехь т1едахьа мегар ду xlapa книга язйина м In |и пион Хож-Ахьмадна .

ill' и чалкъаца цхьана иза чекхваьлла халачу а къизачу а........ на. Цо боккхачу тидамца хьесап до кхоллалуш долчу пн I I I арап. Цуьнан сих, дагах кхета шен халкъехь болу бала, '•I ill........... кхочуш мел дерг до цо и бала адамашна байба, н i n I..IH лачам д1абаккха .

.......... хьал х1оьттара нохчийн къам махках даьккханчу | iiia илхитта шо кхаьчна волуш, шен махкахошца............ |ргкс боьду ц1ерпоштан некъ тобечохь болх беш вара .

•|i I I' 1 1 • беллачийн декъи ара дохура баракашчуьра. И декъий |........... к чачу орчу а кхуьссуш, къайла дохура. Къоначу Хожиачар кхстта берш ца балийта гГерташ, шен белашт1аьхь

•н 1'| *1...........1,1ерпоштан вагонаш т1е а бохуш, Карагандар.... i l l....а д1а кхуьйлура. Паьххьар а тиф лазар кхийтира цунах...... ап ч1ог[а rlopa эшна, ша цомгуш воллушехь, ницкъ а Hi I I i.i а х илира цуьнгахь ц1ерпоштан некъат1аьхь белхаш I, ми м.......а т1аьхь латточу къизаллех, харцонех а лаьцна

•пни I г а г мзда. Дукха хан ялале Москвара комисси еара ХожI i иинчу и,1ерпоштан некъаца белхаш беш болчу нехан хьелаш m. I.OM HCCHHO дукха г1уллакхаш дира и нах аттачу бохуш .

l a I ча а шераш д1адевллачул т1аьхьа Берсанов Хож-Ахьмад I а и 111 юн арчу Казахстанехь Карагандински иачхьалкхан а............. а ап студенташ, «Поиск» клубан декъашхош. Цара шай

- нчнм. 1 м.айиллар нохчи яздархочун лерина йолуметтиг .

Illiai халкъе, шен къоман матте, шен махке доза доццуш I....... чачу безамо дахарехь а, кхоллараллин белхашкахь а с | |,н гу пигоран амал .

III. п махкал хьоме дац цунна дуьненчуьра цхьа а х1ума .

п I I I Мохчнчохь t I o m болабелчи, шен мохк тесна битна д1а ца i|"i и а II 1а винчу Ша1ми-Юртахь сецира иза вон а дика а шен i'l l....... а цхьаналовш .

'ООО шеран февраль беттан хьалхарчу деношкахь Грозный......... на пиш а нохчийн Немалой Ша1ми-юртачу баьхкачи, хууш дара кхуза яккхийтоьпаш еттар юйла а, цултГаьхьа «зачисткаш» хир юй а .

Хож-Ахьмад юьртачохь сецира. Юьртахь бисначу нахаца цхьана молханан к1уьрлахь, саьнгалан к1уьрзехь и къематан денош текхира цо .

Юрт йохийначул т1аьхьа, чудеанчу эскарша «зачистка» еч хенахь, вист хила, дош ала хаарца цо дукха кегийнах к1елхьара бехира д1абигна х1аллакбечуьра оцу февралан шийлачу деношкахь. I Нохчийн къам махках даьккханчу шерашкахь дуьйна язда волавелира Берсанов. Шен Даймахка юха веъчи, цунна хиара яздаран болх ша йоьххьара лаца безийла. Нохч-Палг1айн АССР-и культуран министерствехь болх беш а волуш, заочно чекхъяьккхира цо пединститутан историко-филологически факультет .

Дикачу адамашца, гГарабевлла болчу дикачу къонахашца дара Берсанов Хож-Ахьмадан гергарло. Царех лаьцна ю цуьнан!

исбаьхьаллин произведенеш: «Болатан суй», «Ц1ийца ч1аг1делла доттаг1алла», «Дохковалар», «Ден лорах», «Хьажмурда лелийнарш». Оцу произведенеша йоккха лар йитна т1екхуъу къона!

т1аьхье кхетош кхиорна .

Цуьнан корматаллин лаккхара мах хадош, Х.Берсанов д1аийцара СССР-н яздархойн союзе .

Берсанов Хож-Ахьмад яздархо хилла ца 1а. Иза художникпейзажист а ву, фенолог а, натуралист а, философ а ву. Ша вина, кхиъна мохк дика бевза цунна. 1992-чу шарахь ара яьлла «Вайн махкара акхарой а олхазарш а» аьлла йолу цуьнан книга. Цо аьтто бо вайн мехкан 1аламан хазна йовза .

1990-чу шарахь Грозный г1алахь ара яьлла «Пиллакхийн хазна - ирсан некъаш» аьлла йолу цуьнан книга боккха чулацам| болуш а, 1илманчаша лаккхара мах хадийна а ю. Цо шена чулоцу дахарехь кхолладелла адамийн г1иллакхаш, хьехамаш, говза аьлла!

кхетаман дешнаш а .

• Иг, I ;Iiiiк d o до акхадевлла адамийн синош сийлаллин пт • mu 11 кн loxn дерзо .

ми прпп iiich дахаро, амало, кхетамо, оьздангалло бакъо ло н, i n кг дуьччана дош ала. Вовшашца дика хила, зуламаш in I ш.фтлонаш, харцонаш д1аяха, тешаман, безаман, S 1| 1мншин s,шII бо ала .

–  –  –

Вайнехан xlopa доьзалехь стоьла т1ехь хила хьакь яра «Пиллакхийн хазна - ирсан некъаш» аьлла йолу Берсанови книга j Xlopa дийнахь деза жайна санна схьаоьций доьшуш, боккъалла 1 гГиллакхийн хазнин шовда хилла д1ах1уттур долчу цунна чуьрв цкъа а кхачалур доцу диканийн хьоста муьйлуш, вайн мелла и дегнаш т1е йиллина мекха цуьнца д1айоккхуш, пайда эца безара... I Мохь тоьхна ала лаьа: «Вайнах, хама бейша шайна Дала ш1 схьаделлачу совг1атан, эцийша цунах пайда, ц1андайша ш айи дегнаш!»

Арби Исмаилом!

с. Гойское, Урус-Мартановский район

–  –  –

n il мша, кхиийна Даймохк мел хьоме, мел мерза, мел п.,, г а I. молчу к1антана. Ш ен Даймахках хаьдда к1ант - да Ш н Н\И IV и...... а а диканан а Даймехкан лазам сих, дагах кхеташ |инн |ша а. шеи уггар гергарчу стеган вонан, диканан лазам |(H'i|i ' in nyi.iiaii сих, дагах .

............. к бсзаш, яхь йолуш доьзал кхио лаахь, да ша хила Hi*t............... осчаш а, яхь йолуш а .

I in мочь безар, Даймохк хазбар, цуьнан сий дар, дахар | | | - ч. 111" |. ноллар - вайн вешан декхар ду .

-. 11 lainua вон деъча дакъа лоцуш волу к1ант, адамашна кхаъ М |||'............... |' юьхьк1ай хир ву .

\ипм1Ш1ца иолу уьйр-марзо, бапхаца йолу шовкь, Даймахке Ht in in I доттагГашка болу тешам лоруш, вай ваьш кхуллу |....... ' 1 IIIIIII .

.1 I 1 11 м| »\ »»и кхстош-кхиор вайна т1ехь ду. Уьш 1амо беза адам Ц ИИ ' и ы а, Даймохк бовза а, беза а, къаьмнаш довза а, лара а, Н I и........I 1аин а, болх бан а. Царна 1амо деза стеган амалехь уггаре а ей * I 1и Iник чаш .

–  –  –

....... уп арс а хьалха шен Даймехкан векал ву. Даймехкан......... пчушдар цунна т1ехь ду .

Ьшмлхкаиа кхерам т1ех1оытинчу шерашкахь майралла, и'м..м Нинина к1ентий Даймахке болчу безамо кхачийна цу |НМ’|||м чу диржс .

Даймохк беза кхоьллина бу. Къонах Даймахкана хьакь вер| ву .

Вуьззина дикачу къонахчо халкъан дуьхьа, Дай мех к; и дуьхьа шен са а, дег1 а кхоор дац .

Къонахалла майра дийцарх, дашца далхорах кхоллалуш дац Къонахалла Даймахкана, халкъана дечу пайдехьчу г1уллакхс) кхоллалуш ду .

Кхетамечу стеган бакъдолу къонахалла кхерам rid х1оьттинчу дийнахь, Даймехкан дуьхьа са а, дег1 а д1адала кийчча хилар ду .

Вайх цхьаъ къастарх - Даймахкана зен хир дац. Амма!

Даймохк боцуш висарал доккха вон дац .

Даймахкахь хьан тасабелла орам, тасаелла уьйраш, д1алетгц безам хада йиш яц. Хьажал, наж бух а баьккхина, кхоьчахьа д!абоьг1чи хуьлуш дерг х!ун ду. Орамаш дахкало, т1ера rla дужу, г1ад дакъало .

Даймохк безаро дег1е ницкь ло, доьналла кхуллу .

Махках ваьллачу стеган са акха лаьттар ду, хилла дерш дагалуьйцуш ойланехь лаьттар ду. Даймахке сатуьйсуш кханенаш йохкур ю .

Шен махкахь воцчу стеган сий хир дац. Шен боцчу махках! .

къонаха а хирлур вац .

Дех, ненах валар - байлахь висар дац. Даймохк боцуш висар

- байлахь висар ду .

Атта вахар лоьхуш, де доца, сом деха меттиг езаш, десси дозалла а деш, кура хабар дуьйцуш верг къонах вац .

Къонах вац шен кхерчан сий дайъина стаг .

–  –  –

ill. и м. \кпи сий ца деш верг махканахьакь вац. Шен мехкан М ни ни к 1, 1 1 1 1 к1ант вац .

М | I "M i.шла, доьналла дуста кхин х!ума дац, Даймахкана, к и....... пипу дикачу г!уллакхашца ца дуьстича .

| li I I,1 с I;и аиа геч дан йиш йоцуш дерг Даймахкана ямартло ;i I I hi I I I.ша ямарт/io еш волу стаг - халкъан мостаг!а ву .

| ч. l i.капа кхсрамана, зуламана бог!уш белахь тоьпан х1оъ.................. не г I дуьхьал х1отторхьама а вала мегар дара стагана ММиичу

1.и и14к бсзаш, цунах дозалла деш, яхь йолуш хила веза /I hi..... бсчаш, цунах дозалла деш, яхь йолуш иза вацахь till*........... каю. вац. Даймахкана кхерам т1ех!оьттинчохь иза I, mi I |.| чьуьпар хир дац цуьнгахь .

–  –  –

ihIIm.. и i.iчп, с теган. Иза ву мохк боцу «эла» .

I ни и1\к хийцарал йоккха ледарло яц дуьненчохь цхьаь .

• hi... I in I нмлрта хилар - к!илло хилар ду .

и111 •,I•Iу махках хьан мохк а хир бац, хийрачу мехкан хьо iii 1 111 нац. Хийрачу мехкан хьо хийра стаг ву. ТТаккха 1М м | if, махкахь хьо г!ийла буо дуйла .

н п и ип иа, кхиъна мохк дагна безаш хьоме бу. Ахьа мел |Ж1|*ц| hi...... а, мел бала хьегнехь а, Нана-Даймохк къайлах хьо ми I yin, miч кьинхетам беш хиллийла хаалахь .

КХЕТАМАН ДЕШНАШ

Вайн нигат хила деза ц1ена, Дела реза хинволчу arlow адамийн дуьхьа, церан ирса дуьхьа. Бертахь хилар, вовшашна 1 1в дар, вовшен терго яр, ларар, вовшех дашар, хьанала хилар. И я стеган амалехь хазчу гГиллакхах, оьздангалдех къаста йиш йоцуш дерг .

Паддайна к1елвисча, rlo эшна хьайна т1евеънарг rlo ца дси| д1а ма вахийталахь, кхин дан х1ума ца хилахь, цунна юхх1 д1ах1оттий а .

Халонан хама хааза волчуьнга шегара хало ялхо мегар дац. 1 Хьайн кхерчан да хьуо хилалахь. Хьо хьуо да воцчу кхерчл нехан кхардам хир буйла хаалахь .

Хаза г1иллакх, к1еда-мерза хилар - адамийн дегнаш чуьр| дог1а ду. Нахаца к1еда-мерза хилалахь .

–  –  –

Хьайн дог лаьттачу дикане кхачалур вац алий, дог ми диллалахь, сан доттаг1, лам лакха хиларх хьалавала некъ боцуш хи| бац .

Стагах, мухха иза велахь а, ма кхардалахь. Кхардам шсх бахарна кхерам бу .

ХГуманан кхоам белахь. Кхоам боцуш лелийна х1ума доцуш вуьсур ву. Кхоам беш дерг дебар ду .

Хир ду бохучу диканах теший ма 1елахь. Хьуна даор ду бохачу к1алд-даьттанал ахь буу болу т1айн-берам г1олехь хир бу хьуна .

Нехан дикане са ма тийсалахь. Нехан дикане са ца туьйсуш .

хьайн долуш долчунна далла хастам белахь .

' h i.hi к-салла ма йийцалахь, я иза жоьжахата rlyp ву а ма | И ' hi Iv1 1 башха ду иза ялсамане вахчи а, я жоьжахате вахчи............ I ' 11. 1111 а ц Iа догуш орцах вахна воцчу .

–  –  –

Ни|ммI амал йолчу стагаца ма къийсалахь. Виро хьовла а ца |( и I и ; нм а ца диъна. Цундела цунна бо1ал мерза х1умма а ца Ими u-i.na стаг,ш ена безачу, ша везачу нахаца хила веза .

Н*||.............. I l i a НПО йийр ю .

I ним хиънехьара, аса и г1уллакх дийр дара» ма бахалахь .

Ш|)м i l l п. н la хууш хилча, дехко ножан утарма бухйоккхур яра .

–  –  –

Иим.и.нларг дицделахь, сатийсарх иза юха хир дац. Керахь it| «I, | ним ама белахь, кхана хин дерг хууш дац .

I ним дика хиларх дозалла ма делахь - тайпанан сий |.ч......,1|н хьо вац. Айхьа даьккхинарг хир ду хьан сий, хьан Hill.... i.yua п лур дац .

и i,а дан т1елаьцна г1уллакх кхочушделахь. Кхочушдан ниш........ pi дийр ду алий т!е ма лацалахь .

Нехан хьакь ма даалахь, сан доттаг1. Нехан хьакь дууш кЛ вацахь, екхачу кхачанан чам мерза хир бу .

Нахана зуламаш ма делахь, сан доттаг]. Нахана зуламаш доЦ вацахь, хьайн махкахь ког маьрша ловзур бу ахьа .

Муьлххачу а стеган амалехь ерриге а дикалла ма лехаллхЬ цхьа а стаг хир вац шен амалехь цхьаь вониг доцуш .

Стеган амалехь диканиг лахий, д!ахьолахь цуьнца хмШн вахаран некь. Цуьнан амалера вониг д1агойтуш белахь цуыш кхетаман некь .

Хьайх шеко кхуллуш болчу нахах ларлуш хилалахь. Дика* нехан дарже кхача лууш хилалахь .

Хьекъал долчу стагах хьуо дагаволуш совдерш ма хетталл \ i 1овдал хетар ву хьо .

Хьуо шек волчу х1уманах бакьдерг бен ма дийцалам, Тарделларг бакьдай схьа ма лацалахь. Ыаьргашна гуш долчух лергашна хезаш долчух бен ма тешалахь .

Нахаца дика хилалахь, нахана кхерамаш ма тийсалнхц к1оршаме ма хилалахь, харц ма лелахь, дозаллаш ма делахь - x i.ii везийта а, ларийта а лаахь .

Кхерам туьйсуш ницкьаца стаг вацо ма г1орталахь - xi.y .

ницкь боцуш вуьсур ву хьо .

Массо а диканиг довза 1ама, дика мел дерг хьайн амалехь I нисдеш т1еэца .

Хьан коьртара куй боьжча, иза хьалаэца стаг карор ву хьунн ) Амма, хьо де эшна к1елвисча, rlo дан стаг карор вац .

Айхьа дийр ду аьлла т1елаьцна г!уллакх, стаг т!аьхьа п .

вазош делахь - тешам хир бу хьох .

11Ь м.I г1сдиллина г!уллакх дуьззина кхочушдан деза. Ш ена 1.......... 111 i.i I IyjuuiKX кхечунна т1едиллича, кхочуш даза дуьсур ду .

–  –  –

1 in и rai l, эрна хан ма яйъалахь. Хьайна хуучух пайдехь i и| ' пир/ми! болх белахь. Кхин дан х1ума доцуш хьо висчи, бераш ми mil I иокхаиуьнан терго яй а, 1аиаман тидам беш, х1уманан liH H I in,i мукъа ма 1елахь .

ii 1 ни по п лКий, ирс долуш хила лаьий шуна? Xlopa дийнахь •.......... '1.14,1, шешан дахаран хазна тоеш. Дахаран хазна ю i* t.... I hi 111 tap, хьекъал кхиар, говзалла 1амор .

–  –  –

И' нi.i к1оршаме ма хилалахь, сан доттаг1. Юоршаме хьо *.............ш огчам бовр бу хьох .

* Айхьа бохург наха къобал да дахь, хьуо бакь ву бохуш м !

къийсалахь .

Адамех къаста г1ерташ' ма хилалахь - цхьа вуьсур ву хьи I Цхьа висна стаг ирс дайна ву. Адамех д1аиэ г1ерташ хилала.и,] адамех д1аийна стаг ирс долуш ву .

Хьайн забаршца д1овше дерг ма ала. Д1овш лаьхьанехь тон. I

–  –  –

Стаг ша шен мах хадо бакъо йолуш вац. Халкъо хадор п « стеган мах цуьнан г1уллакхашка, г1иллакхашка, хьуьнарпн»* хьаьжжина .

Бакь стаг, дика къонаха кхоах-ахчанах эцалур вац. II, озабезам бакълуьйчуьнгахьа бийр бу .

Хийрачу нахаца зовкх ца хьега, шен нахаца къаьхьа бтш такха мегар ду .

Стаг цкъа а зуламе хила ца веза. Цуьнан 1алашо данмц!

машарехьа хила еза .

Стагана дуккха а х1ума довза а, хаа а деза. Амма шена xyyim дерг халкъана пайдехьа хьовзо хаа деза .

Адам цхьа а хьуьнар доцуш хьайба санна дажа кхоьллипи дац. Адамехь адамалла а, хьуьнар а хила деза .

–  –  –

Ахьа даггара деш доцчу г1уллакхана каер яц хьан. Хьайна afll деза г!уллакх т!е ма лацалахь, цул пайдехьниг кхин лахалахь .

I,у" мен гена валарх, хьайн декхар диц ма делахь. Дашна, |r t I i hi,ih чана г1алат ма валалахь. П иллакх долуш, оьзда .

ц I. - I. м.о ма-хиллара хетар ду хьо схьаваьлла къам а, хьан Ш |г • М мамаш а .

")

–  –  –

Цхьанне а хьуо ца веза алий, нахана бехк ма биллалахь. Xi.ti ца везарх нехан бехк бац, хьан хьайн бехк бу .

Айхьа дан йиш йолчу г1уллакхана нехан са ма гатде. Хьайн дан ницкь кхочуш долу г1уллакх, нахе орца а ца дохуш, айхьа де .

Хьуо нахаца цхьана кхеттачу меттехь хьайна там берг ма лехалахь, царна там берг делахь. Цкъа а к1ордор вац хьо .

Хьайна rlo хин долу меттиг ма лехалахь, сан доттаН .

хьайгара нахана rlo оьшу меттиг лахалахь, эшначу меттехь rlu делахь, нахана везар ву хьо .

Нахаца айхьа юьамел дечу хенахь, дош ойла еш алалахь Ахьа par! йоцуш аьллачу дашо стагана вас ян тарло, сонта аытлат, дашо ойла юхайоккхур ю, г1алата аьллачу дашо безам бойъур бу .

Хьайн дешан да хилла дош олуш хьо вацахь, хьан датах дош хеташ нах тешар бац .

Хьуо бакь ву моьттуш, билггал хьайна хууш доцург ми кьийсалахь - 1овдал хетар ву хьо .

Мел ледара делахь а, адамаш безамна хьакь ду. Адама m дезаш хилалахь, царна хьо а везар ву .

Шен г1уллакх хилча, шел воккхачуьнга схьакхайкха ца вез», ша цунна д1ат1еваха веза .

Сан доттаг!, нахана вониг олуш т1ахьашха ма делахь, Т1аьхьашха аьлларг мохо санна дададой д1атуху .

Сан доттаг1, дов даьллачу меттехь дов к1арг ден долу вон дош ма алалахь .

Деш долу хьехар д1а ца оьцуш, бохучуънга ла ца дуг1уш волчунна rlo дан оьшуш дац .

–  –  –

S ы.I......... кхеталуш воцург, г1ожца а кхеталур вац .

\ 11 I л чсллачу соьман хама беш воцчу доьзалхочуьнга шега щ I I и I viii даккхийталахь и сом .

–  –  –

............... I.пи йоцчу х1усаман имий, беркат д1адер ду. Йочанаш I ч il м.I iio буц ер яц, хьехарш дарх доцчунна хьекъал а рИИ V »нщ, |* in и I I.,шне ларо хууш воцчу стеган къайле хир яц. Цхьанне ц*нI п i|и •*I.ша ца хууш дуъсур дац .

М. I.i.i'iv \1уманан чам ца хууш верг чаьмзачух кхачам m i.ни lii (ца In .

| 1....... к чи iiпа стаг идарх к1елхьара вер вац .

–  –  –

......... hi пашала г!ерта ца веза, я ша к1езиг хетийта а ца веза Стагана хьехарш дан мегар ду. Амма цул хьекьал долуш хьуо ву аьлла хеташ х1умма а ма дийца .

Хьайца къамел деш волчуьнгара хьекъап а оьцуш дийца дгщ цунна пайдехь дерг .

Хьехамаш, цунна хууш дерг юх-юха дуьйцуш бан ца без!

хьехамаш цунна ца хууш дерг 1амош бан беза .

Хьайн дикане сатесна воцчунна дика дан ма г1ерталам., баркалла хир дац хьуна .

Пайдехь доцург муьлххачу а стагера схьалаца мегар дни Уыд схьалацахь г1алатвер ву хьо .

Стаг ша шен хестош велахь, иза хесто мах кхочуш вац. Сип ша шен мах хууш вацахь, иза 1овдал ву .

Стага ша шен лара веза, ша шен лара хууш иза вацахь, нахм i лорур вац .

–  –  –

Хьуо ледара хетийта ца лаахь, хьуо хастийчи а, хьуо non вийцачи а, цхьабосса хьайн дикачу амапехь хила. Хьуна жи| аьлларг довр ду, хьо хестош аьлларг дуьсар ду .

Сан доттаг1, хьаъа а дийцахь а, айхьа йоьхьарлаьцначу хьайн новкъа д1аг1олахь. Хьайн г1уллакхан да хьо хьуо хилалахь. Хьайн г1уллакх нехан кера д1а ма лолахь, хьуна эшам болуш бен доьрзур !

дац иза .

–  –  –

в........ ма-торру самукъане хилалахь - вахар ирсе хир ду II 1 ni д т rai l, айхьа ца дендерг, нахе де ма алалахь .

• м п I.ица къовсий цунна дуьхьал ма х1отталахь. Ледарчу

•I* гм ардалахь .

и | Imu некхалой самукъане хилалахь, сан доттаг1, нахана H in I in амал кхоллалур ю хьан г1иллакхехь .

t I'lii.ipiii яр адамийн самукьа даьндолчу aiiop хила деза .

............. мн. м азвоккхуш, иза сийсазвеш забарш яр - сонталла ю;

I in и Imapiii зуламе ю .

–  –  –

I! м на мае хинйолу, дагна 1еткъаш долу х1уманаш тергал ма |Й|к| |||пма догдика хир ву хьо. Хьайн догдика хиндолу х1умнаш til чаи ма самукъане хир ву хьо .

–  –  –

| mu oiuia боцчу метте ма кхийдалахь, хьайн г1уллакх......... ма хьежалахь, хьайн pari йоцург ма дийцалахь II till lip ну хьо .

lib па ч vym доцчунна ца хаьа алар сийлахь д у ца хууш дерг i h tHiipitn | н им па нсзахь, везийла хаийта мегар ду, цунах шена till........и амшии билгал а йохуш, цуьнан г1иллакх, оьздангалла tin.и 1 1 иа ' панда оьцур бу цунах дагавала луъчо .

Стагах шена ца тайна дерг цуьнга шега дийца деза, им г1алатонех ларор дуьхьа. Цунах ца тайнарг ахьа нахе дийцими, цунна вас хир ю .

Хьуо майра хила лууш велахь, нахана зулам ма делах* харцо ма елахь, тешнабехк ма белахь .

1овдалчу стагаца дов ма даккхалахь, сан доттаг1, я иза сап ил 1овдал хила дезар ду хьан, я къурд аьлла юхавала дезар ду .

Хьуо дикка ч1ог1а оьг1азвахначу хенахь оыТазаллица х1уммл а ма делахь. Оьг1азваханчу хенахь хьекьал доду .

Оьг1азваханчу хенахь собар лаха деза, ойла ян еза, дни дезачунна хьекьал кхача деза .

ОьгГазвахначохь тоьхнарг т1аьххьара а юха схьакхета тарло, Стаг шега нисса волчул эша ца веза, шел тоьлла волчуыпл нисвала веза, г1ийлачуьнга хьажа веза, дика къонах хила лаахь .

Сан доттаг1, хьуо оьг1азвахначу хенахь, багах дош алане, собар делахь, ойла елахь, хьайх дага валалахь, г1алатвер вац хьо .

Оьг1азвахначу хенахь айхьа дийриг хьекъале хоттуш делахь, оьг1азалле хоттуш ма делахь .

Дов даьлла къуьйсуш волчу шиннех хьекъал долуш Bcpi бехке ву .

Стагана хаа деза: къийсахь а, дов даьллехь а, и дов машар хилла дерза дезийла .

Стеган амалехь наха къобал дина диканиг, хьайна t o b i и дезаделларг схьаэцалахь. Стеган амалехь вончух, нахана а, хьайна л маьттаз хеттачух, боьхачу х!умнах санна, ларлолахь .

Майра хила лаахь - нахана цкъа а вон болх ма белахь .

Вахарехь стагана зеделларг дешарца 1амийнчул чТогТа ду .

........... иахар ду иза 1амийнарг. Вахар нуьцкъала онда х!ума Ин i|" I 1.1 миГшму стеган амал болат санна ч1ог1а хир ю .

' | (м \ках кхоьруш верг дуьненчохь цхьана а х1уманах I |' инк I 'м Iигпна сзаш, шена са лоьхуш верг атта гучавер ву .

\ I Mim,;ipa говзалла 1амаелахь, цунах пайдаэца хьажалахь .

–  –  –

Наха хьуна хьоьхуш долчул хьуна хьайна зеделларг пайдех!»

ДУАдам дуьненчохь мел долчу х1уманна олалла д е т ду Амма и олалла дан оынуш йолу корматалла, говзалла цуо мш 1амийнарг бен хуьлийла яц .

П алат ца волуш стаг хилла а вац, я хир а вац. Хьекъа i долуш волчу стага г1алат атта долуьйтур дац. Ш егара даьлла rlajiai нисдан хууш хилар - кхетам болуш хилар ду .

Нахана юкъа дукха лела стаг, дукха г1уллакхаш деш волу стаг г1алатвала тарло. Амма, вай олуш ма-хиллара, «зуьлехь id болехь а» воцу стаг г1алатвер вац. Цуьнан г1алатвала х1умма а дац .

Доккха г1алат зуламе ду. Палатваларх ларвала хаа деза .

Яьллачу ледарлонна гечдойла ю. Амма и ледарло хьулъяи г1ертарна гечдойла яц .

Хьайгара дийлла г1апаташ лачкьо ма г1орта, уъш нахана гуш хир ду. Хьайгара йийлла ледарлонаш хьулъян ма г1орта, уыи нахана гуш хир ю. Ахьа уьш хьул ца яро хьо царех ц1анвийр ну Хьулъян г1ортаро хьуна т1ехь юьтур ю .

Шен г1алатонна къера хилар - иман долуш хилар ду .

Палатваларх эхь дац, цунна къера а хилла юхаваьлчи Цахууш даьллачу гГалатна гечдойла ю .

Палатваьлча цунна къера а хила веза, и нисдан а хаа деза .

Нахера дийлла г1алаташ даздинна кхайкхош верг, шегара г1алат долуьйтуш хила ца веза .

Вай нехан г1алаташ кхайкхадо, амма уьш ган а гуш, цуна\ дага а довлуш вешан г1алаташ д1а ца доху .

Illi и Налаташ ган а ца гуш, нехан г1алаташ лехьор - эхье ду .

§«! • I h i,п.ни билгалдохуш велахь, шен г1алаташ д1адаха хууш И i t in ш

–  –  –

ill. н хпшахь г1апат нисдан хаар сийлахь ду. П алат нисдан I *Ф!|.......1алат нисдан аьтто боцчу воккхур ву .

И апург делла ахча схьадехар г1иллакхехь дац. Декхарна са f t............1адала дан а доцуш хила тарло иза. Т1аккха цунна бала i n I. - ivi.ni ара дехнй а д1адалар т1е а дужу .

–  –  –

ill, м нсдарлонна къера хиларо стагана шен бакъо д1акхехьа I Цинк it ми. пиара яьлла ледарло схьаолуш, хьуо нисвеш волчуьнца.................. Цунна баркалла олуш хилалахь, хьайгара цуо............. i t не;|,арло д1аяккха хууш хилалахь .

Si.,ни ара яьлла ледарло схьаолуш верг пайдехь вуйла *t........ и i.i схьа а ца олуш лечкьош волчул .

| ища йолу стеган гамо йовза хаа деза хьуна, х!умма а ийза н мм.......... къийсам латто а беза .

М. I I ьаьхьа делахь а, бакьдерг аларо, толам ца баккхахь а, Ии *u ni i.i пахьа .

–  –  –

Стаг хьекъална галваьлчи, иза чеха а ца веш, цунна вас a m еш, оьг1азло а йоцуш, даггара дикаболх лаар хоуьйтуш кхето веза .

Х1ума дукха дийца ца деза. Х1ума дукха дийцаро пайда пн бахьа. Х1ума дийцарал кхочушдар пайдехъ ду .

Яьллачу ледарлонна стаг бехказа вийла оынуш дац, ледарло гуш хилчи муххале а .

Стагана rlo, накъосталла эшначу меттехь ледарло еш вср| къонах вац .

Къинош летоза волчу ц1енчу стагана наб дика кхетар Ю Хьайна паргг1ат наб ян лаахь - хьанала ц1ена хилалахь .

Шегара яьллачу ледарлонна бехкала вахана, и сих, дег1а.\ кхеташ, дагна 1еткъаш воцу стаг ледарлонах ларлуш хир ву .

Шегара даьллачу вочу х1уманна, дохковалар бен, кхин дарба дац .

–  –  –

Бакъабелла хен ц1аро бен саттор бац. 1емина ваьлла ст a i коша бен нисвийр вац .

win ioi,хь хъаьдчи, когаш к1ел хи кхаьччи, вадалахь, ца Ь|М1 ммич'цчи..дистинчу хе хьур ву хьо .

–  –  –

Ni- оолчохь хьайгара далийта бехке хеташ долу х1ума хьуо Шt in I мп дллийталахь. Хьо хьуо волчохь ахьа долуьйтуш долу Mi.ii м.II нарвала г1ертарх, нах болчохь а дер ду хьоьгара .

–  –  –

Ша гайта г1ерташ волу стаг нехан даг т1ера вужу .

Ша шен хестош стага дукха мел дийци а, нах к1езиг теша и дуьйцучух .

Ша шех лаьцна дуьйцург нахана к1ордадо. Хьайх лаций надийцийта, айхьа ма дийца .

Деса дозалла а дан ца деза стага, сонта куралла а ян ца о 1И Куралла мостаг1чуьнца къевсинчохь шен Даймахках ян еза .

Хасто хьакь стаг хасторах цуьнан сий лакха дера дац, 1| хестош верг ледара хетар ву .

–  –  –

Болх а ца беш, даиманна сакъера лууш волу стаг хьуна ц, нахана а пайдехь хир вац .

Хьо таронах хоттавеллачу хенахь чукаре верг, хьо таро ини хаьдчи, хьох къаьхкаш хир ву .

Гуттар х1ума хьоьгара д1аезаш верг цкьа шегара схьа мй!

йихханехь хьоьца эг1ар ву .

Шен г1уллакх тоделча кураваьлла стаг нахал эшна ву .

Куралла ша нахал тоьлла хеташ, нахах ца вешаш кхоллаин Курачу стеган дог ялкхан т1е яьллачу н1аьнин санна хуьлу .

Хьайн сингаттам лаьттийла ца лаахь, нахаца хьаг1 м !

лелаелахь .

–  –  –

I' п т к1орнина цициго а ца бо хьехамаш. Хьайгара |#н и | ' »ищмупна хьехамаш ма белахь.Хьайн сингаттам лаьттийла ) |м............ачаца хьаг1 ма лелаелахь .

–  –  –

| hi к Ian г, заманца ма къийсалахь. Заманца кьийсинчо толам u i i. р ii.iii, Заманан хьелаш а, адамаш а довза 1амалахь. Амма m ни ч|.\ч ловза ма вайталахь. Зама айхьа ловзаелахь. Бонна т1е а Ы i n i s |. диканех д1а а ма хадалахь .

н

–  –  –

|ф|м (Ьнишучунна доьхна ду, веш т1е кхуьачунна кхоллалуш ду .

. i.i» кьоман куьзга ду, хьо шайна гуш ма-хиллара хетар ду Н е 11 \ма хьайгара г1иллакх гайтахь, кьам а г1иллакхехь хетар......... 1 1 1 1 1 а оьзда гича, кьам а оьзда хетар ду .

Мои лг!чуьнца а юкъарло дийцийта мегар дац хийрачу стаге .

!М ||,||н|о дуьйцуш волчуьнга шегахьа оьзна ала атта ду. Цо

• I I in I и льлларг к1оршаме дахьар ду. Юоршаме аларо машар бийр Инн М(н глг1чуьнга а харц лен мегар дац. Харц луьйш волчу м. голам хир бац .

•п .

| 1 лгаца 1оттаделла г1уллакх юьхьдуьхьал х1оьттина нисдан и ' | i\ l.niiiipcxba даьллачу г1уллакхана шегахьа толам леха ца беза .

Дуьне кхолламех дуьзна ду. Б1аьргашна гуш дерг доккха | н и м у. Дуьненан хазна къинхьегамца кхоьллина ю. 1аламан и «• пи о1аьргашна кхоьллина. Кьинхьегаман хазна вахарна г "I шипа .

–  –  –

Дахаран мах хадо хууш воцург дахарна хьакь вац .

Стаг дахарх д1ахадалур вац. Х1унда аьлча, шена гондахьар'ц хьелашца юкъарло кхоллало цуьнан, и юкъарло стаг дахмр д1ах1уттута ю .

Халкъан дуьхьа къахьегна волчуьнан г1уллакхаш цкъа а лийр дац .

Дуьненчохь массо а х1уманел хьомениг нана ю .

Вайн заманчохь турпалхо лара мегар ду т1ейог1учу хашш вахаран некь схьабоьллуш верг, карахь долчийл дикаха хьелпт кхуллуш верг .

–  –  –

Стеган дог диканах 1ебаш дац. И деттало даима синтгм байна .

Дог - онда х1ума ю. Кийрахь дог долу хьоза а хуьлу аьрзут кхача ойла йолуш .

Ойла карзахе яьлла, дагна сингаттам 1аьткъича, карош вс|н мерза доттаг! ву .

Мел хаза ду дуьне, мел ирсе ду вахар, нагахь санна халкыны г1уллакхаш дан хьуьнар долуш хьо велахь .

Стеган амалехь уггаре а диканиг довза хаар - стеган ирс ду .

–  –  –

И г. арап маршо хила хьакь ю оду маршонан дуьхьа xlopa........ I м.пнсаман т1амехь лаьтташ волчунна .

Папп дахар хьесапе ду. Амма цхьа а 1алашо йоцуш долу к I ip ini п к черчахь дуьсур ду, т1аьхьало йоцуш хедар а ду .

А м. дуьненчохь хан дукха яьккхинера аьлла дийр дац ахь МI ин 1унлакхийн хьесап .

I Ь горим цхьа оьзда г1иллакх ду: шен халкъана муьт1ахь волу lit..........на к1елвисна вац. Иза дуьненах д!ахадарх, исторехь вуьсуш /1ачарам чолхечу хьелашкахь халонаш, харцонаш эшийнарг • • пни ч\ п бакъо йолуш хир ву .

–  –  –

Мvi.не хаздинарг - малх бу. Буьйса хазйинарг - беттаса ду .

• им м.иипмарг - седарчий ду .

ни i.an дуьхьа къахьегначуьнан корта сий ца довш къежлур п ка хало йоцуш, цхьа зен доцуш, цхьа сингаттам боцуш н п и. i. инхар хир дац. Дуьне, дахар зезагийн урд дац .

hi Illt-iia оыиуш долчунна собар деш, еатухуш юха а ваьлла, и.и 1 1, IIиакхе хьожуш верг - дика к1ант ву. Нахана беш дика id" 1 1 иmiуш, дерриге а дика шена дезаш верг - вон к1ант ву .

............. пплахь даккхийра г1уллакхаш деш ваха веза дуьненчохь мм........ а л ша лийр воцуш санна .

|..ш п кьам дезахь, хьуо бахьана долуш хьайн къомах вон # hi и pi иаро деза .

Бакъдерг хаа а, хазаниг ган а, диканиг лаа а хьекьал долуш волчо дуург дуьне ду .

Стеган вахар даккхийчу ни1матех дуьзна хир ду, халкъмп ирса дуьхьа кьийсам латточийн могГара иза велахь. Амма шешы дика болх лоьхуш, ша вуьзча, кхачам беш иза велахь, цуо дуур| дуьне дац. Иза адамех хаьдда ву .

Юкьараллин хьелашкахь адамийн дуьхьа дина г1уллакхаш i доцуш, эрна зама яьккхинчуънан бехказа волийла дац .

Адамашлахь уггаре а диканиг - нахана г1уллакхаш динар!

ву. Иза наха лорур а ву, нахана везар а ву, цуьнан наха сий а димр ДУДуьне доккха ду. Вахаран хьелаш дукха ду. A x i.ii хаьржинарг хьан некь бу. Ахьа лехнарг хьуна карор ду. Амма хьапи дог мел лаьттачу дикане хьо кхачалур вац, хьо хьайн диканах 1сблр а вац .

Дуьне, вахар - иза г1ан дац. Цуьнан ни1маташ даккхийра ду Довза 1амалахь дуъненан ни1маташ, шуьйра халкьаш, ирслн некъаш .

Вахаран шен сецца хадийна мах бац, вахаран мах ахьа пи п пайдаэцаре хьаьжжина хир бу .

Дуъненчохь ахь йоккху йолчу хенан мах шерашца буьстипм хир бац, хьан г1уллакхашца буьстина хир бу .

XIopa минотехь бохург санна, шен вахар к1орггсрч\ хьелашца дузуш волчо шен хан йоцуш яхйо .

Массо а хенахь бакь а, хьанала а, ц1ена а, оьзда а хила всш стаг .

Уггаре а стагана кхерамехь дерг - дийна воллушсм .

беллачийн мог!аре нисвалар ду .

–  –  –

И,in кханенаш йохку дан дезачу г1уллакхашна, кханенашка i t i I т у, хин болчу дикачу балхана, амма зама д1айоьду, 1ожалла 1 1 |И 1 и |ц Ксрахь йолчу заманан хама а ца беш кханенашка са |1 и I I I м.псу?

I ша порт эцца йоьдуш ю. Заманца ца веънарг нахах хаьдда И " р ну .

–  –  –

Шмара даьллачу г1алатна дукха бехказвийла оьшуш дац .

IbM *- ч in мел вийли, бехк базлур бу хьуна .

Iи качу ц1арла хила г1ерташ лелош дерг эрна ду. Цунах Йи|м I м.! а чир дац, я нахатамаш а бийр бац .

–  –  –

In»чаи стаг кхето ма г1ерталахь, 1овдал стаг кхето г1ертар и a t |а м нили г1ертар санна ду .

и hiп к болуш, доьналла, къонахалла долуш волчу стага багах ' I'lillp '.шц .

–  –  –

Шена везаш волчу стагана ша дина г1уллакх дийцар осалалла ю. Дозаллиний, ц1арний динарг - г1уллакх дац .

Пуллакх ша динчо дуьйцуш товш дац. И г1уллакх шепа динчо дуьйцуш тов .

Баркалла ца хиндолчунна г1уллакх дарх а х1ума а дац. Амма цо дечу диканах ларвала мегар ду .

Стеган оьздангалла, г1иллакх дуккха а хьелашца кхоллалут ДУСтеган дикачу амалшца кхоллалуш ду хаза г1иллакх .

Стеган г1уллакхашца, г1иллакхашца хадабо вай цуьнан мах «Цуънан мах бан а бац» - ала йиш ю мехах вохка а, мехах эца и лур воцчу дикачу къонахчунна. «Цуьнан мах бац» - ала йиш ю п т кепек шех лур доцуш волчу ледарчу къонахчуна .

Наггахь 1отталуш долу б1аьрла г1уллакхаш шаьш нахана гайтархьама, ц1арна кхочушдо цхьаболчу «дикачу кьонахаша», Амма пайда боцчу кегийрчу г1уллакхашт1ехь гучу бовлу уьш .

Хьекъалш долчу наха хьекъалца, кхетам к1езиг болчу нах а шайна зеделлачух пайдаоьцуш до г1уллакхаш, г1иллакх доцуш ледарчу наха шаьш ца дичи ца довлуш дерг до .

Стеган дика а, вон а амалш цуьнан нахаца йолчу юкъаметтигах, дечу гГуллакхах, шуьнехь, некъехь, хабарх, боларх евзар ю .

Стеган оьздангалла цхьана хазчу духарх кхоллалуш яц, Оьздангалла стеган сица, дег1аца, олучу дашца, д1аловзучу когаца массо а ханна шеца хила езаш ю .

Юкьараллин хьелашкахь лела хаар даккхийчех лерипа дацахь а, амма ч1ог1а тидаме оьцуш а, нахана билгалдолуш а ду .

–  –  –

Дм канна г1уллакхаш деш хилалахь, сан к1ант. Диканна ден i 11V 11 м \,ии кхочушдан ницкь алсам бер бу хьан, майралла, мн| iih'ih.i c;i дер ду. Диканна динчу г1уллакхо юхьк1ай йийр ю .

Дли дезачу г1уллакхан айхьа ойла ца йинехь, иза кхочушдан [§И полахь, сан кЙнт. Дан дезачу г1уллакхан ойла йина, даго иза in Mi pi дииехь, ю х а ц а в о л у ш, доьналлица кхочуш делахь .

Чм.а д1а мел олу дош нахана хезаш хир ду, д1а мел боккху I I I ми хир бу. Хьан г1уллакхаш девзаш хир ду, хьан амалш Ц и I Iм ир ю. Виц ма лолахь, сан к1ант, уьш дустуш, наха хьан м »н Hillini мах хийцалур бац хьоьга .

–  –  –

Искан г1алаташ кхайкхо мегар дац. Иза нисван, г1алатонех Ни|м. и, i.iм., шега д1аалалахь. Нехан г1алаташ айхьа дуьйцачу » Мим,. i.лип ойла елахь .

–  –  –

. I.. и111а вижа дагадеъча, набарна б1аьрг д1а ма хьаббелахь, и- I I м..шха цу дийнахь айхьа динарг дага а лаций, иза дуста а IИ IIII! Ill'll, Шегара даьллачу г1алатех вогуш вацахь, стагера г1алаташ дуккха а дийр ду. Хьайна эхь хета долчу х1уманах ларлуш хилалахь .

–  –  –

Нахана мегаш дерг хьайна ма магийталахь, нагахь с а й т цунах жимма а маьттазло хьайна гуш елахь .

«Наха а дой иза» бохург ша церан гТалатчу новкьа вал арап билгало ю. Наха дечу вочу х1уманна т1е тан мегар дац .

Суо адам хиларан ойла йича, цунах хастам бо аса. Сайгнрп адамалла дожарна кхоьруш и лардо аса .

Стаг дуьненан меха ву. Х1унда аьлча, иза велча, цунна дуып духу. Стаг дуьненан меха ву, цуьнга ойла кхуьуш, хьекьал кхочуш, дуьненан ни1мат довза хууш иза велахь .

Адам - дуьне. Дуьне - адам. Мел жоьпаллечу хьелашкахь ду адам, нагахь цунна иза хаахь .

XIopa стаг нигат долуш хила веза Даймахкана, халкъаил пайдехьчу даржехь хила .

Стаг хилар - иза жоьпалле г1уллакх ду .

Даима шегахьа оьзна, нехан г1уллакх талхош стаг велахь, ича эшна ву .

Стаг вешшехь ца во ша хинволчу даржехь. Стаг кхуьу, цуьнан г1уллакхашка хьаьжжина кхочу иза сийлаллин дарже .

Стагана ша шен вевзича, шена хьакь долу хьелаш а девзар ду. Шена хьакь долчу хьелашкахь ша хьакь волчу дарже а кхочур ву .

Хьайн хьуьнарийн, корматаллин шеко кхуллуш волчу стага ч ларлолахь. Иза хьуна дикаболх лууш вац. Хьуна дикаболх лууш волчо и шеко кхуллур яц .

Удамаш довза хаар - йоккха корматалла ю. Адамаш девзаш in i. i,п адамашца юкъараллин г1уллакхаш д1акхехьа хууш хир ву .

Иахарехь стешхалла хила ца еза стагехь. Стешхачу стагана }№|ымащ дукха хир бу. Майрачу стагана кхерамаш хир бац. Цо |и1маш )шабо .

*• I чсчунна ирс лоьхуш ваьхна стаг массарел хаза а, ирс долуш м «hi сума .

\ i.aiiii амалехь нахана х1ун тов, х1ун ца тов хьожуш kii i i i.i11. Хьажалахь ^хьайгара дийллачу гГуллакхийн х1ун мах......... \ 1.о реза волуш долчу г1уллакхашна нах реза карор бац #Н н I \ i.an сакъераделлачу бахьанех нехан сакъераделла карор дац и 'Пи M.aiin ден сий ларделахь - сий долуш хир ву хьо. Хьайн ден ни I. in,|,о нацахь - хьан хьайн а сий хир дац, хаалахь .

• Iа г лар йоцуш ваха декхар дац дуьненчуьра д1а. Адамийн иК......шкахь, адамийн дегнашчохь лар йита декхар ду цо .

Шен къоман мотт ца безаш, цуьнан сий ца деш волу стаг iMi и hi I lynna шен къам ца дезар, ца ларар билгало ю иза .

–  –  –

' Iаг хьекьал долуш кхетаме а, г1иллакх долуш оьзда а, харц I м 1 1 ' ммцуш бакь а, хьаг1 йоцуш догдика а, к1оршаме воцуш к1едам, i а имартло йоцуш хьанала а, ц1армата воцуш комаьрша а, |...... па иоцуш къинхетаме а хила веза. Иштта хилчий бен ша стаг Ш мчи нак 1,о яц цуьнан .

M.aiin доттаг1 юххе волчу хенахь цунах arlo тоха 1ама .

II нагахь долчух кхеташ хила. Цуьнан б1аьргашчохь гойла • « м м I\ Ia Ia 1 1 дуьне, безам, воккхавер, кьа-бала, сингаттам .

-i Мора стаг чолхе коьчал ю, ле!а воьлчи ле1а а лур йоцуш, |м I гра хьесап дан воьлчи, хьесап дина а вер воцуш .

Стаг вовза атта дац. Цуьнан дика амалш гучуйовлачн къайлехь хила тарло. Ткъа вочу стага шен вон амалш т1ехула цхьацца суьрташ а х1иттош, хьуламехь латто тарло .

Стаг дика ву бохуш кхайкхорах вевзар вац. Цуьнан дикаллл цо дечу г1уллакхашка хьаьжчи гуш хир ю .

Стаг вовза лаахь, цуьнан ойланийн к1оргенашка кхиа веза Цуьнан дагара хаа деза .

Сибатех вовзалур вац стаг. И вовза цуьнца бехха некь баи беза. Дуккха а г1уллакхаш 1иттадала деза, халонан киртиг лан еза .

кхераман гечо зен деза .

Стаг вовза лаахь - иза везалой хьажа веза. Стаг везчи бон вевзар вац .

Кхечу стеган нийсонца кхел ялур яц, ша шен вевзина шеи хьал хууш воцчу стаге .

Муьлххачу а халачу миноташкахь, муьлххачу а яккхийрчу халонашкахь адамийн дуьхьа кийрахь детталуш, царна парг1ато лоьхуш ша латточу къийсамехь, назма олуш хир ду дикачу къонахчуьн дог .

Суо адам хиларх воккхавеш даима хастам беш ву со. Цу езчу ц1арах, сийлаллин даржах вохарна кхоьруш, даима, массо а хенах! .

ларлуш ву со .

Мел сийлахь дарж ду - стаг хилар. Стаг вацахь, кхин долчу даржех я чинах стеган сий кхоллалур дац. Хьаькамалла а д1адер ду .

Чин а дужур ду, даржах а вухур ву, цаьрца ц1е а южур ю .

Стаг дуьне деса ца дита, эрна хан яккха кхоьллина еса коьчал яц. Стагана т1едехкина, т1ехь лаьтташ даккхийра декхарш ду. Уьш кхочушдан хьуьнар дацахь, цо йоккхуш ерг эрна хан ю .

Аса сайн дахарехь жовх1арал а еза хеташ ларош ерг дикачу адамашца йолу марзо ю .

–  –  –

Ч1.0 хьуо висинчохь, уггаре а бехкечу нахах санна, айхьа *I......... хеташ хилалахь, оьзда доцург хьайгара ца далийта .

• 'гаг ша висар - йоккха къоьлла ю. Цхьана 1алашоне,..in I киши дарже кхача лууш иза велахь, шен дог лаха, дог хьаста, Ци1 inт а пакъост оьшу цунна .

II п ахь хьайна наха новкъарло йо аьлла хетахь, дуьненчохь И.......... а дац. Наха хьайна новкъарло йо аьлла хеташ, хьо |Н и |1ахадахь, иза валарал а оьшуш ду .

Нахера накъосталла доцуш, шен диканах к1елхьара вер ву M II hi иолу стаг гГалатваьлла. Ша воцуш нах мегар бац аьлла in I | щн иону стаг цулла а т1ех г1алатваьлла .

Массеран а дуьхьа кийрахь дог детталуш верг - сийлахь стаг Маесарна а бохам хиллачу миноташкахь стаг шен ойла еш B in I ша цу мехкан хийра стаг ву .

Xьуьиар, доьналла, стогалла, майралла, турпалалла дашца |й1..... yin дац, дечу г1уллакхашца бен .

гаг шен хьекъалх пайда эца, пайда бала хууш хила веза .

I.. ап \ пекъал г1уллакх деш, пайда луш дацахь, деса ду .

Чаи зама, къинхьегам, болх бан хаар, говзалла, дег1ан ницкь,...........шла, лела хаар, хьанал хилар, хьекъал, хьуьнар - стеган хьал

–  –  –

Чалкъана бала боьссинчохь, цу балин дакъа кхаьчначуьнга #ii i.nna маршо яьлча, маршонан дакъа а кхочур ду. Халкь ii |. и I п рап ловзаргахь, цуьнан вела а, самукъадала а бакъо ю .

–  –  –

Цхьана а стагах ца вешаш верг - цхьанне а ца везаш волчу и декъаза ву .

Сийлахь адамаш довза хаар - стеган йоккха корматалла m Сийлахь адамаш девзаш а, уыи дезаш а иза велахь - церан даржам, хир ву .

Стаг хасто хаа деза хасто хьакь долчу куьцашца. Иза хьох тешар ву. Цунна хьо везар ву, ахьа иза къасто декхар долчу меттем .

хастийча .

Стагана вон болх лаар, хьаг1 хилар - догъ1аьржа хилар ду Догъ1аьржачу стеган цкъа а дог дика хир дац, я дагна синтем а хир бац .

Стаг хастор а, хьастар а зенехь дац. Ша хьаьстича стага кхерамца т1ета1ийча ца дендерг до .

Стеган сий дайа гХортар - йоккха ледарло ю. Ша лакхара а хеташ, нах шел лахара хеташ стаг велахь, иза нахал оьшуш хиларап билгало ю. Нехан сий дайа г1ерташ волу стаг ша сий дайна вуьсур ву .

Адамаш стиглара охьадиссина маликаш а дац, я баца т1г дажа лаьхкина хьайбанаш а дац. Адамаш - адамаш ду - вовшинп лара а, деза а, дарже кхача а бакъо йолуш .

Нехан синтем а бойъуш, нехан са а гатдеш, синкъерам а бохош, ахьа дечу г!уллакхан ши кепек мах бац .

Адамаш деза кхоьллина стаг. Адамаш дезаш иза вацахь, адамех хаьдда вуьсур ву. Адамех хаьдда виснарг дийна велахь а, беллачийн новкъа ву .

Стагехь йолчу дикалле хьаьжжина бу цуьнан мах. Стаг ша вазвала г!ертарх - зазлур вац. Вазвала а ца г!ерташ, нах безаш, нехан г1уллакх деш иза велахь, наха шаыд вазвийр ву иза .

–  –  –

| Ни хьекьал долуш, дика ша хиларе хьаьжжина евза цунна (« шин нмалш, го церан дикалла .

I « Iаг дика а, нахана везаш а велахь, ирс долуш ву. Бакь ду,

• mi пи л л, пахана везаш а хиларх ирс долуш а ца хуыгу .

К loprrepa ойла йолуш, кьинхетаме дог долуш стаг вацахь, ||ц мы пайдехь хир вац .

Дикачу стага шена некь боккху, мокхазан лаьмнаш а хедош .

Адамашна дика дан ницкь кхочуш мел ву стагана нахах III I hi uipiia кхерам бац .

11лхапа дика болх беш волчо и дика болх ша шена бо, хГунда и i.i цикл дуьхьал дика доцуш дуьсур дац .

лпкьана г!уллакх деш хьо велахь, цунах хьо воккхавийр ву .

I Г 11 ч,у iл дозалла дан йиш йолуш сийлаллин дарж лур ду .

* Ам.а кхечунна иза воккхавевеш дина г1уллакх мекха йиьна Н \ |, | 1дац. Иза т1аьхь-т!аьхьа лепаш серладийр ду .

–  –  –

I laxana дика белхаш беш вацахь а, стаг дика ву ала мегар ду, ||.м I I. глина нахана вон болх беш зуламе иза вацахь .

Дика г!уллакх цхьа хало йоцуш далур дац. Атта и гГуллакх пи I' lima, цунах воьлла хьо велахь, и хала а дийр дац .

–  –  –

Ша дика ву моттийта г1ерташ, моттарг1анаш лелор - ими хиларал а оьшуш ду .

Дикаболх бан дага а лоьцуш, амма бина ца волуш волчушы нахана дикабелхаш бан хан тоьар яц, я дикаболх бан ка а ер яц .

Говрахь воьдучунна г1аш воьдург дагахь ца воллу .

Ши ваша хиларх, Гумаран шен некъ бу. Гелии шен некъ бу .

Массара а бехке вичи а, 1овдалчу стагана ша бехке ца хета .

Хьекъал доцчу стага бен хьехамаш, ги боьллина мохь саши лан хала бу .

Сахьийзар - докъазалла ю. Вон, ди'кан довзар къийсамех!

аьтто беш ду .

Щергахь сиха ц1ийлун сараг бахчийча, атта кагло. ЦГий ил луш ц1е л айна болат дахчийча, каг ца луш ч1аг1ло .

Харцонца дов даккха кийчча верг, дов даьлча доьналжл вуху. Дов даьлча эшна юха ца ваьнверг девнах а, харцонах л кхоьру .

Нехан хьакь даарх ца 1ебаш волу ямарта стаг цкьа зилах, болах хедар ву .

Вон, дикан ша лехнарг кхочу, сардам а боьллинчух боьду .

Стагана кьанвелла к1елвиссалц цкьа а ша лийр вац моьтту Шен диканах гЬийла нах мел хьоьгу, нехан диканах ша хьоьгур кап моьтту .

Доттаг1ех, безачех хадарал стаге дан доккха вон дац .

–  –  –

Адамашна г1ело яр дицделла дуьсур дац. Ш а нахана дина....... кхерча дог1ур ду .

I lex дукха мийларо хьекъалах талхаво. О йла сонта хиларо | н|чниха хадаво .

Нлхарехь коьртаниг - сий хилар ду. Валарал а оьшуш дерг Hill мнил нисар ду .

11лхана г1уллакхаш дукха дарх массарна а товш хир дац .

Млхарехь цкъа шад хила тарло, куъг говза хиларх басталур •......in Ца моьттург цкъа хила тарло, д1адерзо хьан аьтто боцуш .

Дерриге а шен амалехь диканиг долуш стаг хилча, стигалан 1 иии к хилла т1емашца г1оттур вара .

( елхана хилла дерг генахь ду, кхин юхадог1ур дац иза .

| и |рл х нндерг гергахь ду. Цкъа т1екхочур ду иза .

( ’тагана ш а вевзар ву шен декхар кхочушдан ницкь кхачарх, |.| мплрх .

–  –  –

JI ело хаахь, йоккха бакъо ю хьан, юьхь1аьржо, эхь-бехк к и п уч. кхечу цхьана а х1умнах ца кхерар .

I Ил ш ена т1ехь куьйгалла дар - доккха хьуьнар ду. И за ду ни.шла ларъяр, вахаран нийсачу некъе х1оттар, говзалла, hi »1н иник.чаш 1амор, г1алатонех ларвалар, ш ена хьакь доллу декхар

1 1 41.ip, уьш кхочушдар .

.

Ноккха хилча шен лаамана, кхетамна урхалла дан лаахь, *н hi йолуш дуьйна 1амош шардан деза кхетаман, кхиаман хьелаш .

Хуучух дагавала - кхетам лур бу хьуна, кхетамца д1авахл некь гур бу хьуна .

Н аха бохург нийса делахь а, и ца деш шена хетачунна, мы бохучунна т1ег1ертар г1иллакх цахилар, кхетам цахилар ду .

Хьайн берриге а ницкь ца кхоош, цхьа башха оьздачу с т а ли амалехь кхиаре лерина, массо а денна, массо а ханна кьахьоы уш хьо велахь, ирс долуш, оьзда стаг хир ву хьох .

Х алкъехь берг - боккха ницкь бу. Д ахарехь мел оьшуш дс| ч хила тарлуш дерг, хьекъален к1оргенашца халкъо кхуллуш i\ О ццу хьелаш на ю ьстах верг - нехан ц1ийх, хьацарх вехаш ву .

Х ала кара деъна х!ума механа дайн делахь а хама беш лардо А мма атта кара деъна х1ума механа деза делахъ а, хама ца б е т х1аллакдо .

Деш х!ума доцуш цхьа де а эрна даккхар - докха зен ду X Iopa дийнахь вахаран хьелаш кахь сийлахь долчех хаьржипл г!уллакх деш хила веза стаг .

Хьуна везаш волу стаг амалш тайна ву. Цуьнан амалехь диканиг хьуна дезаделлехь - хьо дикчу амалехь ву. Цунна хьо л везалур ву .

И ллин я эш аран мукъамо стеган ойла самайоккху, д е т и пхенаш достий, царех пондаран мерз бо .

Забарш еш верг ша аьллачух воьлуш хилча, ладуг1ут волчуьнан баш ха велавала дог а ца дог1у .

Ямартчу наха шайл 1овдалнаш 1ехабо. Х ьекьал долуш вол\ стаг 1ехалур вац ямартчу стаге, цундела иза, ша гучу ца валархьамл, цунах ларло .

Къуш а х1ума лачкъош къола до. Иза къайлах деш зен ду, Кхетам боцуш волчу стага хабар д1а ца хадош, хьо дечу г1уллакх;|\ ю къах а воккхий, йойъу хан даррехь деш долу зен ду .

–  –  –

I Иен тайпанах дозалла деш хьалхавала г!ерташ волу стаг ни \ дозалла дан меттиг боцуш т!аьхьависна хиларан билгало ю .

IИегара даьллачу г1алато ницкь бо стагана, иза лан а хала ду .

Стеган боккха кхетам хилар ду - д1ах1оьттинчу хьелаш ка 1 11V 1уш, ойла еш, церан мах хадо хууш хилар .

i Нахаца хьаг1 йоцуш, догдика, шен даг чуьра серло йогуш n ut веза стаг .

Шен г1уллакх тоделча кураваьлла стаг - нахал эш на ву .

II 1а даржана лакхара хеташ нахах д1акъесташ волу стаг Иицппара б1аь1ашка дахна вир ду .

Дикачу къонахаш а хастор - доккха совг1ат ду. Дикачу '....... хастош верг хасто хьакь хилар билгало ю .

С'тагана ша шена вевзар ву, шена дуьне а, адам а довзаре цьньжчи .

Хьуна хууш доцург б1аьрзе ду, хьо цуьнца вац .

Шсца цхьа а тайпа забар йоцуш волу стаг 1овдал хиларан 1МИН НПО 10 .

Хьан долахь хилларг - хьан долара д1адер ду. А хьа нахана и inapi кхана юха хир ду .

Дуьненчохь уггаре а декъаза стаг - шена пайдехь долу ih Iпа к х дан ца хуург ву .

Хьанала, ц1ена стаг цкъа а нахах, я нехан дикнах хьоьгур мин Шеи долчух кхачам бинарг - синтем болуш вехар ву. Шен пичул кхачам ца беш нехан дикане сатуьйсуш верг - къен ву .

11схан дикнах хьегар - лазар ду, нехан дикнах воккхавер la I ду .

ми Сирла хьекьал, ц1ена дог, сема ойла. И зза совг1аташ шсин делла волу стаг г1иллакх, оьздангалла т1ехилча, сийлахьчу даржехь ву .

Хьанала, догц1ена хилар къайле йоцуш ду нахаца йолчу ю къаметтигца. А мма деган 1аьржо, ямартло, хьаг1 - къут1а санмп нахах лачкъийна лело езаш ю .

П иллакх долуш волчу оьздачу стагана иэхье дерг стагерл даьлча и хьахо а, дийца а луур дац .

Ш ен дагахь дерг, шена ала луург стаге ала даиманна кийччл хила веза. Хьо ийза а ца луш, бакъдерг ю ьхь-дуъхьал д1аолут хилахь, ямарта стаг хьох ийзалуш, лечкъаш, хьох уьдуш хир ву .

Кхетам болуш волчу хьаналчу, цГенчу стагана мел ч1ог1л х1илла долуш волчо къайлахь лело ямартлонаш куьзганахь санна гуш хир ю .

Х1уманах кхоам бар - ц!арматалла яц, г1иллакх ду. Х1уманах кхоам беш волчу стеган беркат хир ду .

Ялта кога к1ел хьоынуш верг - лаьттан мостаг1 ву, М ацвеллачунна ялта деза. Вуьзначунна - бахам беза. Вахаро 1амаво ш а вахар 1амош-верг. Вахар - иза къийсам бу. К ъийсам - иза вахар ДУМ огаш алла - хазна ю. П иллакх - деган куьзга ду. Дег1аи ницкь - хьуьнаран г1ирс бу, безам - деган совг1ат ду .

Вахар - вахар ду. Вон а, дика а лан дезар ду. А мма хал о хиларх, 1азапо лацарх сагатдан мегар дац .

Х1уманан тидам болуш верг атта виц а лур вац, атта гал и вера вац .

Х1уманан тидам боцуш волчунна шен тидам ца хилла, х1ума дагадог!ур дац, я девзар а дац .

| и ха вахнарг динара воьжна. М еллаш а вахнарг ш а кхача мчу mi l ie д1акхаьчна .

Шеи синна парг1ато а йоцуш, даиманна бахамана воцуш |Н м iii 1оидал ву .

'.I помех кхоьруш верг даиманна шен бала балхош хир ву .

(Ними \ кхоьруш воцчо цкъа а шен бала балхор бац, я тиэкъамаш а ||М1||Ппц .

–  –  –

Махана хьехарш дан бакъо ю и хьехарш деш волу стаг ш а я I им.1, ларт1ехь а велахь .

\ кохамаш беш верг шега ладугГуш берш даггара лоруш, уьш мп пацахь, цара ш айна беш болу хьехам д1алоцур бац .

||1 Дошан, 1аман лууш воцчух кхетта ваьлла стаг ца хуьлу .

Школехь дешар, цигахь лун кхетам кхачо ю моьттахь - и I 1.1 1 1 ( л а г кхетош, 1амош дерг дерриге а дахар ду. Дуьне а, I I ю т а, хаа деза стагана .

«' Iа г кхетор, кхиор ш ина декъехь ду. Х ьалхарчу декъехь дас, моьзалехь кхиаво иза. Шозлаг1чу декъехь, стаг ш а кхета веза .

I«| м in,) лаха беза шен вахаран некь .

Iшаман, 1илманан к1оргенашка кхиа аьтто луш берг - шен п т.......lopa корта бу. Амма корта буьйдачу г1абакхах я яьссачу........... | ' юра белахь, 1илманан к!оргенаш ка кхачалур вац .

а 1 1сдаххана къахьега лууш а, цуьнца марзо йолуш а ним h i | гаг сийлаллин даржехь хуьлийла яц .

• м.оиехка бахара» бохург бакъдина схьалаца мегар дац .

1 |м мина хезнарг, б!аьргаш на гинарг бен бакь дан а мегар дац .

СТЕГАН КХЕ Р Ч-ХГУСА М, ДОЬЗАЛ

Доьзал - стеган т1аьхье ю. Дуьненчохь цо юьтург iitfl вахаран лар ю .

Цхьаь ш енна вахар - йоккха къоьлла ю. Стаг доьааин»

дуьхьа а ваха веза, халкъан дуьхьа а ваха веза .

Ш ен чохь, шен кхерчахь ирс кхолладелла стаг гуттарепии I ирс долуш ву .

Стаг ш а воккха 1илманча, говзанча хила тарло. А м ш доьзалехь бераш кхетош -кхиорал йоккха говзалла оьшуш х1ума шнй цхьа а .

Ш ен кхерчахь дуьйна 1амо деза стага г1иллакх, 1алапгьяи ш оьздангалла .

Берийн боккха безам кхолла беза вайн Даймахке, хал к и Даймахках, халкъах дозалла дан йиш хирриг Даймохк б о т а п, халкь довза а деза. Даймахкана, халкьана хьалха ш а декхарийлам .

верг деш а, дан хууш а хила веза .

Деш и санна ц1ена хила веза стаг, ш егара оьздангалла лар .

лууш иза велахь. Деш и нехаш лахь, ц1унашкахь 1илларх бех ца ни Цо санна маьттазло, дастамалла т1е ца оьцуш, ларо деза стага ии и сий, иш тта 1амо деза бер а .

Д ика кхетош кхиийна бераш - ден, ненан ирс ду. Ниц кхиийначу доьзало дай, наний делхор ду. Вон кхиийна доь ш .

дений, нанний кийча юьхь1аьржо ю .

Доьзалан урх тесна йита мегар дац, урх тесна йитча - 1ама и бекъа юьстахйоду .

Бер кхетош -кхиор коьртачу декьана ненан карахь ду .

–  –  –

U'paui кхетош -кхио дегахь ерг йоккха таро а, йоккха бакъо а Шеи бералла дагайог!уш воцчу дех хьехархо хир вац .

In-pain кегийра долуш дуъйна кхетош -кхиийча, стоьмийн

•и г mi на беркате хир ду. Стоьмийн дитт а кхиало синтаран гуо | | | hi mi тухуш, сов марг1ал хадош, дакъаделла га д1адоккхуш .

Iiopan амалехь гучудуъйлу дика мел дерг схьаоьцуш ларо Hi in мел дерг довзуьйтуш д!атаса деза. Т1аьхь-т1аьхьхьа i-1 -.pm цуьнан амал. ' In paiu нах лара а, нах беза а гЪиллакхаш долуш 1амо деза .

Шиши, х1иллий, мекарлонаш, харцонаш, ямартлонаш 1аморах Ц|| |.niпа ларо деза шен бер .

М къиза хила ца веза берашца. Къинхетаме хила веза иза .

а Мма мша хила а мегар дац - дан т1едиллинчу г1уллакхний, |Mi..... м.алха х1иттинчу декхарш ний болат санна ч1ог1а хила Мае до1зална даиманна пайдехь дерг 1амо деза. П айдехь дерг ||1 I ! 1мо дас мало яхь, пайдехь доцург 1амо доьзалан ка ер ю .

I" рлшна харцо ян мегар дац цкъа а. Ц аьрга бакъдерг дийца mil мп т1слаьцна г1уллакх дан а деза дас .

1.-р л а р а р, цуьнан хама бар, цо динчу гГуллакхах воккхавер Iм 1111 • а дас берана лун совг1аташ ду. Оцу совг!аташ а берана U I • и ч аап дог доуъйту шен г1уллакх дикачу амалах тешадо .

•I..... I hi ип-конаш дГайоху .

1На 1ашахарх не1алт ала а, сардам болла а мегар дац .

| а апхочун ледарлонаш кхайкхо а, т1ехъетта а ца еза. И \ (tji.... ми д1айохуш некь хьеха беза .

I.i.рапа хь хетар долуш, иза юьхьГаьржа х!уттур долуш I м ||и шчкьо деза. Т1аккхахула цунах иза лардала хаийта деза .

Ца хууш беро динчунна гечдан деза. Доьзалехь дас-иант берийн терго яр нийсонца, хила деза. Доьлхуш долу бер чехо мп пр дац. Иза 1иэхало долу х1ума лаха деза .

М охнаш а кхоьхьуш, шена хуьуш ехь вон лелаш до ичу берана доьхка дика ду .

Къаьркъа маларх, цигаьрка озарх ларо веза шен доьзал.М!

Цуьнца йолу маьттазло юьйцуш а, гойтуш а .

Бераш м укьа а лоьлуъйтуш, царна хьалхара ш а воцуш шшу да 1овдал ву .

Ш а д1а а хьоьхуш, берашка дайта деза ц1енна г1уллакх .

Бераш даим анна шайн лаамехь дита мегар дац. X 1 « дийнахь бохург санна, ц1ахь, чохь, ц1ент1ехь церан дан шши кхочуш доллу г1уллакхаш дайта деза .

Д иг а, херх а, ж1ов а, морзах а, м уьлхха а г1ирс лелош (lopij йина коьчал, дина г1уллакх, аьрхалла ларе, девне ма даккха. I (.упиД дов а ца деш, цо дика динарг хастаде, г1алата динарг нисдан 1ама и Говре озалурриг буьллу вордан т1е мохь. Беран xcm d цуьнан могаш аллига а хьаьжжина дайта деза чохь, Kcpi.i i г1уллакх. М егар дац дег1ана, могаш аллина зуламе дерг дайта .

Сов мохь лелош хеназа яцийна бекъа дег1ан кепах юм хьалхе къанло .

Бер хьостуш, 1ехош, тешош марзо луш 1амийнарг тГаьхышш йолуш хир ду. Иза беран амалах дуьйр ду .

Бер хьоьстуш дайтина г1уллакх сийлахь ду: г1уллакх ларлр цуьнан хама бар, динчу г1уллакхах бер ш а доккхадер, Tlcimu'iy ханна шеко йоцуш хир ду .

Ш ена ца хууш дерг хатта а, хууш долчух пайдаэца a In ми деза бер. Беран самукъа ца долуш, цунна ца лууш дерг нуьц кт.м .

–  –  –

Ьсрашна т1ечехаш дайта ца деза г1уллакх. Ц арна д1а а цi.i (i.xyin, марзонца дайта деза. Ц ара дина г1уллакх гуш хила деза,.......у 1 1уллакхан пусар дан деза .

Хьалххе дуьйна гучуюьйлу беран корматаллаш. Оцу I ирматаллих пайда эца а, говзалла 1амо а берана некь хьеха беза .

Корматалла йолуш, шен корматалла гучуяккха аьтто боцуш ии'Iin бер и корматалла яйна дуьсар ду .

Шен ш овкь йоцчу говзаллина бер т1ег1ерто оьшуш дац. Ш ен пI• I йолчу говзалле кхачийта 1алашо x Io tto еза цунна хьалха .

11к 1inv 1алашонехь, ц1а дан вовш ахтуху г1ирс санна, зуьйш-1амош | прпдсрзо деза оццу говзаллин хьаш таш .

Ьер бага гаьллаш а йоьхкина ю хауьйзу говр санна, сецо мшиуш дац. Бер идарх, ловзарх х1умма а новкъа дац. ДегГан ницкь | мншпар, дег1 даккхар цуьнца ду. А мма вониг 1аморах бер ц1арах

• ниш ларо деза .

1ер аьрха хиларх, «харцахьа» ду бохуш чехон, ницкь бан ца

•нппу. Зуламе хир ву аьлла цу т1е дига мегар дац иза. Цуьнгара I I импхалла, доьналла, догдика хилар т1аьхьа гучудер ду. Х алкъана, ms капа оьшуш пайдехь стаг хила а мега иза .

Тап-аьлла тийна, дукха эсала бер цхьа а хьуьнар доцуш s ьпппкхуьу. Хьуьнар доцчу стагах къонах ца хуьлу .

Ьерийн ловзар - уьш кхиоран хьаш т ду. Чехка вадарех, лекха | мн саваларх, охьатухарех латар, иш тта дуккха а кхин тайпа мшпарш бераш кхетамца, хьуьнарца кхиарна пайдехь ду .

1ерийн ловзаро х!уманан тидам хилар, говзалла, ойла, м.г к ьал, х!ума довза хаар совдоккху .

Воккхачунах 1емаш т1аьхьах1оьттина бер, ондадаьлча, ша шен гГуллакх дан хууш хир ду .

Воккхачунах 1емаш т1аьхьах1оьттина бер дений, наннип накъосталла дан хууш хир ду .

Дуьненан хазнех, исбаьхьаллех пайда а, марзо а эца 1амо деза бер. 1аламан куьцаш, исбаьхьа аьзнаш, тийна къайленаш 1амор дуьне довзарх, дезарх дозуш ду .

Туьйранаш, дагалецамаш, инзаре, тамаш ена хилладерш бераш на хазаро, хааро цаьрга ойла йойтур ю. Х арцонна, халонна, кхерамна дуъхьал х1отта а 1амор ду бераш .

ХГума довза а, кхиа а лууш беро хоьттуш долчунна нийсса жоп луш иза цунах кхето деза .

Берийн лаам бевзаш, церан дог-ойла хууш дан деза царна т1ехь куьйгалла .

Ницкъаца, бертаза берана т1ете1ош 1амийнарг т1аьхьало йоцуш хир ду .

Бер кхерош, кхерамца кхио мегар дац дас-нанас. Дех, ненах кхоьруш долу бер, ш егара ца хууш даьллачунна а дов дарна кхоьруш, аылпаш ботта 1емар ду .

Кхоьруш, кхерамна к1ел кхиъна бер даиманна шен стеш халлин йийсарехь дуьсур ду. Ондаваьлчи и тайпа кхиъна доьзалхо, харцо ян а, теш набехк бан а хууш, ямарта хир ву .

Бераш на дукха къиза, дукха буьрса низам x I o t t o г1ерташ дас латточу таХзаро бер акхадоккхур ду, юккъе херо тосур ю .

–  –  –

I I ним, чехош бер ш а 1амор ду моьттуш верг г1алат ву. Ш ена рп пи iii-pr, ша чехош верг, милла а велахь а, берана везар вац .

1' иаш, чехош, г1ело еш, халачу хьелаш кахь кхуьуш долчу ht| ". I ша байлахь хетар ду. Дуьненан еинкъерам байна г!айг1ане lip H N V 111 .

I I.i хууш беро дунчунна гечдан деза. Ца хууш даьлла г1алат м |м м 1 I к'хдетта оыиуш дац .

I.i-рашца къиза хила а мегар дац. А мма массо а х1ума царна Uni, I ni уш, хецца дита а мегар дац .

Мае, панас ш айн г1алаташ а ца гуш, бераш кхето гТертаро И' lit т рап дог кхардадо .

\ i.cxap деш кхето хала ду бер. Ц унна деш долу гГуллаккхаш, в и н 11и 11накхаш гайта деза .

111а дсзаш верг веза берана дукха. Безамца кхио деза бер .

In I I ша кхиийна доьзалхо атта ц1енна хера вер вац .

Мои доьзал кхиъна да доьзалах воккхавийр вац. Бераш ка и.г, I мшхетам ю ха а ца болуш, цара догдика а ца деш сингаттам Hal 1 1 иц бу цунна .

1граш дений, наннийчул ш айна дика хаьа моьттуш хилахь, н пн.шап барт хир бац .

До гий, неней ладуг1уш, царна муьт1ахь долчу бераш кахь ерг Нн| I I парг1ато ю .

Дсгий, неней ла ца дуг1ущ, цара бохург ца деш долчу и, ни ка хь дерг доккха 1азап ду. Ц къа а даккхийдийр дац уьш .

Дагца йолу ненан йовхо д1ахаьдда стаг кхерч ш ийла хеташ хир ву. 1алам хаздийриг маьлхан серло ю, дог хьостуш ерг нспап марзо ю .

Хьайн деций, ненаций хьо ма-хиллара хир ду хьан бераш хьоьца а .

Ненаца вон хиллачу к1ентан сий хир дац. Н анна хьакь волу к1ант ненаца вон хир вац .

Хьайн бераш хьайца хуьлийла ма-лаъара, дика хила x i.ii хьайн деций, ненаций. Ц аьрца хьо вон хилахь, хьайн бераш хьаГпм вон хилча, цец ма валалахь .

Бертахьчу доьзалан беркат алсамдер ду. Барт боцчу доьзалаи има а, беркат а додур ду, ирс довр ду .

Доьзалан барт бан лаахь, нанас бер човхийча, берехьа rlo ми даха. Дас бер човхийча, нана юкъа а ма лелха .

Ш ен майрачун зудчо сий ца дича, бераш а а дийр дац цуьнан сий. Бераш дена муьт1ахь ца хиларна нана бехке лору .

Дикачу зудчо дена муьт1ахь хуьлуьйтур бу доьзал. Дегара яьлла ледарло берех лачкъо хаа деза зудчунна. Ден дика амашн нанас йовзийта еза ш ен берашна .

Ден дозалла дан йиш йолчу хьелаш кахь кхетош -кхио деш нанас шен бераш. Ш ех дозалла дан хьакь долчу даржехь хила веш доьзалан да .

Бахьана доцуш, эрна чехо мегар дац бераш: хера довларип кхерам бу уып .

Дений, нанний муьт1ахь болчу доьзалан сий хир ду .

П иллакх хьехарш дарх 1емар дац берашна, дас шегара цп гайтича .

Къаьркьа молуш волчу ден к1анте ма мала ала аьтто бац .

Ниц ма лолахь, сан ваша, цкъа бераш ахь кхетош, ахь 1амош hi чиллехь а, уьш ондабевлча, цара хьо а 1амор ву. Хьо царех I и а полуш хила везар ву .

Ден хилла сий к1ентан хир дац, нагахь санна сийлаллин | кг кхача г1уллакхаш дина и к1ант вацахь. Дас лардинарг шен мш ду, ша ца ларийча хир дац к1ентан сий а .

Всраш шайн лааме довлар доьзалехь уггаре а ч1ог1а барт

-Ниш ду. Ден, ненан лаамца хила деза бераш, воккхачо аьлларг кимчо а деш, вовш ийн терго а еш, вовш аш кара диканиг 1амош .

licpaui кхетош -кхиор - ч1ог1а ж оьпалле г1уллакх ду. Д ика | чш пначу доьзало дай, наний иарг1атдоккхур ду. Вон кхиьначу

•иа,зало дай, наний бале лоцур ду .

АДАМИЙН ГШЛЛАКХАШ

Х азчу дашо лам баьккхина, аьлла ду. Хазачу г1иллакхо лам баш ийна, аьлла ду вайн дайша .

П иллакх доцчу нахаца тасаделла гергарло цхьа г1уллакх 1оттаделча, тилоран тай санна, атта хеда .

Кьоман культура лакхаяккхар хьама б1еннаш ш ераш кахь дуьйна халкьо кхуллуш, хоьржуш, къобал деш, дезаш, лоруш т1еэцна долу массо а хаза г1нллакхаш т1екхуььчу т1аьхьенна 1амо а, довзийта а деза; тодеш, хаздеш адамийн дахарехь ю къадало деза .

М уьлхха а хаза х1ума, хаза г1иллакх ларо деза, иза ш ирделла аьлла д!а ца тосуш - хазчух кхоллапо хазаниг .

П иллакх доцуш волу стаг вирах тера ву. Х ьуна лууш долчунна б1остнехьа хир ву иза. Там берг ца олуш - цатам хиндерг эр ду. Х ьуна лиънарг кхочуш ца деш - хьуна ца лиънарг дийр ду .

Хаза гЪиллакх доьналла долуш волчу стагехь бен хуьлуш дац. Х азчу г1иллакхо стеган сийлаллин дарж кхуллу .

П иллакх доцуш волу стаг - лай ву. П иллакх лело хьуьнар хила деза. Хьуьнар доцуш волчу стаге г1иллакх лелалур дац .

П иллакх доцчу стагехь кхин ш атайпа «г1иллакх» хуьлу к1оршаме, дош муьста алар, хьо маьттазваккха г1ортар, хьуна х1уьттаре яр. Цунна къарвелла к1ела ца соцуш, иза эш ийна к!елвита веза .

П иллакх доцчу стеган хьекъал гомха ду. П иллакх доцу стаг ш а нахах теш аш а хир вац, я ш ех теш ам болуш а хир вац .

П иллакх доцчу стагаца араваьлларг догдика хилла ц1а воьрзур вац .

–  –  –

Дато мулханца кхолуш кечдарх - вирах дин ца хилла, | Innнакх доцчу стагах къонаха а ца хилла .

Шен чохь, шен шуьнехь оьзда воцу стаг нехан шуьнехь а. |да хир вац .

м I 1иллакх лелор харж йолуш х1ума дац. А мма г1иллакх лело ы деза, мало й о ц у й лело а деза .

П иллакхан мах ахчанца хадалур бац. П иллакх ахчанца niiijiyiii дац. П иллакхо ш а стеган мах хадабо .

Хазачу г1иллакхо стеган дахар «дешица» кхолу. Стеган Hi. I i.i наст кхуллуш дерг хаза г1иллакх ду .

K loprrepa ц1ена г1иллакх адамаш на даггара диканиг лаарца и.......ело йиш йолуш дац .

–  –  –

1акъдолу г1иллакх адамаш на даггара дика болх лаарца бен | мшлалур дац. Н ахаца нийса лерамаш хила беза г1иллакх долуш in •11•Iу стеган .

П иллакх 1амаде, сан доттаг1, г!иллакх 1амош хьо хилахь, м к 1.лл а цуьнца кхуьур ду хьан .

П иллакх доцуш даьллачунна гечдойла яц, гечдича а - иза к iniii.ua a rlyp дац .

П иллакх лело хан йоцуш вуьсур вац стаг, балхахь валларх, и I сиха хиларх .

П иллакх массаьрца а, муьлххачуьнца а лело деза. Гергарло лело хьакь долчаьрца лело деза .

Н ахана гГиллакх, оьздангалла хьоьхуш волу стаг ш а г1иллакх долуш а, оьзда а хила веза .

А йхьа ца дендолу г1уллакх нахана т1е ма кхийдаделахь. Шл ца дендолу г1уллакх нахана т1екхийдор г!иллакхехь дац .

Кхайкханчу метте ца воьдуш ма 1е. Дикане кхайкханехь диканан дакъа лаца, зуламе кхайкханехь - зулам ма хилийта, вон деъна кхайкханехь - вонан дакъа лаца .

Кегийрхой хазчу г1иллакхехь кхетош -кхио беза, вониг емалдеш, диканиг царна марздеш .

Ш ен г1уллакх дацахь, кхайкхина вист а хилла, стаг сацо мегар дац вевзаш хиларх .

Новкъа х1оьттина д1авоьдучу хенахь воккханиг аьтту arlop хила веза. Кхоь велахь, воккханиг ю ккъехь хила веза, жимха аьрру arlop хила веза .

Нехан йоккха тоба елахь, жимха хьалхаваьлла хила везл., некъ зуьйш, некь гойтуш .

ТТекхаьчначохь нахе салам, уьш аьтту arlop белахь - аьтту arlop йисте вог1учо дала деза, уьш аьрру arlop белахь - аьрру arlop йисте вог1учо дала деза .

И оккхачу стагана воккхачо а буъту некь. Й оккха стаг сий деш ларар ду иза .

Воьдуш-вог1уш зуда ю ххе нисъелчи, иза евзаш яцахь, изл т1ехьа юьтуш боьрша стаг гено хьалха вала веза, я генна т1ехьа сацл веза .

Зудчунна гергга т!ехьа х Ь ьтти н а вахар г1иллакхехь дац .

I I ioKicxa стаг я зуда керахь еза х1ума йолуш, хала яг1ахь, иза......... мл хиларх, цуьнгара х1ума схьаэцна, цунна rlo дар

• In I I.IKхсхь ду .

–  –  –

{удчунна т1ехьаша т!евирзина латтар а, хьалхаш а нисса I I Min вирзана латтар а г1иллакхехь дац. Трамвай, автобус I*|чni нчл, галвуьйлуш т1е а ца ветталуш, ш а д1ах1оьттинчохь нисса m 1 1 п веча .

i Трамвай т1ехь а, автобус т1ехь а адам вовш ахкхеттачу м I и и шен накъостаца хабар дуьйцуш ч1ог1а мохь бетташ, лер а, и. мр л, члбарш яр а гГиллакхехь дац. Jloxxa дийца деза ш а дуьйцуш и Iи иукхарна новкьа ца хирриг .

Жимчо воккхачунна охьахаа меттиг яла еза. В оккханиг шена и миг елчи, ю х-ю ха ца бохуьйтуш, охьахаа веза, ш ена меттиг. ' мчуппа баркалла а олуш. Ш а охьахуур вацахь, дай белаш т1е | ум дуьллуш, иза ш ен меттахь сацо веза, баркалла а аьлла. Ткъа им шл воллучохь 1ад1е веза, хьала а ца лелхаш, ю х-ю ха цуьнга н I м I. л, ца лаахь а охьахаа а» ца бохуш .

–  –  –

Шен хенара хиларх зудчунна ша 1ен меттиг яла мегар ду, иза н мш елахь. И лоруш гойту хаза гГиллакх ду иза .

«Хьо охьахаий», «Со ца хоий» бохуш, меттиг къуьйсуЩ г1овг1а яккха мегар дац. Хаа там берриг охьахаа веза, я и mci мм цхьаь бен яцахь, кхечунна а йитна, ш а а ирахь латта веза .

Дечу г!уллакхана ка йолуш хила веза стаг. Д.т ю къадоьжначу г1уллакхана хьо ладоьг1уш, ойла еш лаьтташохи, кхечо и г1уллакх д1а а эцна, хьо вуьсур ву. Цуьнан дика ц1е йоккхур ю, хьо коьртах ца ваккхахь а дикачу ц!арла хира вац .

Стунцахош ца, ненахош ца г1иллакх лело хууш воцу c i.ii гергарлонех хотталур вац .

Ш ен г1уллакх деш воллучу стагана т!е а вахана, цуьнца эр ии сов хабар дуьйцуш иза ю къахваккхар г1иллакхехь дац. Нагим санна цуьнца марзо эца лууш велахь, цуьнца д1ах1оьттина болх и беш, дийца деза хабар .

Воьдуш, вогГуш дуьхьалкхетта стаг сов хабар дуьйцуш сси«« мегар дац. Х1ун хаьа, иза сиха вуйла .

ТЕЗЕТАХЬ ЛЕЛО ДЕЗА ГШЛЛАКХЕХ ЛАЬЦНА

Нала, сингаттам цхьана стагана шенна бисча лан хала бу .

|.........а базбелла корта т!етовжо юххехь дика накъост, доттаг1 хила in1in Ма-хеззи веънарг сингаттам ма-хиллий веънарг лору .

–  –  –

Тсзета т1ебог1у нах бухарчу дайшна бовза беза .

f Йоккха тоба т1ейог1уш, салам а делла, до!а динчул т!аьхьа, ’ I’ i.na тоба йоккха елахь, бухарчийн куьйгаш лийца оьшуш дац, и 11"I охьахаа декхар долчара бен. Цара куьйгаш лоцу коьртехь IчI .

In1 иii 11. Iiyivxapiia охьаховша парг1ато луш, баркалла олу .

!

Хьалхарчуй, шозлаг1чуй дийнахь адам луьстта т1еоьхчу п г I, длхдина къамелаш дар дог1уш дац .

–  –  –

Дуьхьал а х1иттина бехк т!ера баьккхинчул т!аьхьа, адам и i|н I.i I дита деза, цхьана баьхкинарш ш аьш-шаьш къестош .

I спара баьхкинарш хьалха г1овтто беза тезетара. Царна | гм бал ар хаза г1иллакх ду .

Арахьара тезета т!е бог1у нах бухарчарна бевзаш бацахь, и 1111м хьалха ваьллачо бовзийта беза, уьш мичара муьлаш бу, цара и шарг х1ун гергарло ду хоуьйтуш .

1»ухарчаьрга салам а делла, ша дуьхьал х!уттучу хенахь, до1а ||ммн1учех дешна волчуьнга дайта деза. Цуьнан ц1е а йоккхуш, I* а дс аьлла. Иза хьаша лоруш xIotto г!иллакх ду .

l.i 1аьнан заманчохь ш елехь нах тезетахь 1айта мегар дац Хийцалуш, кадам схьаоьцуш цхьа к1еззиг нах севцича тоьар ду Баккхий нах маь1-маь1нехь ц1ераш леторах бох ца ло .

Тезетахь стаг велавелла, векхавелла хила ца веза, тезе г тезет ю .

Тезетахь забарш яр, беламе дош алар дог1уш дац .

Тезетахь арахьара т1ебаьхкинарш бухарчеран куьйгаш и луьйцуш, саламаш а туьйлуш, мара лелха оьшуш дац .

Т1ебог1учарех цхьаммо салам а делла, массара а до1а д и 'п кхачам бу .

До1а дина, куьйгаш лаьцначул т1аьхьа, ш айга о х ь а х о в т.1 аьлча, охьаховш а декхар ду бухахь хевш ина 1ечийн хенара б е р т Т1ебаьхкинчийн кегийрхой, шешан хенара, лаьтташ болчсх д1акхета беза. Цигахь цара а вовш аш ка марш алла хоттуш куьйгаш лаца тарло .

–  –  –

Тезет д1акхоьхьуш волчунна хьеха г1уллакх дац тезетахь, Нагахь и т1е ца кхуьуш долчунна бала кхаьчнехь, цуьнга ш снл къайлах ала деза .

Балхахь хила декхар долуш болу нах тезетара мукьа бита беза .

Тезета баьхкинчаьрца баккхийра нах белахь, цаьргахь машем яцахь, уьш д!абигар г1иллакх ду .

Нагахь санна цу тезета баьхкинчех стаг велла вон деъна ecpi нисвелча, цунна дуьхьал х1оттаза волчо до1а а дойтуш кадам бан беза .

Тезет ц1арна лелош яц. Иза вон деъначу нахана кхаьчна орца ДУМичча хена а кадам бан веънарг, верас ц1ахь ца хиларх, I 1 \ к1елхьара волу .

11овкъахь дуьхьалкхетчи до1а дар дог1уш дац. Веллачунна hi i.i гечдойла» аьлчатоьур ду .

Шега вон деъча, схьа ца веъна аьлла, вон деъначу стагана I i.si.ii л ца х1уттуш 1ен мегар дац .

МАШЕНАШЦА БОЛЧИЙН ГШЛЛАКХАШ

М аш ен оыпаш а ю, хилчи дика а ду, эрна и хоьхкуш к1ентии болчу дени, нанни боккха бала а бу .

М аш ен дукха 1иэхош верг 1овдал хиларан билгало ю .

Ца ваьлла бен нехан маш енна т1е ма хаалахь - несалла лело дезар ду хьан .

Н ехан маш енахь бехачу новкъа ма валалахь, «чехкка яхийта», я «меллаша яхийта» ала йиш хир яц хьан .

Ш ен долахь машен йолчу стагана т1едужуш пхиь г1уллак\ ду. Цамогуш хилла стаг больнице вигар, зуда ялочу метте, я спи велла вон деъначу метте хьажар. Новкъа ваьлла вокха стаг, йоккха стаг, бер марахь зуда, вог1уш, воьдуш тЫ оттавелчи, мах боцуш д1ай, схьай йигар. И гГуллакхаш дийр дацахь, машен эца оьшу и i дац. Кхин долчу кегийрчу г!уллакхаш на нахана ца вахарх мапк и долахь йолчу стагана бехк буьллийла яц .

Х ьайн маш енна т1е хаан меттиг белахь - г1аш висна воккха стаг, йоккха стаг т1е ца хаош т1ех ма валалахь, г1иллакхах вухар иу хьо .

М аш енца новкъа волуш водительца ши ваша, цушиыпац арахьара стаг нисвелчи, цхьа ваш а хьалха хаа веза, важа ваша т1ехьа хаа веза цуьнан хене нислушверг .

–  –  –

Ш и ваший, нуссий кхоь цхьана нисделча, воккхахволчу веш ин зуда иза елахь, воккхахволу ваш а хьалха хаа веза, марваша шен несаца т!ехьа хаа веза .

Воккхахволчу вешин зудий марваш ий цхьаьна нисделча марваш ас шен нус хьалха хаийта еза .

–  –  –

Кхо зудий, боьрша стаг цхьаьна нисделча, боьрш а стаг г! л хаа веза, зударий т1ехьа ховш а беза .

*1 К'хоь боьрша стаг, цхьа зудий цхьаьна нисделча, зуда хьалха..... i.i Iюьрша нах ш аыи т1ехьа ховш а беза .

Ноккха стаг шиъ велахь, ш ий а т1ехьа хао веза. Кхоь велахь, и I т.I хгпара шиъ т!ехьа хао веза, воккханиг хьалха хаа веза .

Кхоъ зуда цхьаьна елахь, йоккхахйолу шиъ тТехьа хаа еза, *ими s м'рг хьалха хаа еза .

К ьахьоьгуш даьккхинчу ахчанах хала эцца машен йолчу дас

•киник ислайо .

Нехан машен т1е хиъна стаг чехка ваха лууш хуьлу. Нахера | н I йоьжна ворда чуха ца хедаш ца юьсу .

11ехан ахчанах эцна машен урах, т1улгах ца ларйо. Дас эцна | ни. и I Ianтана йорах хета .

Д1акхача сиха велахь - маш енахь меллаша rlo .

Меллаша воьдург вонах, зуламах ларлуш воьду. Чехка...... I рI чулам дан сихвелла воьду .

–  –  –

1lexica йог1учу машенна генна юьстахвала. Сиха вогТург сиха * niiiii х ко хьуо парг1ат хила .

Мочка йог1учу машено хат болчохь хат туху, хат боцчохь mi|Ц I \ чу Меллаша йог1учу маш ено зуламана пе туху .

I льллаш юхаоьзча, чехка боьду дин а ца сацало саца |ь пи I, Чехка йоьду машен а сацалур яц тормазаш тасарх, саца н| IIIIII V'lOXb .

М аш енца забарш ен стаг вуьззина 1овдал ву .

М аш енца эвхьазваьлла забарш еш вийлинарг, цуьнца зулам л дина воьлхур ву, я нахана хат1а вужур ву .

Хьуо маш енахь нехан кет1а воьдуш, я нехан кет1ара юхл волуш, маш енна кхузза го боккхуш хьажалахь. М ашен юхл йоккхуш хьажа т1ехьа хехо х1отавелахь .

Хьо маш енна т1ехуучу ю къана хьуна ца гуш т1ехьа бер х1отта кхуьур ду. Хьо ю хавирзачи ши б1аьрг т1ехула хьоьжур бу, бер ч1урга к1ел rlyp ду .

Барамал т!ех чехка лелий маш енца стаг, чехка ма лела алл П уллакх доцуш эвла ю ккъехула машен хоьхкий, ма хехка ала Иш тта аьллачуьнга ла ца дуг1ий, волчуьнга д1ахьеве: «Цо машиI т1етоьхна нехан стаг я зуда, я бер дехь, адам маш аренна rlyp дац ала, цунна геч а ма де, 1едало дан дог1уш долу та1зар а дайта» .

КУЬЙГАЛХОЧУЬН ГШЛЛАКХАШ

11,хьаволчу хьаькаман г1иллакх духу, г1уллакхаша корта ынпийча .

–  –  –

Шеца г1уллакх хилла т1евеъначу стагана дег1 нисдеш г1атта in щ м.аькам. Чувеъначунна охьахаа г1ант делла, иза охьахаийна in и шеи охьахаа бакъо яц цуьнан. Цул т1аьхьа цо деъначу '! шлкхана цуънга ладог1а деза, дуьйцачух иза ю къах а ца h иикуш i* .

Псвеъначу стагана ш а дан декхарийлахь волу г1уллакх дан и щ и.чаненаш а ца йоьхкуш .

–  –  –

11агахь санна ш ена т1едеъна г1уллакх дан декхарийлахь кхин | i i. i i.i m иелахь, цуьнца дийцина а стеган г1уллакх дан деза, п т 1 1ушехь шена иза т1еварна, цуьнца г1иллакх лаьцна .

Хьаысамо к1еда-мерза аьллачух стаг теш ар ву. Ю оршаме и 11,140 юхавоккхур ву, шеко кхуллур ю .

–  –  –

Хьаькамо дикачу ц1арла хила, ц1арна дан ца деза ш а деш им I |уллакх, нехан дуьхьа дан деза .

Х ьаькам эра-буг!а санна векаш ца тов. Хьаькамо ама.а еъначу говро санна корта ирах хьийзош а ца тов. Ялкхант1е яьллачу н1аьно санна яь1на сеттош а ца тов. Гай хьалха а саттийна, гай т1г куьг а хьоькхуш, кура хабар дуьйцуш а ца тов .

Хьаькам, хьаьж а юккъе шед а х1оттийна, нахана т1ечехлт хила ца веза. Ш а дан т1едуьллуш долу г1уллакх ш ега терра и л о р у т дилла деза .

Хьаькамо нах лара беза, цаьрга ш а ларийта лаахь .

Хаьнт1е куьйгаш а х1иттош, нахана т1ехула хьоьжучух хьаькам хир вац .

Хьаькамо нийсо ян еза. Озабезам болх беш волчуьнга баи беза, ш ениг (гергарниг) хьалха а ца туьттуш .

–  –  –

Хьаькам балхана ш а т!ехьа виса ца веза, белхан низам латто лаахь .

Нахе шех масал оьцуьйтуш бан беза хьаькамо болх .

Нахехьчул т1ех хила деза хьаькаман г1иллакх. Шегара г1иллакхан некь гайта хууш воцчу хьаькамах хьаькам хир вац .

Х ьаькам ш егахьа оьзна хила ца веза, ш ен белхалошкахьа оьзна хила веза .

Дикачу хьаькамо галдаьллачу г1уллакхана бахьанаш лоьхар дац, галдаьлла г1уллакх орца а ца дохуш нисдийр ду .

Дика хьаькам нахе а, лакхарчу 1едале а орца доьхуш хир вац .

Дикачу хьаькамана дийнна юрт орцах ер ю юьртабахамам белхаш бан .

Вочу куьйгалхочо шен кера хГума еъчи, кхачо йо. Нехан бала ца кхочу, «уьш леш бахкарх» .

11 лхана т1ехь куьйгалла дан ца хуу юртда нехан кертара.....I"| |.ни юста волалур ву .

–  –  –

Дм качу хьаькамо шен доьзалан санна терго йийр ю шен ' i' i i. болчу белхалойн .

1олхалочун г1уллакх ца деш 1ен бакъо яц цунна т1евиллинчу I I III пихочун .

–  –  –

Куьйгалхочух куьйгалхо хир вац, нагахь санна иза шен I'fiKh долчу халкъах бертахь цхьа доьзал бан хууш вацахь, ш а оцу • | •I,IчI.чу доьзалан доьзалхо хила лууш вацахь, цаьрца вон а, дика ич.м.уш вацахь, болх бечу заманчохь церан мог1ара д1ах1уттуш.....т., церан терго еш, тидам беш, царна эш нарг хуьлуьйтуш H' l l l HX I i .

Лсд арчу куьйгалхочунна болх дика беш верг ца веза, болх н ин триг веза .

Ночу куьйгалхочо болх беш волчуьнца мостаг1алла лоцу, ' is ипм воцчуьнца гергарло тосу .

Вочу куьйгалхочунна хьанала белхало ца веза .

Ш а хьакь воцчу дарж е кхаьчна хьаькам, ш ех кхоьруш, шсми хьесталуш берш герга а уьйзуш, доьналла долуш берш бо.хп г1ерташ, цаьрца харцо лелош къуьйсуш хуьлу .

Вочу куьйгалхочунна шен ледарлонаш ца го, даза диена1и г1уллакхашна нах бехке бо .

Вочу куьйгалхочунна ш ена хьехар дан воьллачух моста! I тарло .

Вон куьйгалхо цхьаннах а дагавала лууш ца хуьлу .

КЪАЬМНАШЦЛ ЙОЛУ ЮКЪАМЕТТИГАШ

Даймахке безам хилар халкъе безам хилар ду. Х алкь иза i| II п а къаьмнех хоттаделла ду. Ткъа къаьмнаш на ю ккъехь берг й' I прпилин барт бу .

Цхьа а къам вукха кьомал тоьлла ду олийла яц. Х1унда II Iми. маеео а къоман шеи-шеи г1иллакхаш ду - диканиш а, вониш И, | ышахий бу - дика а, вон а, г1арабевлла еийлахь нах бу - дуккха 'м аре а хазчу г1иллакхийн, 1илманан кхиамийн хазна m inn пмкара ехьаэцчи и йоккха хазна ю, и хазна халкъан долахь ю .

i N | и I. iixi.ab ду - мехкан халкь .

f М уьлххачу а къомо говзалла а, г1иллакхаш а кхечу къомера IIЫ! ша тарлуш ду .

Шеи Даймахке санна безам хила тарло стеган дерриге а ц мн иг, дуьненан халкъаш ка. И хиларх х1умма а иэшам бац цунна ни на а цунна дезачу мехкаш на а. М елхо а, цо аьтто бо халкъийн и и I |мсттигаш тоян, вовшийн деза, вовш аш ца барт хила .

–  –  –

и i| и а пайдехь дерг, еийлахь дерг схьаэца а, шен къомана 1амо а,......... ьоман амалехь зуламе дерг, маьттаза дерг д1адаккха а .

Шеи къам дезаш волчу стагана шен къоман мотт а безар бу .

i......пн мотт безаш иза вацахь, цунна шен къам ца деза. Ш ен къам п ним, поруш воцчу стагана кхин долу къаьмнаш а дезар дац .

ЗУДА ЯЛОР, Й 01 МАРЕ ЯХАР Ю ххера шовда а ш ийла ца хета, лулара йо! а хаза ца хеш тидам ца бича. Лулахь хаза йо1 йоллушехь, кхечу эвлара дали нускал ма лехалахь .

Ю антана езаш йоцчу йо1ца дина захало чекх ца долу атта1и балхах .

Ш а реза йоцчу метте маре д1аяла мегар дац йо1 .

Йо! реза хиларх, цуьнан дай, наний реза доцуш лачкъийиа араяьккхина, йо! йигар гГиллакх дац .

Дай, наний захалонна реза дацахь, уьш реза ца хила бахьаиа хила деза. Уьш реза ца хила бахьана дацахь, уьш шех тешо беза .

Дас, нанас ша реза йоцчу метте нуьцкъала д1аяла хьовзийча, яха мегар ду йо1 ш ена везачу к1анте маре .

Йо1 маре яхча, там бехар гХиллакх дац. Томана ц1е тохар а г1иллакх дац. Беъна там реза ца хилла ю ха бахьийтар а г!иллакх дац .

Ц1ийндена муьт1ахь а, ц1енна аьхна а хила еза зуда .

Керахь йолчу таронан хама бан хууш хила еза зуда .

Дукхахьолахь г!иллакхний, оьздангаллиний ш а ехьаяьлламу ц1ийне хьаьжжина хуьлу зуда .

Вон зуда - стагна бала бу, дика зуда - стеган ирс ду .

М арзош на луьйш йолчу зудчо гергарло херадоккху .

М арзош на муьт!ахь йолчу зудчо церан барт латтабо .

Ледарчу стеган ц1ийнан дукь а зудчуьнгахь хир ду, цЬшнап мукь а зудчуьнгахь хир бу .

Н ахалахь дош лелар дац зудчун лаамехь волчу стеган .

–  –  –

Ц1енна т1е деъначу г1уллакхана зударш а жоп луш делахь,........ къонах вац .

Нахьана доцуш ийг1ина яхначу зудчунна и йоллучохь а ni...... и, rlc зуда ялорал дарбане х1ума дац .

–  –  –

Дикачу к1ентан, зуда д1аяхарх, и йолчу нахаца г1иллакх кур дац .

Хьекъал долуш йолу йо! к1ант вехаш ву аьлла rlyp яц цуьнга hipi цуьнан г!иллакхан, оьздангаллин куъцашна везавелла и бакь ipmpx теш на rlyp ю .

Хазаллех 1ехавелла сонта зуда ялийна стаг, юьхьк1ай лелар Hill Ilia йитина д1аяхийтанчу зудчунна лер г1иллакхехь дац .

II*.1 чуда ю иза. Ш ен доьзалхочунна лер г1иллакхехь дац, нах Iур бац уьш нисбан .

|

–  –  –

Чуда ялийнчул т!аьхьа дан деза ц1енош, цуьнга къа а м "i.i укГпуш. Ш а поппарш, кираш биттина х1усам атта д1атосур яц. ст .

Чуда ялаяле хьалха цуьнан амалш йовза хьажа веза. Цуьнан | п.in, кхетам, лаам, ойла, г1иллакх, оьздангалла муха ю ца хиъча, яло ца еза. А мма иза хьайн дола яьллачул т1аьхьа, г1еххьа хьуо рпи воцуш дерш тардалийта деза .

Зуда ялор безамах хотталуш ду. Дика зуда деган массо л къайле ялхо йиш йолуш дика накъост ю .

Ш ена муът1ахьчу, теш амечу ц1ийнненаца хало лан а хини дац .

Дикачу зудчуьнца вахар - дуьненан ялсамани ю. Вочу зудчуьнца вахар - дуьненан ж оьжахати ю .

Вочу зудчуьнца ваха хиъна стаг цкъа а вехаш а хир вац, цк i.n а догдика хилла а лелар вац, цкъа а юьхьк1ам болуш а хир вац .

М ар-зудий ирс долуш даха лаахь, вовш аш кара уггаре а хаччу г1иллакхехь дерш ларо хууш хила деза .

Зуда шен цГийнда г1иллакхашкахь нисван хууш яцахь, in.i г1иллакхех вохош хир ю .

Щ огий, кхес ларгарх къеначу алашех бекъа хир яц. Маж мекх даш арх воккхачу стагах ж има стаг а хир вац .

Зуда яло лууш волчу воккхачу стеган бехказа вала цза.й бахьана ду - чохь г1уллакхаш дан г!оьнча эшар .

Х1ей зуда! Нагахь санна чов, дов ца дезахь, ц1ийндсмл дуьхьал ма лелахь. Бата сацаелахь. Бакъо т1еяккха ма перталам .

Нагахь санна иза чохь социйла лаахь, цхьана а меттехь кхин хуьлийла доццуш, цуьнан самукъа, даьндолу хье- лаш кхоллалам .

Елалой, екхалой хилалахь .

Бертахьчу майрачун, зудчун лаам цхьаь хир бу - ший а вовш ех кхеташ хир ду .

Зуда ялийнчу стагана хьалха дуккха а декхарш x ly n y :

ц1ийнан да хилар, доьзалан да хилар, доьзал кхетош -кхиор, царим напг!а латтор, ц!енна т!едеъна вон, дика дерзор .

–  –  –

Дикачу к1анте йо1 маре йодахь, к1ентан новкъа нуц хир ву .

Инчу к!анте йо! маре йодахь, йо! йоцуш вуъсур ву .

Х1УСАМАН ЛЕРАМАШ. ГЕРГАРЛО,

ДОТТАГ1АЛЛА, ХЬОШАЛЛА

–  –  –

Хьуо веъча хазахеташ йоцчу х1усаме ма г1олахь - сий хир дац хьан. Хьуо веъча хазахетачу х!усаме г1олахь, сакъерадслп,!

вог1ур ву хьо .

Ш а волчу стаг веъча, х1усамда акха хьоьжуш, ладоьгГуш, и шайт1ана б1аьра хьоьжуш хила мегар дац. Х ьаш а ца эшарпи билгало ю иза .

Х ьаш а веъча, х1усамда а, х1усамнана а сакъералут деладелла, декхаделла хила деза .

Комаьрш а велавелла, векхавелла волчу х1усамден чохь чаьмза кхача баа реза хир ву хьаша, ц1арматчу стеган чохь мер ш кхача ца баа. Х ьеш ана комаьрш а хилалахь .

Х1усамнана елаелла, екхаелла яцахь, хьеш ана пхьор къахьло,

–  –  –

Ц1арматчу стеган чохь мерза а, чаьмза а кхача ца баа комаьршачу, къечу стеган ц1ийнан са баа мегар ду .

Х ьаш а т1еоьцуш йолчу х1усамненан ю ьхь кхоьлина а елахь, цуьнан хьаьж а юккъе шад а х1оьттинехь, х1усам тесна йитарна снхп ян еза .

Kcxlaxb стаг кхайкхича, аравалар сиха хила деза. Tie бедар • | н ипа кечам бина вадахь, ш а чохь вуйла хаийта деза. ТТаккха 1 1 ч.1Мбаи парг1ато ю цунна .

Ша волчу нах чубехнехь, х1усамда хьалха хила веза. Ш а м. lap rle кхаьчча, х1усамнене ш еца чубог1уш хьеш ий буйла хаийта и м Уыи дукха белахь, ш а хьалха а волуш чубига беза. Цаьргара "и попу бедар схьаэцна, уьш охьаховш ош д1анисбан беза .

Хьеше «х1ун еза хьуна?» - бохуш ма хетталахь. Хьешо шена * tnpi г :а эр дац. Х ьайн кийчча ерг хьеш ана д1алолахь - хьаш а меца ипа тарло .

11ехан кхерчахь, нехан ш уьнехь оьзда хила веза муьлхха а | i n. муьлхха а зуда .

Шена хьалха хклгтийнарг ш а юур яцахь - йоло ца еза, Iи п т мча - яа еза, кега а йина йитар гЬиллакхехь дац. Х1ума дукха | и н а яа ца еза, ю ьхьара кхийдаш дукха меллаш а яа а ца еза .

Пари 1ат, хецца, шен барамехь яа еза х1ума .

Хьалха х!оттийнчу кедара х1ума лагГьелчи, ш а юур елахь ill иишшйтар бехке дац, юур яцахь - сов г1овг1а а ца йоккхуш, 1 1 vaa куьг лаьцчи волу. Цул т1аьхьа х!усамдас цуьнга «лаахь а ца, | ы ь» а баха оьшуш дац .

Иагахь малар ю къадаьлчи, малар х1усамдас д1а-схьа дотта и hi Молуш воцчуьнга мала баха оьшуш дац .

11ехан х1усамехь малар т1ех а даьккхина вахар г1иллакхехь мн I К'хан шуьнехь дукха «важар» а г1иллакхехь дац .

11ехан х1усамехь йоцург коьртах яха а ца еза, шенчух и' i.i ина дан а ца деза .

–  –  –

mipi la га кечбан мегар ду мерза кхача .

т .

ХГусамдас шун хьалха доло деза, хецца кхача баан бечп хьаш а йиъна ваьллачул т1аьхьа бен r la r r a ца веза .

Уьстаг1а а бийна, шун х1оттийча, кортий, накхнн воккхачунна хьалха дуьллу. Цо шун доладо уьреаца бета юьххьерл я лерга ю ххера марцхалг доккхий. Цул т1аьхьа цо и корта шена лаххьа 1ачарна хьалха д1ало. Цара шайна ез-езачуьра йоккхуш .

вукхарна хьалха д1а а луш, нхьор до цунах .

Некхах х1ума йоккхий, накха а тхьамдас ш ена лаххьп 1ачарна хьалха д1атотту .

Кхачех кхеттачул т1аьхьа бен хьеш е цо деъна г1уллакх цм хотту .

Ца ваьлла бен нахехь буьйса йоккхуш виса мегар дац, Х ьош алла атта дац .

Ца ваьлла хьош алла ш а висчи - кьийлавала, ийзавала оьшуш дац. Х1усамца эвхьаза хила а мегар дац .

C arla доккхуш хилча, юкъ-куп къастош ло дуккханне л кхочуьйтуш и делахь. Ш инхьа-кхаанхьа луш делахь, уггаре а таро йоцуш гЬш лачарна дала деза .

Боьрш а стаг чохь вацахь, цу х1усаме ваха бакъо яц хьешан .

Боьрш а стаг чохь воцчу х1усамехь, зударш на ю ккъе а хиъпн, хабар дуьйцур дац дикачу къонахчо .

–  –  –

Н ахаца йолчу марзонал мерза х1ума дац адамана дуьненчохь цхьа а .

Тешаме, дика доттаг1 дуьненан мехха ву. Теш аме дика....... д1авалар - arlo д1абалар санна ду .

Шен дагара хууш, шен къайле йийца йиш йолуш волчу | ‘ шамочу доттаг1ал деза х1ума дац дуьненчохь цхьа а .

Мерзачу доттаг1алло стаг воккхавево. Воккхаверан хьал им ап ирсан хьал ду .

Доттаг1алла, безам - вовшашна марзо луш герз ду. Амма.......... iix эцнарг бен марзо хир яц .

Хало т1ех1оьттинчу меттехь доттаг1 дика накъост ву, дика и I" бу. Кхерам т!ех1оьттинчу миноташ кахь хьуна хьалхара шен са Начала а кийча хир ву дика доттаг!

) Дуккха а доттаг1ий, гергара нах болуш волу стаг сакъералуш up ay. 11,хьа сингаттам цунна иккхича а, цара байбийр бу .

Ледарчу нахаца гергарло ма тасалахь, сан к1ант, it мл ьк1айлур яц хьан. Нах боцчу нахаца гергарло ахьа леладахь, сий I ир дац хьан .

–  –  –

Доттаг1алло воккхавер ш озза совдоккху, сингаттам шозза II M IIII 0 0 .

Кийрахь дог а долуш, яхь а йолуш, к1орггера кхетам а болуш.... г, стаг доттагЬш боцуш вуьсур вац. Доттаг1ий боцуш волу стаг ' I иг дууш ца воллу .

Наша, ваш а хилла ца 1аш, хьан доттаг1а а хила веза .

I......и 1алла доцуш волчу веш ица дерг ш ийла гергарло ду .

Ьн larlajuia доцуш волчу вешил вош алла долуш волу доттаг1 |, i iipa иу .

Нахаца дика хила веза. Доттаг1ийх вежарий а, мостаг1ийх......... lnii а беш .

Мостаг1чух хьайн доттаг! ван хьуна хаахь, хьо нахаца тарлург хиларан билгало ю. Доттаг1ий хьох хсрабуьйлуш, д1акъесташ хилахь, хьо нахаца тарлуш ца хиларан билгало ю .

Стеган уьйраш ка хьаьжча, хуур ду иза муха х!ун стаг ву .

Хьекъалца, кхетамца хаьржина воцу доттаг1а вуно атта эг1ар ву .

Сан к!ант, хьекъал долуш волчу стагаца тасалахь доттаг1алла а, гергарло а. Товдалчу стагца гергарло а ца тосуш, цунна гена валалахь. Х ьекъал долуш волчу мостаг1чул хьекъал доцуш волу доттаг! кхераме ву хьуна .

Доттаг!алла теш аме ду жимчохь дуьйна ш еца кхиъна а, дика вевзина а волчуьнца .

Даггара дацахь, доттаг1алла моттарг1анех лелалур дац .

Боккъалла а теш аме, мерза доттаг1алла къийлавала ца везаш дерг ду .

Д оттапалла - доттаг!алла ду, вовшийн амалш тайна а елахь, вовш аш кахь тешам а белахь, лаам цхьаь болуш, бертахь а велахь .

Д оттапаллех юлий, лай хуьлийла яц. Дотгаг1аллехь чинаш хоьрж ийла а яц. Ш ина доттаг1чун бакъонаш цхьатерра ю .

Ш ина доттаг1чух цхьаь вукхунна т1ехь тхьамдалла лело волахь, доттапалла духур ду .

П уллакхаш на муьлххачу дарж ехь велахь а, дотгаг1алли т!ехь даржаш лоьрийла яц .

–  –  –

Доттаг1аллехь уггаре а коьртаниг тешам бу. Х ьайн дагара пища б1обулуш велахь, доттаг1 доттаг1 ву. Тешам байча, /ни таг1алла духу .

Доттаг1ех теш аш хилалахь, сан ваша, доттаг1ех ца теш ар ндарло ю. Нагахь цара хьуна теш набехк бахь, иза церан ледарло ю .

Vi.hi бовзар а хьо саволуш ду .

Цхьа к1еззигчу бахьанаш ца дегабаамаш а беш, вовшех Наматонаш лехьош хилча, доттаг1алла д1аг1ур дац. Вовш аш кара иаьллачу г1алатана гечдан хууш хила беза бакъболу доттаг!ий .

Бакьволчу дс?гтаг1чо шен доттаг1чун ледарло яьлла меттиг ю .

1|П1ф А йхьа доттаг1чунна дина г1уллакх кхайкха ма делахь .

I Парна дина г1уллакх - г1уллакх дар дац .

Ц хьа а тайпа ледарло йоцуш волу доттаг1 лоьхуш верг,доттаг1 ванне а воцуш вуьсур ву. Цхьа ледарло я гТалатло йоцуш с гаг хила йиш а яц .

Х ьайна дуьхьал мел яьккхинчу харцонна, гамонна, х1уьттаренна бекхам ма лехалахь - доттаг1ий к1езиг хир бу хьан .

I{онна дуьхьал дика деш хилалахь - мостаг1ий хир бац хьан .

Велавелла, векхавелла хила веза доттаг1апла тосуш а, доттаг1чуьнца ийг1ина кьаьсташ а. Даг чохь мекха йита мегар дац адамашца йолчу уьйрашкахь .

Ш ен волчу доттаг1чуьнца херо а тосуш, леца мегар дац керла доттаг1ий. Керла доттаг!ий еа мел бевли а, болуш болчу доттаг1ашца уьйр ч1аг1ьян еза, уьш ларар садаккха деза .

Х ьайн уггаре а теш амечу доттагчуьнца хьуо ийг1ича, цуьнца кьаьхьа ма къасталахь, цунна вон болх а ма белахь. Вониг а ма алалахь. Иза шегара даьллачунна дохковалахь, ю ха тТеверза некь биталахь .

Хьайн теш амечу доттаг1чун хама белахь. Ахь хама ца беш иза вигахь, дагахьбаллам боцуш вуьсур вац хьо. Доттаг! еза ц!е ю .

Доттаг1 мах белча эцалуш вац. Доттаг1алла кхоллалуш ду вовшийн довзарца .

Ц хьана мог1ара, цхьана дагара болу доттаг1ий вовшашца атта ийг1ар бац, ийг1ача а вовшашца ю ха товр бу .

Хало т1ех1оьттинчу муьрехь, халчу хьелаш кахь кхолладеллп доттаг1алла атта духар дац .

Хьан ирс-аьтто хилла, хьо таронах хоттавеллачу хенахь дуккха а доттагЬий хир бу хьан. Хьо аьтто боьхна к1елвисинчу хенахь доттаг1ий боцуш вуьсур ву хьо. Циггахь карор ву хьуна теш аме доттагГ. Циггахь карор ду хьуна ахьа нахана дина дика А хьа динчу диканан хама хууш верг вог1ур ву хьуна .

Хьо де эш на к1елвисча - д0ттаг1 вевзар ву хьуна, моста 1 1 гучувер ву .

Доттаг1алла таса хьелаш хержа оьшуш дац. Доттаг1алла таеа муълххачу хьелаш кахь а тарлуш ду .

Халачу некъахь доттаг1 д1атесна висинарг синтем хилла ша аттачу вер вац .

Ш ен доттаг1 маьттаз ваккхар ша шен маьттаз ваккхар ду. Иза шен доттаг!чух, кхин товр а воцуш, къаьхьа къаьстар ву .

Хьан дагара хууш а, хьуна эш начу меттехь карош а велахь, доттаг1 - доттаг1 ву. Хьан дагара хууш а, хьуна эш начу меттехг карош а вацахь, доттагГ - доттаг1 вац .

Вазвала г1ертаро доттаг1 херавоккху. Ш а шега узуш хиларо доттаг1 херавоккху. Ямартлоно, харцоно доттаг1 херавоккху .

Доттаг1ий шеца болчу хенахь, церан лерамаш бар к1езиг ду .

Доттаг1ий ш еца боцчу хенахь а уьш лоруш а дага бог1уш а хир ву .

Стагана дика болх - хазахетаран кхаъ хиллачу метте кхайкхана баьхкачи а кхачам бу мерза доттагХий, вон болх хилла деэш начу метте кхайкхаре ца хьоьжуш кхача веза мерза доттаг! .

Доттаг1чо доттаг1чунна г1иллакхаш хьеха оьшуш дац. Цунна | Inилакхаш 1амо лаахь, шегара гайта деза .

Х ьайна доттаг1 херван ца лаахь, цуьнан са ца къералуш дерг !М'ча ма дийца, айхьа ца дендерг де а ма баха, хьайн доцчуьнан Iп ш ьамаш а ма бе .

П иллакхца, оьздангаллица лело доттаг1алла - еийлахь а, и- t;i ;i ду. Э вхьазлонаш ца лело доттаг1алла ледара а, теш ам боцуш а ду .

–  –  –

Бакъдерг хьоьга схьаолуш а, ш а хьанапа а, ц1ена а велахь, им rai l бакь ву. Д агна вас хиллачохь догьэца доттаг1 бен карош НЦ А .

Хьан ледарлонаш доттаг1чо схьааларх дегабаам ма белахь, ми, 1 лг1 чо хьуна х1уьттаре еш эр ду, доттаг1чо хьо ларвеш, хьо г м' го эр ду .

Хьайн ледарлонаш, хьайх нахана хеташ дерг доттаг1ашка ма м галахь, цара дуьйцур дац, хьуна вас хиларна кхоьруш .

Мне 1 аг1 аша х1ун олу хьожуш хилалахь, хьуна вас ярхьама цара |, кицуш хезар ду хьуна .

Тешам боцу доттаг1а - луьра мостаг1 ву. Хьо теш ош дег1ала | Iir i.ua, кхана хьуна теш набехкана зуламе вала кийчча ву иза .

Ледарчу нахах д1акхетарал - цхьа висар еийлахь ду. Ледарчу иhi их д1а ма кхеталахь, уьш санна хетар ву хьо, сий доцчу нахах к|.о д1акхетчи, сий хир дац хьан .

–  –  –

Ледара стаг мостаг1 хилар г1олехь ду, доттаг1 хуьлачул .

Ь парчу стагца долчу доттаг1алло юьхьк1ам бийр бац .

Х ьекъал доцчу стагаца ма къийсалахь, юьхь1аьржачу х1уттур ву хьо. Хьекъал доцчу стагаца къевсинарг эш на ву, цуьнц.1 къевсинарг и санна хьекъал доцуш хетарг хиларна .

Къаьркъанан кедаш ца тасаделла гергарло гергарло доцийлп хаалахь. И гергарло хьоьца дац - къаьркъанан кедаца ду .

Х ьекъал доцчу доттаг!чо хьекъал долуш болчу мостаг1апи ден долу вон до стагана. Хьекъал доцуш волчу стагаца доттаг1алл.1 ма тасалахь .

Х ьан мостаг1чуьнца гергарло лелош волу хьайн доттаг1чу\ ма теш алахь. Д1овша т1е хийш ннчу мознах д1овш даларна кхерам бу хьуна .

Доттаг1чуьнан г1алатлонаш иза ш а волчу меттехь цуыи.1 ш егга йийцалахь. Цуьнгара даьлла диканиг нах болчохь дийцалахь .

Нагахь санна хьан доттаг1 ирсдайна декъаза велахь, ирсдайна декъаза хьуо хилар хаалахь .

Доттаг1алла, безам вовш аш ка марзо луш г1ирс бу. Амма вовш ех эцнарг бен марзо хир яц .

ХЬЛНАЛЧУ КЪИНХЬЕГАМАХ, БАЛХАХ,

ПУЛЛАКХАХ ЛАЬЦНА

Вахар къинхьегаман хьелаш ца доьзна ду. Стеган ирс, стеган им ч.аналчу къинхьегамах кхоллалуш ду .

Хьаналчу къинхьегамах адамаш кахь кхоллало беркат, цунна I- vi.iii ларар, цунна ду церан сий .

, М уьлххачу а къинхьегаман ш атайпа сийлалла, баш халла ю, н щ не tain, цуьнца ш овкь йолуш а лоруш волчунна .

Айхьа бечу бейхан уггаре а хьалха ахьа айхьа дан деза сий .

Sin хьайн балхах, г1уллакхах вешаш вацахь, оцу белхан а, и болх ". in нолчу хьан а сий хир дац .

Ваха лаахь - хьанала къахьега деза. Къинхьегамо таро |. илу, сингаттамах к1елхьара воккху, хьо нахе д1анисво .

Муьлхха а болх бар эхь дац. Эхь ду болх ца беш мукъа к 1Ы нехан диканах хьегар .

|,

–  –  –

Мало, к1адо йолуш волу стаг т1ам д1абаьккхинчу г1абакхах и |ш ну. Т1ам д1абаьккхина г1абакх сиха яхкало, болх ца беш мукъа |i in полу буьйда стаг мустлой хуьлу .

Адамаш на пайдехь болх бар сийлахь а, йоккха исбаьхьалла HiIпут а, самукъане а ду .

Ойла еш хьекъал долу стаг а, хьанала къахьоьгуш верг а ииндехь иш стаг ву. Цара хьекъал а ло, адамаш на беркате хазна а I sуллу .

Хьуо декхарийлахь верг деш хьо велахь, хьуна хьуо мила ву хуур ду. Хьуо декхарийлахь верг деш хьо вацахь, нахана хьо вевзар вац, хьуна хьуо мила ву а хуур дац .

Хьо мел хьекъал долуш хиларх, сан доттаг1, хьо мел кура хиларх, хьо мел хьал долуш хиларх, хьо мел ницкь болуш майрл хиларх - адамаш на пайдехь г1уллакх деш хьо вацахь, нахана спи хетар вац .

Сан доттаг1, стаг вовза лаахь, цуьнан г1иллакхашка, г1уллакхашка, нахаца йолчу ю къаметтигаш ка хьажалахь, т1аккха и вевзар ву хьуна .

Сан доттаг1, стага хаза дийцарх Iexa ма лолахь, ма тешалахь цо «дашо г1аланаш юттур ю» бахарх. Цо дина гуш долчух тешалахь .

Синтем хилла, воккхавеш вехар ву, хьанала къахьоьгуш верг, шен декхар кхочушдеш дог парг1ат даьлла верг .

Стеган дикачу амалехь уггаре а деза жовх1ар ду шен декха|) девзаш иза хилар а, и декхар кхочушдан боккха лаам цуьнан хилар а, и кхочушдар а .

П уллакх дан лууш волчу стагана дан г1уллакх карадо. 11,0 ш ена хьалха 1алашо х1оттайо уггаре а пайдехь дерг гуш. Пуллакх дан ца луучунна бахьанаш дукха карадо .

Бан а хууш болх бича, стаг атта г1еллур вац. Бан ца хууш баро г1елво стаг .

Х ьайн декхар кхочушдан хьажа, т1аккха хьуо мила ву хуур ду хьуна .

Стеган уггаре а лакхара исбаьхьалла, оьздангалла цуьнан къинхьегамехьа йолчу марзонах лаьтташ ю .

М уьлхха а болх, хьанала а бахь, безаш а хилахь, цунах хьо хьуо ваша а вашахь, еийлахь бу .

Лхьа бечу балхах хьо хьуо вешаш вацахь, нах муххале а H шар бац. А хьа иза базбаре терра хир ду цу белхан сий а, и болх i ш молчу хьан сий а .

–  –  –

Маьршачу парг1атонехь ваха бакъо ю шен декхар девзаш а, | пмушдеш а волчу стеган .

Хьекъал а стагана г1уллакх дан делла, вижна 1илла цаделла .

i i.iMi- дирзина хьекъал зенехь ду. Дикане дирзина хьекъал пайдехь ну Ирс дайна декъаза стаг ву шен дан ницкь кхочуш дерг дан а Mi и ш, дан ницкь ца кхочург дан г1ерташ верг .

Шеко йолуш долчу хГуманна ю ха а ца г1ерташ, л а а ца ни 1 1yin кхочушдарна сихо ян еза. Ш еко д1аяккхар синтем бу .

Дола а дина х1ума ю къахдитар 1овдалалла ю. Долийшци чекхдаккха ю кьахдитарал пайдехь карор ду хьуна .

Ц хьа к1еззиг долчу г1уллакхах вешаш воцург даккхийрчу г1уллакхашна пайдехь хир вац. КГеззиг г1уллакх далуш воцчуыпа даккхийра г1уллакхаш данне а далур дац .

Сих ца луш, меллаш а некъбинарг г1ел ца луш д1акхочар иу Сих ца луш кечам бинарг шен 1алашоне кхуьур ву .

Ш ена т1едеъна гГуллакх дан йиш ерг бехказло йоцуш д;ш деза .

Тахана дичи xlepa даьндолу г1уллакх кханенна т1ехьа т е п а мегар дац .

Х ьайн г1уллакхана айхьа ю къаозийначарах муьлххачух а г1уллакх 1оттаделчи, хьожуш хила веза .

Х ьайн г1уллакхана орцах волуш волчунна хьо орцах вали а декхар ду .

А дамаш на даггара дикаболх лууш хилалахь. Ц арна дика динчийн новкъа хир ву хьо. Хьайн ницкь ма-кхоччу нахана г1уллакх деш хилалахь, хьайн г1уллакхна эш начохь г1оьнчий карор бу хьуна .

А йхьа стагана ден г1уллакх дегаза ма делахь, дегаза дина г1уллакх баркалла доцуш довр ду хьан .

П о эш на т!евеънарг, rlo ца деш ма виталахь, хьайн ницкь ца кхачахь, цунна юхе хТоттий а. П о эш на т!евеьнарг хьайх дегайовхо йолуш веънийла хаалахь, сан ваша, ма верзавелахь иза дог шийла юха .

Дечу г1уллакхийн хьесап далур ду кхочуш хилла дерш лоруш дуьстича .

Сийлахьчу г1уллакхан хама хир бац ледарчу наха. Сийлахь дерг дан дага лаьцчи, оцу ледарчу нахах дагавийла оьшуш дац .

Дечу гЗуллакхах билгал вера вац стаг и г1уллакхаш дан мифца бен .

Ша деш долу г1уллакх дегаз вуйла хоуьйтуш дан ца деза .

I hurra дина гГуллакх баркалла хир доцуш эрна ду .

Нахаца тасаделлачу г1уллакхана ю къарло ма леладайталахь .

11|in делахь - дов к!арглур ду хьан, гТуллакх делахь - г1уллакх ill шур ду .

Нехан вовш аш ца тасаделлачу г1уллакхана ю къарло ма и'нпделахь, баркалла'Хир дац хьуна. Харцо ма елахь - юьхьк1айлур \ ьан. Ю къарло теш ам болуш хила деза .

in Мало йолуш волчу стаге гГиллакх лелалур дац. П иллакх и но хьуьнар хила деза. П иллакх лело 1ама веза .

Хьайн гТуллакх деш г1елвелчи, сада!алахь. Н ехан г1уллакх in-in г1елвелчи, сатохалахь .

П уллакх шен хеннахь дан деза. Я лта а шен хеннахь ца ни...., хьийкъина дог1уш дац. Ш ен хеннахь ца дина г1уллакх эрна '•У .

Ахь сагатдарх шен хеннахь бен г1уллакх хир дац. Са а ч.п.дда т!аьхьаваьлла леларх, хуьлуш дац г1уллакх, аьтто ца пнсбелчи. А ьтто нисбан хьуна хаахь - г!уллакх хир ду .

Хьаналчу къинхьегамо кхуллу стеган ирс, хьаналчу | мшхьегамо ойла самайоккху, синтем бо, стаг ш а шена резаво .

Балхо беркат дахьа. Балхо сингаттам эккхабо. Балхо кхетам и | Болх бар сийлахь ду .

Болх бичи кхача а дика баало, наб а дика кхета, синтем а VVi-Jiy .

Болх айхьа харжа. Бан схьалаьцначу белхан хам а а бе .

I Ivi.iiна ирс а лаха .

Л аьттаца беш болу болх еийлахь а, беркате а бу. Ше схьаэца хууш волчунна лаьтто луш дерг доккха беркат ду. Степп ирс а оцу беркатах кхоллалуш ду .

Ирсана т1е боьду некь къинхьегамца бен карош бац. Хьан сакъералучу балхо сингаттам бицбо, бала даг т1ера эккхабо .

–  –  –

Болх беш воцчу стеган меженаш м ела а, экаме а хуьлу .

Дан дезачу г1уллакхана эрна сагатдечул, иза чехкка кхочуш а дина, синтем бар г1олехь ду .

Ш ен г1уллакх деш воллучу стагана мукъа нах хьошалНа оьхур бац хан йолуш а, йоцуш а .

М ало йолчу стаганий бен мацалла х1уттур яц .

Ш ен тоъал болх бина чувирзинчул т1аьхьа, садо1уш йоккхачул мерза хан яц .

Сада1ар - иза болх хийцар ду. Х1умма а ца деш 1адьер иза сада1ар дац .

КЪОНАХАЛЛА, СТОГАЛЛА, МАЙРАЛЛА,

ДОЬНАЛЛА .

Хьуьнар, доьналла, стогалла, собар доцчу стагах къонах ца it Iни Къонахчуьн гЬшлакхан коьрта «меженаш» ю уьш .

Доьналла долуш волу стаг бакъонах вухур вац .

Турпалхочуьнан дег1ан са даккха тарло, амма цуьнгара I пи чина йоккхур яц .

Къонахалла къийсамехь кхоллалуш ду. Вахарехь муьлхха а in инпаш, дуьхьалонаш эшош хила беза стеган къийсаман некь .

Даг чуьра кхерам эккхо доьналла долуш волу стаг вуьззина I v|mujixo ву .

–  –  –

Дов даьллачохь г1иллакх лацарал, нийсо лахарал, собар ичпрал еийлахь х1ума дац къонахчун амалехь. Къонахчуьнгахь дов ими наллахь а, хила деза гЬшлакх, собар, лаха еза нийсо .

Дуьхьал леташ верг эшчи, цунна кхин г1ело а ца еш, пналар къонахчун г1иллакх ду .

hi Кийрахь дог долчу стеган яхь хир ю. Яхь йоцуш иза велахь iiiipaxb дог дац .

Стаг бахамах, таронах валар, ц1а доцуш, кхерч боцуш висар и кха зен дац. Доккха зен ду стаг сий дайна висар .

к Оьзда, г1иллакх долуш, хьекъал долуш хиларх стаг м, к харчу дарже (г1уллакхе) ца кхочуш виса тарло. Лакхарчу мржах стаг атта вухур ву. Амма стаг шен г1иллакхца, собарца, хьуьнарца, оьздангаллица, нахана дика болх лаарца, хьекъалца ша шьккхинчу сийлаллин даржах вухур вац .

Стеган къонахалла цкъа баьккхинчу толамах, гайтинч\ доьналлех билгалдаьлла 1еш дац. Даима цуьнца долчу гЬшлакхцн, цо дечу кегийрчу а, даккхийчу а гГуллакхашца билгалдолу .

Стаг тийна хиларх оеал ву, стешха ву, я цуьнгахь ницкь к1езиг бу ма мотгалахь. Тийначун ницкь къайлехь хуьлу. «Цкъалх»

бохуш дукха лета ж1аьла, когаш тоьхча, доду .

Дуьззина шен дарже кхаьчна стаг мостаг1аша а хьестор ву .

Дикачу амалех хадалур бац стеган буьззина мах. Шена хууш долчух пайда эца а, шен амалш йовзийта а цунна хааре терра бон вевзар вац иза .

–  –  –

Хи т1ехь нека дан хаарх г!ург1аз ца хуьлу муьлххачу и олхазарх .

Хьоза, мел лакхадаьлчи а, лечане хьалакхачалур дац. Леча г1елделла охьалахдаларх хьозанал эшна хир дац .

Дикачу къонахаша шайна хилла сингаттам дагахь кхобу .

кога к1ел хьоша .

Къонах хилла д1ах1отта лаахь, к1иллошца къийса дезар ду хьан .

Доьналла долуш хила лаахь, дуъхьалонаш йохо 1ама веза .

Къонах хила лууш верг вахарехь 1итталу муьлхха а халонаш харцонаш эшо хууш а, уьш эшо хьуьнар долуш а хила веза .

Нахана даггара диканиг лууш волчу къонахчунна йоккха маршо ю, иза нахана везар ву .

Нах безаш волу къонах хьанал хир ву, нахана дикаболх лууш а хир ву .

и г— Оьг1азло эшор - хьалхара толам бу. Собар - шозлаг1а толам

Ш )йла еш хьекъалца динарг - кхозлаг1а толам бу. Уьш къонахчун 1 1 н.накхаш ду .

и

–  –  –

Яхь йолчу къонахчун дог халкъан дуьхьа детталур ду .

Доьналла долуш волчу дикачу къонахчунна дагчохь кхерам пп. Iтар бац .

I Lla шех б1обулуш воцчу стагах къонах хир вац цкъа а .

Къонах вара олий хадош бац стеган мах. Цо ша хадийнарг Оу Къиза кхел хилла волу стаг, майралла, доьналла долуш иза i.i м., цу кхелана воьхна хир вац, воьхна иза вацахь - эшна вац .

mi Стаг шен дешан да хила веза. Шен дешан да воцчух къонах и I мила, я хир а вац .

Дог-ойланан лаам, син ч1аг1о, хьекъал - доккха совг1ат ду. И ' пн la г шегахь дерг вуьззина къонах ву .

С’обарца ша шена т1ехь толам баккхар боккха толам бу. Ша м и наамца волчу стагехь ерг йоккха парг1ато ю .

и Къонахалла дег1ехь ницкь хиларх, герз лело хаарх яц .

Къонахалла собар долуш бакь хиларх ю .

Къонахалла мостаг1чунна т1ехь толам баккхар хилла ца 1л Къонахалла шен лаам кхочуш бан доьналла хилар ду .

Оьг1азе, сиха хилар новкъа дац къонахчунна. Амма оьг1азо а, сиха а амал йолуш велахь - шена т1ех1оьттинчу г1уллакхах ни вухуш, хьесап дан боккха кхетам болуш хила веза .

Шена т1ех1оьттинчу г1уллакхо вохийна, ша дан дезарг па хууш, нахе ладег1а ваьллачу стаге х1умма а далур дац. Him г1уллакхан долара ваьлчи бен нахе ладоьг1ур дац цо .

Палатваларх ларлуш хилалахь, сан доттаг1. Майрал.1... .

сихаллий даг чу ц1е летта хьуо хилахь, хьекъална сема а, собарс а хила везийла хаалахь .

Ш а шена т1ехь толам боккхур бу къонахчо, ша шсцп къийсам латтабахь. Цуьнан лаам кхетам, хьекъал ша шеца латточу къийсамехь кхуьуш ду .

Атта оьг1азвахар, сихалла, харц лер, ша харц велахь а, ша бохучу т1ера юха ца валар - вон амал ю. Ворх1аммо сецош, чуг1ерташ велахь а, толам боккхур бац цо .

Стаг тап-аьлла тийна, ойлане хиларх, г1ийла ву мотта ца деза. Цуьнан тийналлица, ойланийн к1оргенашца кхиъна эшалур боцуш, сийлахь боккха ницкь хила тарло. Т1ехьажарехь оса на хетахь а, цуьнан кийрахь 1уьллург лоьман дог хила тарло .

Тап-аьлла тийна майралла тийначу х1ордах тера ю. Xlopa ловзабаьлчи сацалур бац. Майралла гучуяьлчи, эшалур яц .

Тур даьккхина чуг1ертар - майралла яц. Цуьнгахь ницкь бу, иза майра къонах ву олийла дац. Стеган ницкь, майралла, доьнална цуьнан собаречу тийначу амалехь д1адижна ду, хьакь дол ч у меттехь бен г!оттур а доцуш .

Майралла - ч1ог1а жоьпалле герз ду. Майралла дикачу I 1,онахчуьнгахь хила йог1уш ю. Цо ша вуьтуш дов а доккхур дац, м.ш.ккхича эшна юха а вера вац .

Майраллий, хьекъаллий стагехь цхьана нисделча иза эшийна т.хаваккха х1ума дац дуьненчохь цхьа а. Цуьнан дег1ера са-м кнскхур ду, амма къонахалла-м доккхур дац .

Майралла «б1овв» бохург 1овдал «буг1а» ю. «Б1овв» бохачу нуг1ин йост йо я ма1а йоккху .

Майралла гучуяккха г1ертар - сонталла ю .

Кхоччуш майра стаг юьхь1аьржонах бен ца кхоьру. Кхоччуш майралла къонахчуьнгахь бен ца хуьлу .

Майра хиларх ца олу стагах къонах ву. Адамашна пайдехь иол чух олу дика къонах .

Къонахчун ц1е халкъо йоккху. Ш а шен ц1е яккхарх къонах ни хуьлу .

Дахаран хьелашца зуьйш, даго къобал деш хаьржинарг | м, лоьцуш, кхиъна стеган амал лам санна ч1ог1а хир ю, лаам онда пр бу .

Стеган дика амал - боккха бахам бу. Дикачу амало кхуллу и I там сийлаллин васт .

Дикачу амало кхуллу безам, нахаца марзо .

Ам ал дика йолуш волу стаг, мел къен иза велахь а, вехаш ноичул а вехаш ву. Дог дика стаг синтем болуш вехаш ву олийла ду .

Сийлахьчу адамийн амалш берахь дуьйна къийсамехь |холлаелла ю .

Стеган амал хийцало заманан хьелашка хьаьжжина .

Стеган нуьцкъала амал нуьцкъалчу хин хьесапехь ш Нуцькьалчу хе мел онда хиларх, шена дуьхьал бина вал бохабо, нал бохийна д1ахьаьдчи, цуьнан ницкь кхин а боккха хуьлу Нуьцкъалчу амало муьлхха а яккхийра дуьхьалонаш кегйо .

–  –  –

Кхерам, хало т1е1оттаеллачохь гучуйолу стеган къонахалла .

Майраниг ийзалуш хир вац. Шек а воцуш, кхера а ца кхоьруш воьду иза 1ожаллина дуьхьал .

–  –  –

Кхоччуш къонахалла долуш волу стаг мел буьрса кхерам, мел къиза хало тЫоттаяларх воьхна хир вац .

Вуьззина къонах цкъа а шен бала балхош хир вац. Осала crai

- хилларг х1умма а доццушехь, даима гекъамаш беш, воьлхуш хир ву .

Дика къонах ша эшчи а хир вац воьхна. Майраллица, доьналлица хьекъал а хила деза стагехь. Хьекъал доцуш йолу майралла а эша тарло. Майралла йоцуш долу хьекъал а эшна диса тарло .

–  –  –

Дикачу къонахчуьн лоьман санна майра, амма къинхетаме дог 1уьллу кййрахь .

Дуьззина шен декхар хууш волу стаг эшийна юхаваккхалур вац .

Хала, кхераме киртиг т1ех1оьттинчохь евзар ю стеган амал, цуьнан къонахалла .

–  –  –

1акьволчу къонахчо ца хууш дашца а, дечу г1уллакхашца а, j m чли,а йолчу юкъаметтигашца а шегара г1алат даьлчи, ша шена геч i и нпп, кхиор ю шен оьзда амал .

м К1еда-мерза стаг ледара хета а тарло, амма къийсамехь цхьа I, инакх [оттаделчи, гучуйолу цуьнан амал, стогалла .

–  –  –

( геган нуьцкъала амал хьекъалца, кхетамца йозуш хила еза .

Цхьа а тайпа амал йоцуш волу стаг - стаг вац. Шен лаам а, мам кхочуш бан хьуьнар а доцуш волу стаг ледара стаг ву .

Хьанала, ц1ена, бакъволчу стеган сийлаллин дарже кхача (Инн ю. Сийлаллин дарже и кхочур ву, болатан амал, боккха лаам....Iviii п т велахь .

–  –  –

Коккхачу лаамца, болатчу амалехь волу цхьа стаг эшо I I л ницкь оьшу. Нагахь санна иза бакъонна т!аьхьа х!оьттина велахь, иза эшо ницкь болуш х1ума дац, 1ожаллех а иза кхоьрур вац .

Бакь хиларрий, стогаллий цхьаьнгахь нисделчи, боккхп ницкь бу .

Дикачу кьонахчуьнгахь куралла хир яц. Иза ницкь болуш стаг ву. Куралла йоцуш г1иллакх долуш верг еийлахь стаг ву .

Бакь хилар шеко йоццуш майра хила бакъо луш гГиллакх ду Х ьо бакь луьйшшехь харцонна тасаделла г1уллакх дерзо аьтто бу .

Хьаналчу стагал сийлаллин дарже кхача бакъо йолуш цхьа а вац .

Дикачу къонахчун халкъана новкъарло еш долчу т ы дуьхьал, дог тохалуш, оьг1азло г1оттур ю .

Дикачу къонахчо стагана юьхьдуьхьал бакь дерг д1аэр ду, амма цунна цунна т1аьхьашха вониг дуьйцур дац .

М ел хало хьайна хиларх, мел балано хьуо лацарх - хьапи стогаллех, доьналлех ма вохалахь. Х ьо доьналлех вохо, хьоьгарл стогалла яккха ницкь боцуш висчи - хьан мостаг1а хьайл эн им хиларх воккхавеш хилалахь .

Кийрахь дуьззина дог долу к1ентий харц хила бакъо йолуш бац. Я хь йолу к!ентий бу дуьне д!акхоьхьурш .

Г -------------СИНГАТТАМ,ХАЛО,БАЛА, ПАЙГ1А .

–  –  –

Х1уъу а хилла латтахь а, велалой, векхалой хилалахь .

|bnм lane, г1елвелла корта охьаолларах наха тамаш бийр бац хьох .

Кхетам болуш волчу стага заманан хьелашка хьаьжжина IV гуш т!е а оьцур ду, кхочуш а дийр ду г1уллакхаш, заманан »

| h i m am. Уьш кхочуш даре терра, иза даржехь а нийсвийр ву .

Халачу хьелашкахь висина, г1айг1ано, балано хьуо лацарх м ип ма хилалахь. Г1айг1анна, баленна корта охьа ма та1абелахь .

и А шммшна дика болх лууш, халкъан дуьхьа ваха лууш хьо велахь ахь берг боккха ницкь бу хьуна .

и Таронах, токхонах воьхна, аьтто боцуш хьуо висчи, ирс ' ища нисна ма мотталахь. Адам, дуьне довза кхетам бу хьоьгахь ц|" момуш ву хьо. Нахана зуламаш дина вац хьо - ирс долуш ву |о Хьарамло, харцо ца езна хьуна - ирс долуш ву хьо. 1аламан 1 1 чу аьзнашка ладег1а ши лерг ду хьан - ирс долуш ву хьо. Хьайн

–  –  –

( 'ингаттамо б1арзвина мел холчохь хьо висарх, самукъадала нм.и оахьана доцуш вуьсур вац хьо. Хьайн самукъадаккха бахьана ы млахь .

Балано хьовзийна де эшна хьуо висча, хилла дерш дага.... т. ойла еш хилалахь, хьайл а балехь адамаш кхин а карор ду Ч I. VMM .

Муьлхха а сингаттам базбай т1е ма эцалахь, цуо хьошур ву i.i| м.уьнарца, собарца сингаттам хьашалахь. Хьайн дог хьаста........ болчу адамашна герга та!алахь .

Ирс дайна, къиза кхел хилла вуьсар вац стаг, цу кхела\ к1елхьара вала цхьа кор доцуш .

Баккхийра сингаттамаш беха ца лаьтта, кегийрп сингаттамаш тергал бан а ца оьшу. Кегийра сингаттамаш дага ми лецалахь, цкъа а синтем хир бац хьуна .

Сингаттамана, баленна к!ел ма сацалахь, хьуьнарца доьналлица дуьхьал хГотталахь, и сингаттам, бала эккхабелахь .

Некъо халий, готтий хиларх, боккхачу некъе воккхур ну, къар ца луш хьалха д1аводахь .

М ел мерза хир дара вахар, цкъацкъа б1аьрга хиш т!е Ienam дацахьара .

Хьекъал, доьналла к1езиг долуш волу стаг хиллачу бохамиа к!ел соцур ву. Хьекъал, доьналла долуш волчу стага сингаттам ком к1ел хьошур бу .

Кегийра сингаттамаш балхош токху. Боккха сингаттам таи аьлла тийна хиларца токху .

Къонахчо балха ца беш токху шегара бала. Ледарчу ста! а шегахь хало яцахь а, текъамаш бо .

Х1ума атта сих-дагах кхеташ, иза дагана 1еткъаш, ла ца луш верг декъаза ву. Ш а шена 1еткъамаш а беш дагна хало ян оьшуш дац .

Хьайга хийцалур йоцуш хилла яьлла кхел, къаьхьа къурд бай, т1е а эца, къонахчо санна и ловш а хила .

Вахаран мел халчу хьелашкахь кхетам а, кхиам а хила беза г1олехь йолу arlo лаха а, харжа а, халонаш эшо а .

Х илла даьллачунна собар хила деза, и собар дан доьналла хила а деза .

Доккха вон деъна сингаттамо лаьцча, чохь ма сецалахь, сан mi ini'!, сингаттам хьайнна буьсур бу хьуна, хьайнна и бисча, цо i.aralop ву хьо. Доккха вон деъна, сингаттамо хьуо лаьцча, наха • |И к 1 валалахь, наха д1аоьцур бу хьоьгара сингаттам .

| ', с Сингаттам хиллачу стагана 1аламо rlo до. Х1инццалца шен in чам хилаза долу керланиш девза, церан ойла йо, церан I 1,лиленашка кхуьу. Цара сингаттам байбеш атто йо .

Дуккха а халонаш лайна стаг кхоьруш хир вац .

Халоной, баланой 1илманца боцу кхетам ло .

Лайна халой, балий дицдан мегар ду, амма халоно, балано I. 11 i1 м нарг дицдан мегар дац .

Халонаша 1амийнарг, ц1ергахь дахчийна болат санна, ч1ог1а чир ну .

Толамна ша зийна воцчуьнга толам атта баккхалур бац .

Халачу киртигах толамца к1елхьара вер ву доьналлех ца моих нарг .

М ел хало, мел кхерам т1ех1оттарх - воха мегар дац. Воьхчи ич ап ка юху. Шена т1ехь 1ен бере воьхчи - дин а буху .

Шегарчу халачу хьолах к1елхьара вала лууш волу стаг |li пхьара вер ву. Стеган лаам онда бу. Лаамо стаг шен 1алашоне !чачаво .

М ел халчу хьолехь стаг висарх, аттачу вала цхьа некь боцуш nvi.eyp вац. И некь лаха беза, и некь баккха беза .

М уьлхха а кхерам, хало т1ех1оьттича - вохий ма хилалахь .

Хало, кхерам доьналло юхатоттур бу хьуна, доьналла долуш чипалахь .

Шена хилла вон болх, сингаттам доьналлица лан беза къонахчо. Текъамаш беш велхар - осалалла ю .

Сингаттаман бала кхочуш а хила веза стаг, сингаттам лап хууш а хила веза .

Стаг даима сакъералуш, самукъане, догдика хилар - иза ницкь болуш хиларан билгало ю .

Дикане сатийсар - доккха дика ду .

Баланна к1ел сецчи, бала кхин а базлуш бу .

–  –  –

Ш егахь долчу хьолана реза хилар дуьхьа, шегахьчул ледара хьал долчуьнан ойла ян еза .

Даима лаьтташ бац сингаттам, цхьа дарба доцуш бац да!

чуьра бала .

Замано ерзайо даг т1ера чевнаш. Замано д1ахьо даг чуьра сингаттам .

П елделлачу дег1ана, эшначу дагна диканах дбг ца дилларал доккха дарба дац дуьненчохь цхьа а .

–  –  –

Диканах дог дилларо хеназа къанво. Диканах дог диллинар!

баланна, сингаттамана шенна вуьсу .

Кийрахь докха дог долуш, яхь йолуш, к1орггера ойла йолуш волу стаг халонна, кхерамна, баленна къарвелла к1елвуьсур вац .

Сингаттамо, балано лаьцначу, г1айг1анечу стагана забарш ярал дарбане х1ума дац. Забарша дагна хилла чов ерзайо, сингаттам д!абоккху .

Халоно б1арзвинчохь вела ницкь болуш верг, вон деъна |Itvii нисчи, собаре хуьлуш верг кхерам т1ех!оытинчохь доьналлех h i пуху .

Халонах кхоьруш верг - халоно эшор ву, халонах кхоьруш... ню - хало эшор ю .

Хьайна т1ех1оьттинчу халчу киртигах к1елхьара вала аьтто ы.анахь. Цунах к1елхьар вала ницкь ца кхочуш висчи а, mi лхьбаллам хир бац хьуна .

БАКЪО, ХАРЦО, ШЕКО Харцонна дуьхьал х1отта хьуьнар доцуш волу стаг оцу харцоно хьийзор ву .

Ирс дайначу стагана бер бу кхерам тГаьхьа. Кхерам эшош верг - ирс долуш ву .

Кьизчу харцонашна дуьхьал х1отта доьналла долуш волу стаг толам боцуш вуьсур вац .

Харцонашна, халонашна цецвуьйлуш вохий ма хилалахь .

Х ьо эшон, хьо къарван ницкь болуш х1ума доцийла хаалахь, u x i.;i 1ожалла йоцург. 1ожалла т1ех!оьттича, стогалла д1а ца луш, дег1ап са д1алолахь .

–  –  –

Стаг зуламе хила ца веза. Цуьнан 1алашо даима машарех1.;| хила еза .

Хьанала, ц1ена хиларх кхачам бац стагана, бакъо лохуш а лаха хууш а, нахана а, шена а пайда бан хууш вацахь .

Дуькъа хиларх дахкаро хьулйийр яц бакьонан з1аьнарш .

Ницкь ца кхочуш нийсо езар - г1ело ю. Ш ен ницкъах пайда оьцуш харцо лелор - ямартло ю .

Бакъволчу къонахчух, иза хьанала а, ц1ена а, кхоах эцалур воцийла а хууш волу ямарта стаг ц1арах санна цунах кхоьруш хир ву .

Хьекъал долуш а, тешаме а, нахаца дика а, хьанала а волчу стагаца мел харцо лелийча а, иза эшалур вац, цуьнан сий дана г1ертарх, цуьнан сий а довр дац .

Х ьо бакь велахь, харцонца къуьйсуш, хьо эшахь а - эшна вац. Х ьо бакь хилар ла ца луш, даржана лакхарчу к1иллота юхатиттарх - хьо эшна вац .

Нехан ц1ийх, хьацарх вуьзна верг бахамах, дохнах писала куралла еш хир ву. Цунах ма вашалахь, хьуо ямартло, 1м пмло йоцуш бакь хиларх цунна дозалла делахь .

!| Дуьне, вахар дезаш волу стаг бакъо езаш хила веза. Хьайга "и ьдсрг аьлчи, мел къаьхьа иза хиларх, ладугГуш, иза лалуш ип.шахь, г1алатонех ларвала хуур ду хьуна .

Бакьдерг молха санна къаьхьа делахь а, хьо тован дарбане ду .

Бакъо - хьан'хьекъалан, кхетаман стом бу. Бакь луьйш

• иплнахь, юьхь1аьржа хГуттур вац хьо .

• Хьекъалан тешаме доттаг1 - бакъо ю, хьекъалан мостаг1 парною .

Шена хуъушехь харцо кхийдош волу стаг - ямарта к1илло ю .

1 sпах хь а хетта, я эшна юхавала оыдуш дац .

–  –  –

Бакъо - хьан тешаме герз ду. Бакъо - хьан боккха ницкь бу .

I'.ik io - хьан сийлаллин дарж ду. Бакъо - хьан хаза г1иллакх ду .

I, in|.о хьан деган марзо ю, хьекъалан серло ю .

Бакьле атта ду. Харц ле хала ду. Бакь лер - юьхьк1ам бу .

лрц лер - юьхь1аьржо ю .

–  –  –

Бакъонна T ie кхиънарг харцонах кхоьрар вац. Дог ц1ом хьанала стаг цкъа а харц луьйр вац .

Бакъо хенаца а, хаарца а ч1аг1ъелла лаьтта. Харцо я хено, и хааро гучуйоккхий йохайо .

Бакъдолчун мостаг1а - харц моттарг1анаш ю. Бакъдолч доттаг1а зама ю, заманан йохалло гучуйоккху бакъо .

М ел къаьхьа делахь а, бакъдерг тоьлу мел хазчу харп моттаргГанел а .

Бакъдерг т1е чим тесна алу санна къайлехь диса тарло. Аммн мохо чим бадийча - алу санна серладер ду бакъдерг мацца а цкъа .

М ел ч1ог1а кхиссарш еш къийсарх - хьан бакъо ларе доьналла долуш хилалахь .

Малхана сирла бу бохуш тоыяалла дан оьшуш дац. Малх малх бу. Морхаша иза кхоларах - морхаш д1аевр ю, малх серлабер бу. Бакъо, морхаша малх санна, харцонаш хьулъярх, харцоплт кеглур ю, бакъо т1еер ю .

Бакъ хилий вахалахь, маьлхан нур санна, нур хир ду хьоым

- сийлаллин нур .

Цкъа боккъалла а ч1ог1а г1уллакх 1оттаделлачохь, мел ала ца.I;Iх ь а, бакъдерг д1аалалахь, харцонна к1ел ца соцуш .

Бакъонан з1аьнарш хьуллур яц мел дуькъчу дахкаре .

Бакъоно шена некь боккху, т1улган бердаш юккъехула ишадолучу бецан хелаго санна .

Бакъвоцчу къонахчух къонах ца хилла. Бакъвоцу къонаха шфжехь ца хилла .

Бакъоно яккхийра дуъхьалонаш кегйо. Бакъо мел генара нею. бой а, толаме кХочу .

Хаза г1иллакх ларо деза, дика закон а ларо деза .

Хьекъалаш долуш болчу нахана бакъонаш а евза и бакъонаш ыкхош берш а бевза. И бакъонаш талхош болчарна дуьхьал I' мшсам латто декхарийлахь бу уын .

Нийсо лахарал йоккха бакъо яц цхьанна а законехь .

Харцонца стагана та1зар дарал доккха зулам дац. Харцонца | Iлгана т1ехь йина суд т1ера йолуш яц, иза паргГатваьлчи а .

Стаг дуьхьал воцуш бехке вар - г1иллакх дац. Иза ша iyi.xi.an хилча цу бехках к1елхьара вала тарло, бехке вацахь .

Х1ума шен б1аьргашна гина верг ч1ог1а теш ву. Цуо деш полу тоыналла дохалур дац .

Цхьана х1уманна хот1а воьжначу стакана гечдар йоккха |ьопахалла ю .

Стогалла стагана гечдар ницкь болуш волчу стагехь ду .

Зулам деш болчу нахана гечдеш волчо нахана зулам до .

Зуламечу стагана rlo деш верг оцу зуламхочул оынуш ву .

Зуламхочуьнгара цуо зулам дале даккха деза герз схьа .

Юьртан «тхьамданаш» баккхийра нах зуламе стаг шайпа вевззашехь, шен хеннахь иза саца ца веш, цуо зулам даллалц 1адда а 1ай, цуо зулам динчул т1аьхьа бовлу машар бан ара .

Юьрта чохь машен чехка лоьллуш верг ца сацаво. Цуо зуда а, бер дийчи, цуьнан верас сацаво, иза 1едале д!а а ца волуьйтуш, цунна дог1у та1зар ца дойтуш .

Къаьркъа мелла вехна а волуш, машен г1етоьхна стаг вийча «Д елан кхел хи лла» олу. И малар мелла а волуш зулам динарг дог1у та1зар дайта. Т1аккха цунна динчу таХзарна «Д елан кхел хи лла» р ду вай .

Водитель барамал т1ех чехка воьдуш хиллехь а, къаьркъа мелла вехна хиллехь а, «Гечде цунна, ца хууш хилла, хууш м котаман к1орни а дуьйр дацара» олу, машено стаг вийча. М а мала боххушехь, къаьркъа а мелчи, чехка ма rlo боххушехь, чехка а вахча, кхин х1ун бехк хила беза цуьнан? ?

Хазахета, бохург санна, стаг вийча а «кхел хи лла » олу. Кхел хиллехь лийр ву, ца хиллехь вуьсур ву аьлла шена т1е а ерзийиа тоьпан лаг озийта ваьхьаш мила хир вара-техьа?

Шен бакъонах тешна ваьлла стаг харцонех кхера оьшуш дац .

Харцонашца къевсанчохь эшча а вац иза эшна .

Къинош летоза маьрша стаг стешха хир вац. Я стешха хила оьшуш дац. Зулам деш верг ву стешха .

Зуламхочунна та1зарх к1елхьара валар ду дезчех деза совг!ат .

Шен бехкана къера хилла дохковаьллачу стагана гечдан а мегар ду .

Ледарчу наха деш ду зуламаш. Къонахчо цкъа а дийр дац зулам .

Бакъо йовр а яц, къан а лур яц. М ел къайлехь сецорах бакъо | кагучуер ю къона а, хаза а .

Бакъоно харц тоьшаллаш дохадо .

Бакъо йийца хууш волчуьнгахь нуьцкъала герз ду. Бакъонан пин г бийца атта бу .

Бакъдерг хаздина дийца оьшуш дац, амма бакъдерг дийца а, | in I а а, хаа деза гайтар бегЬш ла долчу arlop .

Бакъдолчупна къера хила веза. Бакъо туьйра ю .

Бакъо ларош д1ах1отта веза мокхазан берд санна. Бакъо д1а м хоьцуш тоьпашна дуьхьал х1отта мегар ду. Бакъо ларош а,.I ' мм.долчунна т1екхиа веза .

Даггара дикаболх. лааро бакъдолчунна тоьшалла дийр ду .

Мп а XI» цхьаь долуш, багах кхин дийцарх стаг тешар вац .

.

Харцонаш шена гушшехь, царна дуьхьал къийсам а ца пт mill Iадда1ер - ледарло ю .

11ахана харцо ян мегар дац. Харцоно стаг нахала а, дакъаза а моккху .

Нахана зуламаш лелийна стаг т1аьхьа дохковер ву, цуьнан п нар нон хир ду, тезетахь нах к1езиг хир бу .

.|

–  –  –

Дуьненчохь адамал еийлахь х1ума дац. Дуьне адамийн дуьхьа кхоьллина ду. Адам дуьненчохь мел долчу х1уманан эла ду .

Адамашлахь диканиш а хуьлу, вониш а хуьлу. Дикачуьнан мах хадалур бац. Вочуьнан мах бан а бац .

–  –  –

Стага ша кхоьллинарт ду шен сий. Стага ша хаддийнарг бу цуьнан мах .

Стага ша ларо деза шен сий. Шен вахаран а, парг1атонан и, могашаллин а хама а беш .

–  –  –

Стаг сийлахьчу даржехь хир вац, нагахь санна сийлах! .

г1уллакхаш дина иза вацахь .

Деша а, 1ама а лууш воцург цкъа а ца хилла сийлахьчу даржехь .

ХГуманах кхиа г!ерташ, кхуьуш волчух бен поэт а, яздархо а, 1илманча а ца хилла .

Хьанала, ц1ена стаг даржана лакхавала бакъо йолуш ву .

" ьлпал хилар еийлахь ду .

.

Стеган уггаре а еийлахь дарж вуьззина стаг хилар ду. Стаг молчу стеган мах хадалур бац. Стаг воцчу стеган мах банне а бац .

Хьаналчу стагал сийлаллин дарже кхача бакъо йолуш цхьа а ниц, Сий долуш волу стаг харцонна т1етовр вац. Сий долуш молчу стага харцо ловр яц .

/ Дикачу къонахчуьнга шена хилла муьлхха а зен лалур ду .

\ммн шен сий дойъу долу х1ума лалур дац .

Кхетам болуш волчу стага хьекъалаш долчу нахана зеделла in I каш хоржур ду, царех масал лоцуш, пайда оьцуш, царех 1емаш .

мм санна сийлахьчу дарже ца кхачахь а, церан нур догур ду цунна 11см .

1ИЛМА, ГОВЗАЛЛА, КОРМА ТАЛЛА

Вайна хаа деза, къинхьегам (куьйга бен болх) кхоллараллпи болх санна корматаллица караберзо безаш хилар .

Стеган корматалла къинхьегаме йолчу марзонах кхоллалуш ю .

Стеган говзалла - говзалла ю, нагахь санна цунах пайдаэца хууш иза велахь. Говзалла, ша ойла а еш, шен хьекъалах пайда а оьцуш, 1амо еза .

–  –  –

М уьлхха а цхьа тайпа корматалла йолуш вацахь, стеган вахар - вахар дац .

Керла айхьа зуьйш долчунна эхьхетта юхавала ца веза, Зуъйш билгалдаьлларг даго къобал дийр ду. '} Х1ума ган а, довза а, цуьнан хьесап дан а корматалла хилар уггаре а дезачех совг1ат ду .

Адамийн дахарехь массо а ханна говзалла, хаарш вовшашкара кар-кара оьцуш схьадог1у. Хьалхарниг т1е ца кхуьуш йисна говзалла, шозлаг1чо т1екхуьуш еайоккху. Хьалхарниг дан ца кхуьуш диснарг цул т1аьхьа вог1учо кхочушдо .

Дуьненчу девллачу адамашкахь уггаре а к1орге хьекьалаш долуш хиллачу наха кхоьллина хазна - литература а, 1илманап говзалла а халкьашна пайденна йисна а, юьсуш а ю .

Д1аихначу б1ешерийн говзаллех пайдаэца хууш волчо шеи говзалла лакхаяккхарехь кхиамаш бохур бу .

Гулдина адамийн уггаре а хаза а, говза а, ира а, хьекъале а дешнаш - исбаьхьа йоккха хазна ю кхетам болуш волчу стагана .

) 1,ахарехь зеделла хьелаш, адамийн амалехь тайнарш, меттан.. ч.111.11с х ь хаьржинарш - доккха хьал ду .

I Замано хуьйцур дац, талхор а дац хьекъале аьлла дешнаш .

I. ш и санна уьш халкъо ларош ду. Церан мах хадийнарш - кхетаме Ы ПШ ду .

–  –  –

Х1ума хаа лууш верг х!ума хууш хир ву. Х1ума хааро айдо

•ими спи .

1ама лууш волчуънгахь собар а, доьналла а, хьуьнар а хила i щ Хьекъал долуш хиларций, хьуьнарций 1ема стаг. Ницкь маI г 1амаро кхачаво стаг сийлахьчу дарже, ямартло а, мало а lb h i s....... йсачу 1алашоне иза хТоттахь .

Х1ума хаар - боккха ницкь бу. Ницкь х1ума хаарца бу .

s I in хаар стеган сийлаллин даржашца дозуш ду .

XIума хаар муьлххачу а кхерамана дуьхьал яккха йиш м.. Iу111 опда ч1аг1о ю .

–  –  –

Дуккха а х1уманаш хууш хиларал, коьрта а, еийлахь а дерг • 1"|и I ерчу кхетамца 1амийна карадерзор тоьлашха ду .

Массо а тайпа корматаллаш цхьана стагехь хила тарлуш дац, уын цхьана стагехь кхоьллина а яц. Массо а адамехь шен-шеи корматалла ю. Цундела ю адамашкахь массо а тайпа шен-шеи говзаллаш .

Дукха хааро хьекъал кхиор дац. Дукха хаар хьекъалан K lo p i v йоцуш ду. Хьекъалан к1орге елахь, хууш дерг кхачо йолуш хир ду .

Говза нах дуккха а карор бу. Амма хьекъалан да, 1илмаиап к1орге йолуш верг наггахь бен карор вац .

Пайдехьниг хууш верг кхетам болуш ву. Пайдехь доцур!

хаар эрна ду .

Х1ума кхачам боцуш, вон хууш хиларал хаъане а ца хаар г1олехь ду стагана .

Х1ума ца хаарх эхь дац. Массо а хГума хууш хила йиш яц Шена ца хууш дерг хаа моттийта г1ертар ду эхь .

–  –  –

Ш ех пайдаэца йиш йолуш ю стеган корматалла. Дахарап хьелаш талла гидам болуш хьо велахь, дуккха а хГумнаш девзар ду хьуна .

Стеган корматалла иза вешшехь цунна елла ю. Амма оцу корматаллех пайда а оьцуш 1ама веза. 1ама ца йича, говзалла карайоьрзур яц .

Вешшехь кхоьллина ю стеган корматалла. Амма и корматалла кхио еза, 1ама веза, муьлхха а говзалла кераерзо e ta Адамашкахь бен хуур дац стагана шен корматаллин барам .

Тап-аьлла тийналлехь кхуьу стеган корматалла. Амма стеган амал чолхечу дахаран къийсамехь кхуьу .

Хьекъалан, кхетаман ойланаш еш кхочу адамаш 1илманан |1оргенашка, яккхийчу говзаллашка .

Стеган корматалла хиларх пайда бац, оцу шен корматаллица итчалла ца 1амийча. Говзалла 1аморах а кхачам бац, оццу говзаллех пайдаэца ца хиъча .

1илманан к1орге а, говзалла а йолуш волу стаг шен и итчалла халкъана пайденна хьовзо хууш хила веза .

Шегахь йолчу корматаллех, говзаллех пайда ца оьцуш, макана пайда ца луш 1еш волу стаг, шегахь йолчу говзаллин мостаг1 1у, Дешарца говзалла нахаца къийсанний, х1уьттаре лелонний, мпчалла данний, г1уллакхана, даржана лакхавалар дуьхьий 1амо |п а п у ш яц. Иза 1амо еза халкъан дуьхьа, халкъана пайденна .

Ахьа дика дина г1уллакх генна г1олехь ду г1уллакх ца деш иомчуьнгахь йолчу говзаллел .

Диплом а долуш, г1уллакх дан ца хууш волчул, диплом at цуш г1уллакх дан хуург г1олехь ду .

Шен корматаллех дозалла деш воцург дозалла деш волчул |ммлахь ву .

Кхоллараллин болх беш волу стаг х1ума сих, дагах кхеташ чyi.jiy .

Стеган корматалла ша шех тешарца, ша шех б1оболарца кyi.jiym ю .

Корматалла хиларх кхачам бац, оцу шен корматаллех найда-ща хууш вацахь, корматалла кхуьуш яц 1емаш ца хилча .

Стеган вахар xlopa дийнахь керланиг т1екхеташ схьадог1у .

1ама а, говзалла лакхаяккха а лаам хьан белахь, дерриге а дахаро схьахьоьху .

Вай кхоьлланчу везчу Дала х1ума ган - ши б1аьрг беллв;

дуьйцург хаза - ши лерг делла; шена гуш, хезаш долчуьнан хьес;т дан, ойла ян - хьекъал делла; хьекъало довзийтанарг къобал дан, я къобал ца дан - дог делла; дагахь дерг далхо - мотт белла. Оццу г!ирсах пайда иэца хууш верг атта гал вер вац .

Ч * БЕЗАМ, МАРЗО Безаман барам бац, и буста ницкь болуш цхьа а вац .

–  –  –

Харц моттарг1анаш лелош, х1илланца т1аьхьаваьлла жима

• i n иезавеллехь, оцу безаман т1аьхьало хир яц .

Пиллакх доцчу стаге маре яхана зуда - гГиллакх доцург бен liuipa яц .

–  –  –

Безамана хьествала оьшуш дац. Деган не1арш йиллина елахь, П him | шашах кхоллалур бу .

I езам цхьана хазаллех лаьтташ бац. Хазалла - б1аьргаш о т иур шега кхерсташ хазна ю. Безам - деган дог1а ду. Иза дагах | мчта безаман хьу ю. Мерзачу дашо, хазчу г1иллаккхо, сирлачу м ньало, оьздачу дег1о к1аргбо безам .

Кхоччуш дагах кхетта безам дагна 1аьткьаш бу. Марзо м|.цуц|, ноккхавевеш безам белахь, иза доккха еовг1ат ду. Харцо еш, мша нас еш, шеко кхуллуш безам белахь, цо дагна чов йо. Иза пт. кха бала бу .

Безамца буьззина тешам хила беза. Йо1, к1ант вовшен дагара

- ми, новшех тешаш дацахь, безамах шеко юьссу. Безаман шеко елахь, дагна синтем хир бац. Дагна синтем беш бацахь, безам безам бац .

Безам, схьалаца дег1 доцуш, деган полла бу. И гондахы хьийзарг стеган г1аларт ду. Ламанах морха санна безам д!а и хьаьрча, и морха санна, г1оттий д1а а боьду .

Т1аьхьало йоллуш, тешам боллуш кхоллабелла безам, бух а лард юьллуш йина г1ишло ю .

Безам - дагна хазна кхуллуш, ойла самайоккхуш доккха совг1ат ду .

Безам, хьо цуьнга д1акхаьчнехь, цул деза совг1ат дан а дан Безам - хьекъалан нур ду. Ойланан серло ю, деган йовхо ю, ирсаи шовда ду .

Безам боцуш дерг вахар дац. Цхьа безам боцуш вехийла дан

–  –  –

Безам - деган совг1ат ду. Безамо деган пхенашка мукъа м бойту, дуьне кхин а серладоккху, цуьнан куьцаш кхин а исбаьхьл гойту .

Kloprrepa боккха безам сийлахь-йоккха хазна ю - дог а, ойла а цуьнга лаьтта .

Безам - деган серло ю. ПашТа, бала цо д1атотту. Даима шопа ойла хьоьсту .

Шена езачунна везаш хилар доккха ирс ду .

Безам нуьцкъала бу. Цо дог а, ойла а йийсаре л оцу. Безаман барам а бац, я доза а дац .

Ч1ог1ачу безамо шена луъург до стагах - я воккхавево, и г1елво. Я къонво, я къежво .

Безамо ирчаниг а хазво, доцчунна хьекъал ло, хьекъал дерг ' I ьшшх вохаво .

–  –  –

Безам хила а, безамо хьаста а кхоьллина стеган дог, ойла, и I bin еа .

1езамо стеган амалехь дика мел дерг гулдой, хаздой, тодой I II (III I у .

Безамо г1елвина вожийнарг, цо шеца хьаьстича г1оттур ву .

Безам - деган нур догу седа бу. Цуьнца ю ойланийн хазна .

М ip юнца хьо хьоьстуш 1ехийна, тахкийна хьо вижо ага ду .

Дуьне дууш ца воЛлу безам боцуш верг. Вахар - вахар дац, in шм бацахь. Безам хила кхоьллина стеган ойла, стеган са, кийрара /П Ц Безам - йоккха хазна ю. Цо ойла хьоьсту, воккхавево. Цо чп inдо деган къайленера эшаран аьзнаш. Цо къестабо ховхачу н i n пип мерза чемаш .

Безам - боккха бахам бу. Безам бацахь стагехь йоккха | ми.пла ю .

Бакъболу безам цкъа а даг чуъра д1абан амал доцуш берг бу .

( тсган сийлахь боккха безам хьекъалан к1оргенца кхоллало .

S im I.там idopre деган йовхонца кхуьуш то .

Дуьненчохь дог хуъчу безамал марзо луш кхин х1ума дац .

Безаман хан тоьхна доза дац, къена, я къона хиларх. Веза а,

• м а i арлуш ду, хьан кийрара дог детталуш мел ду .

I Безаман дуьхьа мел динчу къиношна гечдан мегар ду, зулам доцчунна. Амма безамна дуьхьало еш летийначу къиноппм гечдойла яц .

–  –  –

Шера аренаш, лекха лаьмнаш, ц1еран арц, генара х!о|»д хадош кхача реза хир ву стаг безаман совг1ате .

Боккха безам адамах йийсар дан ницкь кхочуш бу. Безамах мел к1езиг бу тешам! Езначо хьо Iexop - мел харцо ю!

Безам мах белла эцалуш бац, т1амца я дехарца баккхалуш бац. Безам вовшашка кхоллалуш бу .

М алх санна хаза, нур шеца догуш, йог1ий схьах1утту кхии дош ца олуш, елалой, екхалой б1аьргийн нур кхарстош, ткьес сапна а безам дагах а тухий, йо1 д1айоьду, к1антана шеко а кхуллий .

–  –  –

Зудчуьнга болу безам цхьа стом боцуш буьсур бац, мги сингаттам, бала цунах хилчи а .

Шена дукха езачо, догдика деш безам кховдийча, ойла самайоккху, лаам совбоккху, белхан кайоккху .

Безамо сийлаллин дарж, г1иллакх дуста, терзанахь санна узу .

амалш кьестайо .

Деган къайленехь кхобуш болу безам къора а, тийна а бу. Я л Ипцчу безамо садуу .

Безам марзонца кхобуш бацахь, т1аьхь-т1аьхьа г1еллуш бовр fly .

Кхерам я бохам, хало я атто, халахетар, г1айг1а, бала, п шхетар, воккхавер - и массо а тайпа деган 1еткъамаш мерзачу Огшмца лан атта ду .

Даггара ч1ог1а езачун аз дуьненчохь мел хезчу аьзнел а m оаьхьа, хаза ду. Кхочур дарий цуьнга бекачу покдаран аз, декачу II ипин, лоькхачу эшаран аз?

Даггара ч!ог!а езаш ерг гуш, луьй хезаш, шена юххе йолуш ипккхучул мерза хан яц дуьненчохь цхьа а .

Безам банне а боцуш велахь, безамах цхьа дегайовхо |укъана хила еза. Безамах догдиллина вехачул, безаме сатуьйсуш и I лйовхонца вахар ду гоьлуш .

Дукха ду г1ибаташ, кьа латош вониг, кхоллабелла безам tц\орал кьилахь х1ума дуй-техьа цхьа а?

Безам - нуьцкьала бу, шен дуьхьа куьйга лам а тоттур iiiijiyiii. Юха а, безам мел экама бу, сабанан лоппаг санна атта бухур Полуш .

Безамо йина чов дагна 1еткъар ю. И ерза хала чов ю .

Безам багах балхо оьшуш дац. Безамана маттаца тоьшалла щи оыиуш дац. Безам деган куьзгано, йоьхьан сибато, б!аьргийн ниаро, дечу г1уллакхаша балхор бу .

Безам пайдехьчу гХуллакхашца балхор г1олехь ду, хазчу 1 гамашца балхочул .

.(4 Безамах лаьцна хьекъале, говза дийца г1ерташ волчуънан не 1ам т!аьхьало йоцуш х у ь лу Езначунна багах дашо г1аланаш яхкарал г1олехь ду иза ин м дола яьллачул т1аьхьа цунна цхьа коч эцар .

Тешамана дуйнаш баа оьшуш дац. Тешам болуш хила веза .

Вовшийн дезаш долчу шинне вовшийн дагара хаа хала дни Ш еко латтош болу безам - безам бац. Безаман шеконца, тем боцуш вехачул, безамах догдиллина синтем бу тоьлуш .

Безаман дуьхьалонаш ч1аг1 мел ели а, безам ч1аг1ло Дуьхьалонех кхоьруш хьо велахь, хьан безам - безам бац, хьо йо1ана веза хьакь вац .

Вовшех къаьстина гена даларх, дезначу шиннан вовпк ч безам бовр бац. Кхоччуш к1орггера безам и белахь, вовшех къаьстича ч1аг1лур бу .

Безамо бахам хоьржур бац. Бахаман дуьхьа безам кхаба лур бац .

Юентан, йоь1ан вовшашка безам кхоллабаларан хьелат дуккха а ду: вовшийн амалаш, г1иллакхаш цхьана догГуш хилар, дуьйцучух вовшех кхеташ а, тешаш а хилар, дог-ойла лаам цхьатерра хилар, безамна дегнаш тохадалар .

Безаман хьелаш кхетамца кхоьллина а, кхетамца ларош а, вовшийн лоруш г1иллакхца, оьздангаллица д1ахьош а хила деза .

Безам даиманна вовшийн ган лууш, вовшийх сакъералуш вовшийн дагара хууш, цхьана кхоллаелла кхел ю .

Вовшашка марзо йоцуш берг безам бац .

Езначунна хьайгара хуьлчу дикачу балхах хьо воккхавеш велахь, вон а, дика а езначуьнца доькъуш, муьлххачу декъехь а ича йоккхаеш реза хинйолу arlo лохуш хьо велахь, и безам бу .

Х ьуо везаш йолчуьнан, иза езаш хьо вацахь а, хама беш хьо ца хилахь, хьуна езначо хьан хама бийр бац, хаалахь .

Вакьболчу безамо нийсо а лоьхур яц, хиллачу цатамашна 1 кхам а лоьхур бац, г1уллакхаш дуьстина, ша саверг а лоьхур дац .

м I. шман жовх1ар дехна доккхуш дац. Безамо ша луш дерг безаман |mix lap ду .

Безаман мах хадо цхьа а тайпа доза дац. Безам терзанца оза пIIin йолуш бац, безам метрца буста йиш йолуш бац. Хьекъалан I Inpi oHe хьаьжжина ю безаман idopre. Хьекъалан къайленца кхаба ниш ю безаман къайле а .

Безам - ирсан исбаьхьа йоккха хазна ю. Безам баарх ца Наш, дег1 доцу мерза стом бу .

Нийсо лахар, вовшийн ларар - безам латторан бух бу .

1-сшмца бу вовшашка болу тешам а .

Безамца йо1 1ехийна, цунна тешнабехк бинарг, цхьа а тайпа 1 1" (доЙла йоцуш йовсар ду .

Х1уьу а хилла латтахь а, муьлхха а кхел хиллехь а зудчунна ни гам беш, цуьнан дог дохо, б1аьргех хи делхо бакъо яц боьршачу II I.in, нагахь санна дата а лоьцуш зулам дина и яцахь .

Безам а, тешам а т1аьхьало йолуш хила беза. Т1аьхьало йоцу (1с uim - безам бац, тешам - тешам бац .

Зударшца майраниг - къонах ца хилар билгало ю .

Г мшахчунна ша ларийта хаа деза, шех кхерийта а, кхеро а ца I Icpi am. Вон стаг бен зудчуьнца а, берашца а къиза хир вац .

–  –  –

Боьрша стаг зудчунна шел оынуш хетахь, везар вац, веза I I.in а дац. Зудчунна шена осала хетта стаг везар вац. Зудчунна I ьопах ца хетахь - иза къонах вац .

Шен 1алашоне кхача г1ерташ зударшца эвхьаза вуьйлуш верг (miixa стаг ву .

–  –  –

Дог лаьттачу дикане сатийсар г1олехь ду, цу диканах догдиллина г1айг1ане хуьлачул .

Стеган къинхьегаман, вахаран 1алашо ледара хир ю даг чсш .

кхобуш безам бацахь. Даг чохь кхобуш безам бацахь - цо дуур| дуьне дац .

ЛДЛМЛНХАTI, КУЦ, БОС, СИБАТ, АМАТ Хазачу духарца тодина стеган куц, оьздангалла цуьнца чцахь, доьхна ду .

Стеган амалехь товш дерг г1иллакх ду. Хазчу г1иллакхашца, пикачу амалшца, дег1ан оьздангаллица кхоллало стеган куц .

Цхьана хазаллех 1ехалой, куралла ма елахь, сан йиша .

Члчалла пенах д1агоха кхоьллина яц. Хазалла б1аьргашна дика ю .

Дп калла дагна дика ю. Дагана хьоме яцахь, хаза хиларх безам ичоллалур бац .

Хазалла цхьана юьхь-сибатах кхоллалуш яц. Хазалла стеган пикачу амалх, оьздачу г1иллакхах, деган дикаллех кхоллалуш ю .

Адаман юьхь-сибат - деган куьзга ду, стеган юьхь-сибате ьаьжча, цуьнан дог а го .

Адамо маттаца схьаялхош ерг - цуьнан шен ойла ю. Цуьнан ни.хь-сибате хьаьжча, гуш цхьа тамашена яккхийра деган |ьайленаш ю .

–  –  –

Дог дикачу стеган юьхь-сибат а дика хуьлу. Даг чохь л | |»1аьржа мекха елахь, цуьнан юьхь т1ехь оцу мекханан 1индаг1а.( \1уь гту .

Хазалла - стеган доккха совг1ат ду. Дег1ан куц, коьртехь \ьекъал цхьаьна нисдалар - доккха ирс ду .

Дика стаг, цуьнан б1аьргаш чу хьаьжчи а, вевзар ву .

–  –  –

1овдалчуьнан хазалла - хазалла яц. Цуьнан тидам баи .

лерина хьо хьаьжча, б1аьргаш кхечу кепара карор ду. Чохь кхетам боцу б1аьргаш аьнгалех дехкича санна хета. Иштта хаалуш хуьл у цуьнан юьхь т1ера массо а сакхте х1ума .

Хазалла т1аьхьало йоцуш цхьана йоццачу ханна кхоьллиил ю. Хаза зезаг а цхьа мур д1абаьлчи, басах телха, марг1ал доьду, Хазалла а, цхьа мур дГабаьлчи, йов .

Хазалло деха ца леладо шен паччахьалла .

Сан йиша, хьайн хазаллех Iexa а лой, сонта ма ялалахь, нехан дегнаш т1ера южур ю хьо. Хьайн хазалло Iexom т1ебирзанарш, дика а хилнй, дикаллица гуттаренна а хьайгахьа бахалахь. Мацца а цкъа хьайн хазаллех ер ю хьо, амма цу нахах q яц .

Хаза хиларх йо1 хьекъал долчуьнга кхачалур яц .

–  –  –

Хазалла - иза син парг1атонан а, дикачу могашаллин а мерча стом бу .

Хазалло хьан ойла т1ейохуьйту. Пиллакхо, дог ц1ена хиларо, хазчу амалша цу стаге безам кхуллу .

Tlex кечъяла г1ерташ юьхь т1ехь дабаг1а даро а, духарца сои куьцаш х1иттаро а йоь1ан хазалла йохайо .

Бухарца оьзда хила веза стаг, амма т1ех кечвала г1ертат жух1аргах тарвала оьшуш дац .

Хазаллел а дикалла тоьла. «Хазалла сарралц, дикалла валлалц» - аьлла ду халкъан кица .

Иоь1ан хазчу юьхь-сибато бГаьргаш 1ехадо, цуьнан вочу амало дагна вас латтайо .

Хазчу юьхь-сибатал сийлахь ц1е яккхар тоьлашха ду .

Стеган дикалло, г1иллакх долуш оьзда хиларо, цуьнан яцахь И мпалла кхуллу. Дег1ан куц долуш мел ч1ог1а хаза хиларх,,

• имцоцу амал йолуш стаг велахь, цунах безам бов .

Хьекъал долуш хиларо хазалла кхуллу. Хьекъал долуш верг, Iг, мм ара хьекъал гучу мел дели, хазло .

Стаг дагана хьоме хилар цуьнан дог дика хиларца а, иза кмчп.ал долуш хиларца а ду, цхьана юьхь-сибатах дац. Стеган ин.м.-еибат ма-дарра гуш ду. Амма хьекъал т1аьхь-т1аьхьа долу |учу, цу стеган цу т1ехь шен лаам хиларе хьаьжжина .

* Юьхь-сибат жайна санна дешалуш ду. Юьхь-сибат - деган |\I, н а ду. Ц у чохь го цуьнан васт .

Стеган куц кхоллало даг чу йижначу, дег1аца, ойланехь, t.ишачу, дикачу амалах, г1иллакхах, дечу г1уллакхах, т. |дамгаллехь .

Дуьне, вахар - заманан куъзга ду. Стеган васт го цу чохь, | п.ьпачу шовдан чохь санна .

Стеган сирла хьекъал, сема ойла, дегГаца йолу оьздангалла, и и 1 1иллакх ду цуьнан куц кхуллуш дерг .

Стеган куц кхоллало даг чу йижначу, дег1аца тайначу дикачу Iма IIх, г1иллакхах, дечу г1уллакхехь .

–  –  –

Вониг дан ша шех эхь хеташ хила веза стаг. Эхье дерг наха\ ша ларош ма-хиллара ша шех а ларо деза .

Эхь-иман долуш волу стаг нахана везаш хир ву .

–  –  –

Эхь дайна волу стаг сийлаллин даржах воьхна ву. Иза вант а воцург лара мегар ду .

Эхь дайна стаг юха меттавог1ур вац. Цкъа дайна сий iox.i метта х1уттур дац .

Эхь дайна стешха стаг мел вониг дан а кийчча хир ву. Эхь иман долуш хилар - стеган оьздангалла ю .

Айхьа дина вониг нахах лачкъорах, хьай)^ лачкъалур дан хьоьга. Хаалахь, вониг къайла ца доьдийла .

Наха еш йолу кхел йохо хала дац, хьайгара даьллачунна axi..i айхьа еш йолу кхел къиза а, хала а, йохалур йоцуш а ю .

Эхьана-бехкана ц1енчу стеган аз дерриге а дуьненна хечаш дека .

Эхь-бехк хиларо стагехь г1иллакх, оьздангалла кхуллу .

Хьайна эхь-бехк хеташ долчунах ц1арах санна ларлуш хилалахь, г1алатвер вац хьо .

Даима хьайн лааман эла хилалахь. Эхьан-бехкан лап хилалахь. И ши некь бу оьздангалла хьуна луш. И ши некь Гп сийлаллин даржашкахь хьо нисвеш .

Къинош латоза хьо велахь, хьоьгахь ерг йоккха парг1ато ю Х ьо ирс долуш стаг ву .

Ша къинош летоза ц1ена хиларх дозалла деш хуълу цхьа h.hi\ с гаг. Ша летийнчу къиношна вицлучух тера ду иза .

')хьан-бехкан цхьа а тайпа закон дац. Эхь-бехк стаг шен

• in 1.1, дсг1аца долуш вацахь, цуьнгахь и кхоллалур дац .

–  –  –

Хьекъал, иман бакъо йоцуш дуьсар дац. Нагахь цу шинце ||чю лелийча а, хьекъал, иман Iexa а лур дац, эшор а дац .

Эхь-иманах в^ьзна верг - аьшпаш, х1илла, ямартло, харцо, I ipaMJio шеца йоцуш хир ву. Иза ша шех вогуш хир вац. Ш а шех inи nii.ua доцуш верг нахах ийзалуш а хир вац .

Вон лела Темина стаг эхьах, бехках вогуш хир вац. Цунна tin Iучу та1зарна иза кхоо оыиуш вац .

Эхь-бехк долуш волчу стагана, шегара ледарло яьлчи, эхьон чко дагах м!араш туьйсу .

Эхье х1ума ма далийталахь хьайгара, сан доттагГ Эхье пиара даьлларг цкъа а дицлур дац хьуна. Иза дагаоьхуш хьо л...... а д1аваллалц цуо та1зар латтор ду хьуна .

–  –  –

Шен оьздангалла евзаш волу стаг, куралла, сонталла йоцуш чир ну .

Сийдоцуш боьхачу стагана, 1анне а 1ад ца 1ийча, бетах туху |liipa дарбане ду .

–  –  –

Хьекъал доцчу стага уггаре а телхина дерг даздой схьаоьцу .

Кхетам болуш хилар - доккха совг1ат ду стагана. Кхетам болуш волчу стеган нур маьлхан серло санна догуш го .

Ш ен кхетам, шен хьекъал, шен г1уллакх д1акхехьа хьуьнар а, доьналла а хила деза .

М охо мае санна замано ловзош хила ца веза стаг. Хьекъал ца .

кхетамца, хьуънарца зама ловзош хила веза .

Дозалла дан йиш йолуш, дог доккхадедеш, я сатуьйсуш цхьа х1ума хила деза стеган вахарехь, кхетамехь .

Стеган 1алашо ирс лохуш, ирсехьа йирзина хила еза. Iananm йоцуш дечу г1уллакхан ка ер яц, кхиамаш а хир бац. 1алашо йоцуш, лаам боцуш сийлахьчу дарже а кхочур вац .

1илманан к1оргенашка кхийдаш кхуьур ду стеган хьекъал .

Къийсамехь толам боккхуш верг син ондо йой^ш, боккхачу лаамца, доьналлин стаг ву .

Стаг дан дезачу г1уллакхан лаам болуш а, сецца ойла йолуш а вацахь, иза шен дег1ан да вац, цуьнга х1умма а далур дац .

Шен лаам боцуш волу стаг, хе ловзо левчиг санна, замами ловзор ву .

Стаг х1уманан тидам болуш а, кхеташ а хила веза. Кхетат хилар а, собар а оыну стагана деган ондо санна .

М ел кхераме, хала киртиг тЫоттаяларх воха мегар дац. Спи воьхча - эшна ву. Воха ца вухуш, хьекъалца, собарца, боккхачу лаамца, доьналлица кхерам дГабоккхуш, муьлхха а хало эшор к»

стага .

Стеган ондо, боккха лаам кхетам хиларца ю. Ондо, лаам .

кхетам хиларх, стаг галвала тарло хила дезачохь собар дацахь .

Шен хьекъалах, шен кхетамах пайда а оьцуш 1ама веза стаг ирцоиаш йовза а, уьш эшо а, шен бакъонийн да хила а .

Стагана оьшачех коьртаниг могашалла ю. Ткъа цул т1аьхьа чмча,ал, кхетам, лаам, г1иллакх, оьздангалла. Иза бу стеган коьрта (шхам .

Шен дег1ан да хила веза стаг. Иза лаа бохуш дац. Шен дег1ан иоцу стаг, шен лаамехь воцу стаг наха тайниг санна ловзор ву .

hi М ел меллаша, мел парг1ат верг а 1алашонах ца вухуш, I шашонца, хьалха д1ате1аш, 1алашоне кхочур ву .

Цхьана 1алашоне кхача лууш верг оццу 1алашонехь мелла а чиша а кхиамаш боцуш вуьсур вац .

Дуьне - боккха х1орд бу, нека дукха дарх, юьстахвалалур inщуш. 1алашонан къилба а буйнахь дан деза дуьненчохь нека, мигахь санна ирс долуш хила лаахь .

Стаг шен лаамехь а, доьналла долуш а вацахь, х1ордо кема |пина, дуьнено а, наха а ловзор ву .

Дуккха а адамаш ду цхьа а 1алашо йоцуш, цхьа а бала боцуш in чаш. Х е хьо левчигаш санна замано бовдийна хьош бу уьш .

Даккхийра, к1орггера хьекъалш долу нах шайн цхьа 1алашо а йо цуш бехаш бу. Цара шайх лаьцна дагадан а, дийцан а х1ума дуьту |, мюичохь. Ткъа важа долу адамаш шешан лаамехь деха, замано ик'га д1а а хьийзош .

Цхьа сецца 1алашо йоцчу стеган хьекъал эрна ду. Массо а ки с кхача лууш верг цхьаннахьа а воцуш вуьсур ву .

Лаккхара 1алашо йолуш хилар генна г1олехь ду стагана, цу Мпашоне д1а ца кхочуш вуьсур велахь а, к1еззиг долчунна 1алашо in щуш хуьлачулла, цу к!еззигчу 1алашоне д!а кхочур велахь а .

Лаам шен 1алашоне кхача ойла йолуш волчу стеган боккха ницкь бу .

Лаам, лехам - стаг г1аттош т1емаш ду. Боккхачу лаам о, лехамаша стаг вахаран некъе воккху .

Стаг ондда лаам болуш хила веза, амма оцу лааман да хила а веза .

Лаам хила беза xlopa стеган, амма и лаам хьекъале а .

хьекъалца кхочуш беш а хила беза .

Хьекъалечу стага лаамца къуьйсу, 1овдала стаг лааман лап хуьлу .

Стеган лаам - онда ницкь бу. Цхьана а кхерамо, я халоно шен лаам т1ера юхавоккхур воцуш волу стаг эшо хала ду .

–  –  –

Дуьненан хьелаш хийцалуш хуьлу, амма шен амалехь стш вочу, ледарчу arlop хийцалуш хила ца веза .

1алашоне кхача герга мел ваха а халонаш, новкъарломат дукха 1иттало. Амма и халонаш, новкъарлонаш эшош naprlai хьалха те1а веза стаг шен 1алашоне кхача лууш велахь .

Сийлахь-йоккхачу 1алашоне кхача лууш велахь, мало cm вижна 1илла ца веза .

1алашоне боьду некь беха хиларх, шен дог лаьттачу дикши цуо кхачор велахь, цу некъана юха вала ца веза .

Сийлахьчу г1уллакхан 1алашонехь стеган сий а кхоллало .

У ггаре а сийлахь г1уллакх доьхна а, дайна а ду, нагахь санна I пилахьчу г1уллакхе кхачархьама цхьа вониг ахьа динехь .

miiv ('га г тидам беш, ойла еш, керла дерг довза лууш хилар || |.лл кхиарна оьшуш ду .

Хьекъалца кхиъна, кхетам болуш волу стаг, юкъараллин I.'шипкахь, пачхьалкхан г1уллакхашкахь оынуш а, халкъана щи течь а стаг ву .

* Дмалехь стаг нисвийриг кхетам бу. Кхетамца боккху цо мшим а .

Стеган 1алашо йолуш долу г1уллакх кхочуш хир ду, шеко in ищуп I, боккхачу лаамца иза велахь .

–  –  –

Дан дезачу г1уллакхан сецца ойла, боккха лаам болчу стеган I" мм хир бу .

lioKtcxa лаам болуш волчу стеган б1окъажош х1ума хир дац ii4.il а .

Оилий, лаам - стеган нуъцкьала герз ду. Ойлано, лаамо | | 1. 1 помаш кегйо, т1улган пен санна мел онда уын хиларх .

Лаамо санна стаг самавоккхуш, ойла т1еерзош х1ума дац и I.in амалехь цхьа а .

–  –  –

Хьекъалой, кхетамой стеган куц тодо, цуьнга безам кхуллу .

Хьуо массаьргахьчул а т1ех хьекъал долуш ву ма моггалахь .

| mi аXI, хьекъал сов ду моттахь, хьайн и доцийла хаалахь .

–  –  –

Хьекъал мел к1езигчу г1уллакхаш т1ехь а гучудолу .

Kloprrepa хьекъал долуш, кхетам болуш волчу стагехь собар а, доьналла а хуьлу. Иза нахаца къинхетаме а, догдика а хуьлу .

Хьекъал кхиар, х!ума довзар алсам мел дели, стаг доьшипм долуш а, майра а, шен лаамехь а хир ву .

Карахь йолчу хенахь д1ах1иттинчу хьелашка хьаьжжима хила веза стаг шен кхетамах пайдаэца хууш .

Дег1ана могашалла санна оынуш бу стагана кхетам .

Кхетам болуш волчу стеган коьрта г1уллакхаш ду: тешам хилар, нийсо яр, дашца г1алато йоцуш къамел дар, дан дага лаьцип г1уллакх кхочушдар .

–  –  –

Дуккха а х1ума зелуш девзина верг дуккха а х1ума хууш хир ву .

Тидамца, хьекъалца, зерца кхетам сабаьлла стаг кхетам болуш ву ала йиш ю .

Кхетам хилар чаккхе йоцуш ду. Х1ума девзаш кхетам на к1орге мел вели, и кхетам оынуш а, пайдехь а карабо .

Дег1ан ницкъо, ахчано ца во стагах къонах. Бакъхиларо хьекъало во стагах дика къонах .

Х1уманан ойла сих ца луш ян еза. Дан дагалаьцна г1уллак шеко йоцуш дан деза. Харцонна дуьхьало юхавер воцуш ян еза .

Хьекъал долуш волчу стеган ойла хьаьвзича, хьекъал доцчу стеган корта хьаьвза .

Хьекъал долуш волу стаг цкъа а йийсарехь хир вац, я хила | 1.1 II а дац. Хьекъална парг1ато еза. Хьекъало лолла ца лайна, ловр и цац .

Хьекъал долуш волу стаг шайн лааме воккхур вац кхетамна и чарчу наха. М елхо а хьекъал долуш волчу стага царна т1ехь \|.шла дийр ду, уып шен лааме а бохур бу, кхетаман новкъа а иигбийр бу .

Хьекъалан к1орге гайта а, йийца а йиш йолуш яц .

Хьайна дан дага деъначу г1уллакхан и кхочушдале ойла

• нахь, г1алатвер вацосьо .

Ледара ойла муьлххачу а стеган хила тарло. Амма хьекъал ищущ волчу стага и гуча ца йоккху .

Муьлххачу а минотехь кхочуш дац хьекъал мел кхетам «и1 пущ волчу стеган а .

Говза аьлла а, дагадеъна а дерг кхочушдан атта а, т1аьхье i и-ркате йолуш а хуьлу .

Хьекъалан к1орге йолуш долу х1ума дохалур дац .

Хьекъале дика аьлла дерг юха карладаккхар мелла а пайдехь ду .

Хьекъалца ялхайо стага шен ойла .

1аламан куьцаш ган а, къесто а хууш верг хьекъал долуш и иаран билгало ю .

Кхетам болуш хиларх кхачам бац, шен кхетамах, шен 1.1‘ кьалах пайдаэца хууш хила веза стаг .

Хьекъалал стага лара мегар долуш х1ума дуьненчохь цхьаъ i.ii I.. Стагана делла уггаре а деза совг1ат - хьекъал, кхетам болуш мшар ду .

Хьекъал стеган ойланан а, деган а уггаре а тешаме герз ду .

Хьекъал долуш волу стаг, мел къен и велахь а, ирс долуш ну Стаг шен хьекъалца верг атта галвер вац. Нехан хьекъал ц.i лела воьлларг атта галвер ву .

Стаг шен хьекъалца ваха веза. Нахера ша 1амош долчух пайда а оьцуш баккха беза шен кхетам сов .

Наха дечу хьехаршца гена вера вац стаг, сийлаллин дар'же кхаччане а кхочур вац .

М ел дукха хьекъал гулдарх, пайдаоьцур бац стага nieiaxi .

долчу хьекъалх бен .

Стаг ша б1аьрзе велахь, нехан б1аьргаш чухула са гур дац цунна .

Хьекъал долуш хиларх кхачам бац, цунах пайда эца ст:и

хууш вацахь .

–  –  –

Хьекъалца болх бан доьналла хила деза, к1адваларх юха а ца волуш. К1адо г1иллакхан, хьекъал кхиаран мостаг1 ю .

Хьекъална кхача бала беза. Аьлчи а ойла еш хьекъале болх байта беза, х!ума девзаш, шардеш, 1амош .

Хьекъалан ницкь гуллур бу хьекъалца болх баре хьаьжжима Хьекъал ах к1езга пайда эцаро хьекъал кхиарна новкъарло Гю Стеган хьекъал, цо пайда ца оьцуш дитча, т1е чим тесна ал у санна дов .

Хьекъалш долчу нахах дага а волуш, царех 1ама а 1емаш, кхио деза шен хьекъал .

Хьекъалан иралла х!уманна кхетамца т!аьхьа кхиа оьшуш ю .

Жоп дала ца тарлуш дерг хатта мегар дац стаге. Жоп дала ца I прлуш дерг ца хаттар - хьекъал хилар ду .

Хьекъалан башхонаш яккхийра ю. Цхьа к1еззиг хезна а, гина а долу бахьанаш тоьар ду хьекъал долуш волчунна г1уллакх довза а, иуьпан ойла ян а .

Шен дог лаьттачу дикане, шена лууш долчуьнга кхача иыпуш ду хьекъал .

Нахана дикаболх лоьхуш волчу стеган хьекъал пайдехь а, (н-ркате а ду. Нахана вонболх лоьхуш волчу стеган хьекъал зуламе ду

–  –  –

Стаг ша дечу, дезачу г1уллакхийн нийсачу, бакъйолчу Iлиашонашка х1оьттинехь, цуьнан хьекъал ницкь болуш ду .

Ша дика ч1ог1а хьекъал долуш ву моьттуш волу стаг я ьекъал к1езиг долуш, я хьекъал данне а доцуш хилар билгало ю .

Хьекъал - хьекъал ду, муьлххачу стагехь делахь а. Духарна (к-ркъа хиларх, даржана лаха хиларх, хьекъал долуш волчу стеган пш дивр дац .

Забаре дош алар - хьекъалан иралла ю, хьекъалан иралла пинанан к1орге ю .

Кхетам болуш волчунна халчу хьелашкахь а аьтто карор бу .

К'хстам боцуш волчо дикчу хьелашкахь а аьтто бохор бу .

Хьекъал долчу хьуьнаречу наха заманан, халкъан бакъонаш д!акхоьхьу .

Ша шен хеставар - доккха айп ду. Ш а шен ларар, ша пп\г ларийта хаар - кхетам хилар ду .

Хьал долуш хиларал хьекъал долуш хилар г1олехь ду. Xi.au карара дала тарло. Хьекъал долчунна дуьсуш ду .

–  –  –

Стага, мел лакхарчу даржехь хиларх, хьекъал долуш волчунна т1ехь олалла дийр дац. Хьекъал долуш волчу стага дпир ду мел лакхарчу даржехь хиларх цунна т1ехь олалла а, урхалла а .

Хьекъал маьлхан нур санна сирла а, ц!ена а хила деза .

Хьекъал, ойла еш, х1ума довза хаарца кхуьу. Стеган амии дагца, лаамца, дахаран хьелашца кхуьу .

–  –  –

Хьекъал долуш волу стаг, тап-аьлла тийна велахь а, цуьнан г1уллакхаш къеггина сирла гуш а, г1арадуьйлуш а хир ду .

Ойла еш воцчу стеган хьекъал кхуьур дац. Хьекъал, ойла а еш, хууш дерг карла а доккхуш, ца хуург 1ама а день, кхио деза, хм тухуш кхио стоьман дитт санна .

Деган б1аьргашна го кхолламийн хьелаш .

Кхолламаш боцуш йолу стеган ойла, туьта санна еса ю .

Наха лучу кхетамах, хьекъалах лелла вер вац стаг. Кхетам шегахь хила беза. Амма шен хьекъал д1а ца кхочуш дерг хуучух дага а волуш 1амо деза .

г Хадам боллуш, сецца ойла йолуш волчу стаге бен даккхийра 1 1\ ниакхаш даделла дац. Пуллакх шашах кхочуш хуьлуш дац, онда | i.iM а бацахь, къа а ца хьегахь .

Дагалаьцна г1уллакх кхочушдан лаахь, цкъа хьалха тидам пин беза, т1аккха ойла ян еза, т1аккха хаа деза цул т1аьхьа д1адоло и' in .

Стеган мах цуьнан говзаллех, я корматаллех хадош бац. Цо и му 1 1уллакхашка хьожжий хадабо .

–  –  –

Ойла еш хьекъалца бечу балхо, маьлхан серлоно санна, шен 'мчарехь, лаътта бода д1атотту. Т1аьх-т1аьхьа стеган ойла амаюьйлу, самукъадолу, сийлахьчу дарже кхочу .

Сийлахь, даккхийра хьекъалаш долчу наха, шаын нахана лен п ца луьйш, беза а ца беш, до шайн г1уллакхаш .

–  –  –

Адам ирсан дуьхьа кхоьллина ду. Амма оцу ирсан 6ap.n i хууш бац .

Массо а адамашна оьшуш ду ирс. Ирс долуш хила баю.о щ вайн. Амма ирс долуш хила хаа деза. Ирс лаха а, ирсехьа къийсл л хьуьнар оьшу .

Цхьа к1еззиг долчух а, аьлчи а, шен диканах кхачам 6с ш волу стаг массарел а ирсе ву. Х1унда аьлча, иза даима синим болуш хир ву. Синтем болуш хилар - доккха ирс ду .

Халкъана пайдехь, Даймахкана муьт1ахь хьо вацахь, npi долуш ву олийла дац .

Ирс долуш хила лаахь, халкь дезаш а, халкъана г1уллакх д г т а, халкъана, Даймахкана муьтГахь а хила веза .

Адамашна ирс кхуллуш волу стаг ша массарел а ирс долуш хила бакъо йолуш ву .

Хьал долуш ца хиларх, ирс долуш хила бакъо ю. Амма м|п долуш хила лаахь, таро а хила еза .

Сан доттаг1, ирсах, аьттонах тешалахь, нагахь санна iipi долуш хила лууш велахь. Ирсах дог ца диллар а - ирс долуш хилар ду. Ирсе сатийсар дагна тем беш ду .

Ирс долуш хила лаахь, даима оцу ирсе кхача г1ерташ x i i h.i веза. Ирс стенах кхоллало хууш хила а веза. Ирс долуш хилар керахь долчу хьелашка хьаьжна дац. Иза хьоьга хьайга хьаьжна ду Ирс къийсамца доккхуш ду, ирс стага ша кхуллуш ду. II pi цхьаммо а хьуна схьалуш дац, кара лун дашо сом санна .

Ире новкъахь 1уьллу шай санна карош дац. Ире хьаналчу I мшхьегамца, хьуьнаречу г1уллакхашца, хазчу г1иллакхашца, п,|чана дикаболх лаарца кхуллуш ду. Ирсе кхача некъаш дукха ду .

Ире атта хуьлуш дац. Ирсе кхача дуккха а къахьега деза ыкьалца, хьуьнаршца, собарца .

Йоккха исбаьхьалла хазна хьуна юххехь хилла хилар, цунах панда эца ца хууш иза т1ехтилийтар кхано тГаьхьа бен ца хаьа .

Даима велавелла, векхавелла волу стаг ирс долуш ву. И ирс мша аьтто болуш волу стаг дика стаг ву .

Ирс цхьа а хало а йоцуш, цхьа а сингаттам а боцуш I \оллалуш дац. Ирс хьан сих, дагах доллуш ду .

Ирсан аьтто хилча, шен хеннахь цунах пайдаэца ца хиънарг иIк' дедда висча, велха оынуш дац .

Пайдехь хилар, синтем болуш дог ц1ена хилар - и ши совг1ат IV стагана ирс долуш хила бакьо луш .

Ирс лехарх карош дац. Ирс кхоллалуш ду къинхьегаман и.птшца, вахаран некъашца, адамашца йолчу уьйрашца .

Стеган ирс цуьнан къинхьегамца йолу шовкъе хьаьжжина | \оллалуш ду .

–  –  –

Ирс долуш хила лаахь, дуккха а х1ума девзаш 1ама веза, болх канала бан беза, нахаца дика хила веза .

Ирс даиманна кьонахалла долуш волчуьнгахьа оьзна хир ду .

Ша вехачу махкахь, карахь долчу хьелашкахь лаха деза стага шеи ирс, гена вуьйлуш лехарх, иза карор дац .

111а шен лоруш воцу стаг ирс дайна ву. Ша шех тоам хилла п ш 1овдал ву .

К) U6 Ирс шашах кхоллалуш дац, къа ца хьегча. Ша шен лаамехь волу стаг ирс долуш ву .

Ирс дайна висна стаг декъаза ву. Амма докъазалла хьапы доьналла долуш иза велахь, ирс долуш ву .

Дог дика а, сакъералуш а, хьекъал долуш а волчу стеши доккха ирс ду .

Стеган самукъане хилар нахаца догдика хилар ду. Хича велалуш волу стаг нахана везаш хила тарло .

П адваххана дика велалуш волчу стеган догдика хилар билгало ю .

Адамаш даггара ч1ог1а дезаш волу стаг велаваларна т.1сра хир ву .

–  –  –

Нагахь санна ирс дайна ву моьттуш хьо велахь а, ирс дай на вац - велалуш хьо велахь .

Велавалар, самукъане хилар - карахь долу ирс ду. Хин долчу ирсе сатийсарал, карахь долчу ирсах пайдаэцар г1олехь ду .

Сингаттаме ойланаш еш г1айг1ане, бал era ма лацийта хьуо Г1айг1а, бала юхатоттуш хьайн самукъадаккха хьажа Самукъадаккха бахьанаш ахьа лехчи, карор ду хьуна .

Хьайх кхаьрдаш, хьайх воьлуш волчух веларал самукъане х1ума дац цхьа а. Хьайх ца вешаш воьлуш стаг хилахь, цунах ца вешаш вела йиш ю хьан .

Самукъанечу стага дуьне а шена самукъане кхуллу .

Ахьа дуьйцуш дерг мел хьекъале делахь а, сингаттаме шицахь адамийн самукъадер дац. Ахьа хьекъал луш дуьйцуш дерг | имукъане, наггахь забар еш дийцахь, цунах адамийн самукъадер ДУЗабарш ца хууш волу стаг 1овдал хиларан билгало ю .

Боккъалла а ч1ог!а дуьйцуш долчуьнца забарш ян хаар а, моарш йинчул т1аьхьа боккъалла а дерг ала хаар а йоккха говзалла 10 .

Хьанала хилар, догц1ена, г1иллакхехь, оьзда хилар - стеган про ду .

–  –  –

Маттаца ялхайо стага шен ойла .

Мотт ц1ена бийца беза, совнах дешнаш юкъа а ца кхуьйсуш Кхетам болуш волчу стага кхетош буьйцур бу мотт а .

Шен меттан сий дойъуш волчу стага къоман сий а дойъу .

–  –  –

Шен къоман, шен меттан сий деш воцчу стеган цкъа а спи хир дац .

Дош ларо а деза, ала хууш ала а деза. Дашал ницкь болуш х1ума яц дуьненчохь цхьа а .

Дош - нуьцкъала герз ду. Дашо йина чов атта ца йоьрчу Дашо т1ом а бойту. Дашо машар а бо. Дашо дог а хьосту. Дашо до1 а дохадо .

Дош тоьпан даьндаргал ч1ог1а ду. Хьажийна тоьхначу тоьпан даьндарг, дагах ца кхеташ т1ехтила тарло. Амма дош да! чу кхета .

Дош дохош воцчу стеган г1уллакхаш а доьхна дац .

Айхьа дийца дагалаьцначуьнан ойла йина бен дош ма шшлахь, дош алар т1едоьжчи, муха ала деза дагалацалахь .

Къамелана говза волчо ала дезарг бен эр дац .

Дахдича къамел к1ордош ду. Доцца ала хаа деза, коьрта дерг |пк |.а а далош .

Шех тешо ницкь берг - къамел ду. Шех тешо ницкь ца ь ко чуш дерг - эрна корта л ебар ду .

Дош шен ма-хуьллу, ойла еш, г1алат валарх ларлуш ала деза .

Похийча пхьег1а а юха хотталуш яц. П алата аьлла дош а юхиэцалуш дац .

Меттан бакъо массарна а елла, амма хьекъал массарна а им.абосса делла дац .

Чулацам боккха болуш, хьекъалца к1орге йолуш, маь1на ижкха долуш доцца динчу къамело шен некь бо .

–  –  –

Къамелан хазалла шен чулацамах кхоллалуш ю .

Ша шен хестош дечу къамело х1умма а самукъадоккхур дац илдугГуш волчуьнан .

Къамел стаг кхетош дийриг мехала ду .

Сихвелла олуш дерг дукхахьолахь г1алата хуьлу .

Дийца х1умма а доцуш висча, х1умма а ца дийцар хьекъале ду .

Хаза къамел - хьекъалан хазна ю .

Дош ала хааре терра хир бу дешан аьтто .

Б1аьргаш чу хьаьжчи хуур ду стага дуьйцучух теша мегар делахь а, дацахь а .

Къамел деш волчуьнан даге хьаьжжина тешар бу ладуг1ут берш .

Даггара деш долчу къамелан аз дагах кхета. Даггара деш долу къамел - шовда санна ц1ена а, сирла а хуьлу .

Даггара аьлла дош дагах кхета. Кхетам хиларо, дог дика хиларо стеган къамел а хаздо. Нах Iexo дийца оьшуш дац х1умма а Ша царех дагаволуш санна, ц1енчу даггара дийца деза .

Вайн кхолламийн куьзга заманан хьелашца х1оттийна ду .

Нахана хьехамаш беш волу стаг ша къинойх ц1ена хила веча .

–  –  –

Нагахь санна вовшашца къийсар дахделчи, шина a arlopxi.a берш шаыи кхетта ца хилар билгало ю .

Сан доттаг1а, хьайн цхьаьнца къовсам хилча, чу а ца г1ерташ, мохь а ца бетташ, дош к1еда-мерза алалахь, хьайгахьа па узуш, шеко йоццуш, бакъон т1е кхиош алалахь .

Шен сий хиларх дозалла деш къуьйсуш верг эшар бйлг;... .

ю .

Харц лен мегар дац. Харц луьйш верг оьг1аз сиха воьду .

Къамел деш верг юкъахваккхар - вон г1иллакх ду. Цхьаммо цхьаь дуьйцучу хенахь юкъалелхар а вон г1иллакх ду .

Бакъонна т1е кхиа лууш велахь, хьайга къамел деш верг чгкхналлалц собар деш ладог!а .

Къовсам хиллачу хенахь оьг!аз ца воьдуш ала деза ша олу ниш, хьайца къуьйсуш верг тешо а, цунна бакъо гайта а лаахь .

( )м 1азвахана мохь бетта волалахь, бакъон т1е кхуьур вац хьо .

Къовсам хиллачохь оьг1азвахарна хьо сих ца лахь, толам ч. омахьа хир бу .

Сан доттаг1, хьайца къамел деш верг оьг!азваха герга вахча, ч хьайн оьг1азло г!аьттича, кхин д1а дош ца олуш къамел юкъахдиталахь .

Хьайца къамел деш верг оьг1азвоьдуш тосалахь, хьайн | i-iMCJi забаре дош олуш д1ахад ад елахь .

Къевсинчу меттехь хьуо эша волалахь, къийсамана и иахвалалахь. Хьо эша волавеллачул т1аьхьа ахьа мел олу дош i.yua эшам болуш ледара хир ду .

Хьайга бохучунна реза ца хила дуьззина бахьана дацахь, ч1умма а ца олуш, реза хилий 1адда1е. Ледарчу дуьхьалоно мостаг1чуьнан ницкь совбоккху. 1адда1еро зулам к1езга дахьа, 1 1уллакх доцург дийцаро, ледара жоп даларо шен г1уллакх талхадо .

Х1умма а ца олуш 1адда1ер санехь ду вониг, ледарниг олучул .

Хьайна сингаттам хилча, цу сингаттамах велалолахь - и

• мигаттам эккхор бу ахьа. Хьайн мостагГчунна велалолахь - цуьнан мосгагГалла дохор ду ахь. Хьуо оьг1азвахарх ларлолахь, хьайн "М 1азло велалой эшаелахь - нах тобийр бу ахьа .

Стагана т1аьхьашха диканиг алалахь - дукхавезар ву хьо .

• К тан ледарлонаш нахе ма йийцалахь, цуьнгара даьлла гГалат нахе ма кхайкхаделахь - тешам хир бу хьох .

Стаг юьхьТаьржа х1утту волу х1ума лачкъо хаалахь. Иза мима хьох эхь-бехк лаьцна хьан терго еш хир ву .

Стагера г1алаташ нахе ца дуьйцуш, цуьнга шега дийцалахь, цунна вас а ца еш, иза юьхь1аьржа а ца х1оттош, иза кхета волчу arlop, даггара дикаболх лаарца, иза тешо, к1еда-мерза .

Стагана дашца там бан хаар, лела хаар - йоккха корматалла Вочу дашо мостаг1ий гулбо. Дикачу дашо доттаг1ий гулбо .

Ч1ог1а аьллачу дашо стаг вен а тарло .

Вочу дашо дагна чов йо. Дикачу дашо дагна там бо .

Доцца аьллачу говзачу дешнаша хьекъал ал сам л о дуккха а дуьйцуш дахдинчу къамелочул .

Доцца аьллачу говзачу дашо стаге ойла йойту .

Шен меттахь аьллачу говзачу дашо толам боккху .

Говза аьллачу дашах, мостаг1чо аьллехь а, пайдаэца мегар ду. Эшначу меттехь мостаг1чунна дуьхьал даккха а чза кийчча гсрч ДУСтагана т1аьхьаша т1е диканиг ала деза, юьхьдуьхьал баю .

дерг ала деза .

Даггара мукъам дагах кхеташ хуьлу .

Хьекъале говза дош, муьлххачо аьллехь а, диц ца деш, хьайн кхетаман хазни чу схьаэцалахь, хьан вахарна чолхе нею .

серлабохуш, седа хилла, лаьттар ду хьуна .

Книгаш Ьшманан хазнаш ю. Цара генара мехкаш, цу мехкийн адамаш, заманан бес-бесара хьелаш, хилла дерш довзуьйту, заманан к1оргенашка вуьгу .

Книга - заманан куьзга ду. И язйинчо шена гина а, зеделла а дерш хьуна схьадуьйцу, къеггина исбаьхьаллин сурт х1оттош. II дийца хаар цуьнан шен говзалла ю .

Генна зама хьалха дуьйна адамийн сих, дагах кхеташ хилла перш дийца а, довзийта а ницкь берг книга ю .

Заманан коьрта хьелаш, халкъашна зеделларш, 1илманан к1оргенаш йовзуьйтург книга ю .

Книго хьо т1екхача йиш йоцуш йолу дуьненан хазна гойту хьуна .

XIopa ешначу книго мелла а дийцина а хьуна хааза долчух корланиг дуьйцур ду .

–  –  –

Книга язъяр мел онда х1ума ду, г1елваларх ца къарлуш, пуьйсанна наб йоцуш, хьекъалан ницкъаца, ойланийн к1оргешца, деган 1еткъамашца, дагалецамийн б1аьрлаг1ашца, исбаьхьаллин гурт кхуллуш .

Книгаш дукха ешарх гуллуш дац хьекъал. Дукха йоыну кингаш даьржанчу хих тера ю. Сих, дагах кхеташ, ойла йойтуш ерг to а парна пайдехь книга .

Дахарехь хила тарлуш доцург яздарх стаг тешар вац .

Синтаршлахь ножан хен санна, турпалхочун къеггина васт тп ту ш а, асаршлахь ялтийн кан санна дика амалш къестош а, мюран заманаш санна, заманан хьелаш гойтуш а оцу заманийн м.слашкахь коьрта хилла дерш дуьйцуш а, оцу хилла долчийн исбаьхьаллин сурт х1оттош а яцахь книга шен мехе кхаьчна яц .

–  –  –

Ахьа лар ца деш, бен а доцуш аьллачу дашо стагана вас ян тарло, стаг галваккха, цецваккха, шена хетачух вохо тарло .

Къамел шовда санна ц1ена хила деза. Хьаьъначу хи moxi .

бухара т1улгаш го .

–  –  –

Шега дечу къамеле ладог1а хаар а йоккха говзалла ю. Бохуш дерг дуьззина кхетош дика ладог1а деза. «Муха бахара ахьа и?»

бохуш юх-юха хеттар г1иллакхе дац .

Хьайна къамел дан ца лаахь, дуьйцучуьнга ладог!а 1амалахь, дала жоп долуш хир ву хьо .

Ладог1а хууш хьо хилахь, хьайца къамел деш волчо дуьйцучух пайдехь дерг 1амор ду ахьа .

–  –  –

Наггахь бен вист ца хуьлуш, тап-аьлла тийна верг хьекъалан к1орге йолуш хета .

Къамел наха пайдаоьцу берг дага а лаций делахь. Ахьа дечу къамеле хьаьжжина хир ду хьоьца къамел. Хьан даше хьаьжжина хир ду хьоьга олу дош а .

Хьекъале жоп лойла лууш велахь, айхьа хоттуш дер| хьекъале хатталахь .

Пиллакхехь хаьттинчунна дуьхьал г1иллакхехь жоп лур ду .

Ладог1а хууш воцчунна къамел дан а ца хаьа .

Къамелана дукха чукхохкий ма хилалахь, «жарж» бийр бу ахьа .

Хьайга хаьттинчунна нисса жоп а лой 1ад1елахь, цул оихууш дерг т1е хотту долчунна жоп дала буха сацаделахь .

Хьайна хьекъал долуш хила лаахь, хоттуш дерг говза хатта, дуьйцучуьнга дика ладог1а, хаьттинчунна сих а ца луш ойла а яй жоп ло. Хьайн кхин т1етоха хГума дацахь, вист а ца хуьлуш 1адда 1е, къамел хадийта .

Хьайн ала дерг нисса д1аала, совдерш а ца дуьйцуш .

Къамелаца чалхаш текхо оьшуш дац. Чалхаш дистинчу хе текхош тов .

Вист ца хуьлуш 1ад1еро боккха толам боккху. Хьан кьайле а хьоьгахь юьсу, хьан дагахь дерг а хьоьгахь дуьсу .

Нахана хьан дагара а хууш хьо вист ца хуьлуш 1ад1еро ахьа иистхуьлуш аьллачул даздо собарца сацийнарг .

Вист ца хилар доккха жоп ду хьуна дуьхьал яьккханчу харцонна, гамонна, хГуъттаренна, хьаьг1ашна .

К1орггерчу цабезамца, ца вашарца дуьхьал жоп ца даларал, цумиа эшам беш жоп хир дац цхьа а .

Вист ца хуьлуш 1ад1еро хьекъална, хаарна тоьшалла ца дахь а, 1оидал воцийла хоуьйту .

Ницкъо стаге ца дайтинарг хазчу дашо дойтур ду .

Нахаца дика ойла йолуш дика хиларх кхачам бац, дика хила хаа деза .

ХГуманах атта кхеташ волчу стагана хьехарш дан оьшуш дац. Цуьнга олуш дерг итт дашах ши дош дина а доцца ала деза .

Ала дезачохь дош ала говзалла эшахь, ша сацо езачохь бага сацо.а говзалла хила еза .

Доккхачу г1уллакхах лаьцна даздина а, хала а дийца оьшуш дац. Кхета волчу arlop доцца а, атта а дийца деза .

Машаренна дуьйцуш дерг маттаца к1еда а, тешош а, даггара дика болх лаар гойтуш а дийца деза .

Дарбане боцу мотт машаренна бойца мегар дац. Машаренна юкъарло дийца хууш воцчо барт кхин а эг1або .

Ша шен ницкъах тешна хилар боккха ницкь бу. Шен дешап да, шен дег1ан да воцу стаг лай ву .

Хьалха ойла а йина ала деза дош. Ойла ца еш аьлла дош т1аьхьа дохко воккхуш хуьлу .

Къамел дан хаар йоккха говзалла ю. Хазчу къамело адамийн дегнаш досту .

Хабарца а вевзар ву стаг. Къамелаца багара д1аетта 1аь лги чуъра етташ ю. Мел ч1ог1а деган къайле ян г!ортарх дечу къамело хаамаш бо цунах .

–  –  –

Вовшашца деш долу къамел вовшашкара пайдаэца йиш йолуш хила деза, шена хууш доцург вукхуьнгара 1ама а деш .

Къамел вайна пайдехь ду, нагахь санна мелла а керлашп довзуьйтуш говзалла сов яккхахь .

Мила ву а ца хууш волчу стаге хьайн даггара ма дийцалахь ледара хетар ву хьо. Хьайн къайленаш ма ялхаелахь - гучувер ву хьо .

Хьекъал долуш волчу стагана мичча адамашна юкъа ша иисвелчи а, ша царна эшахь а ца эшахь а хуур ду. Ша цхьанне а поикъа хилале царна юккъера д1а a rlyp ву .

Дуккха а ойланаш еш волчу стеган къамел к1езиг хир ду .

Дийца дуккха а дагалецца волчо коьртаниг ала дицдо .

Цхьаьнгге а вистхила pari ца кхочуьйтуш дукха луьйшверг (кись хилла вуьсур ву. Х1унда аьлчи, иза кхин ца луьйш сацаре дог цохуш, цо дуьйцачунна реза бацахь а, т1е а тайна 1ад1ийр бу .

Даиманна а хабар дуьйцуш верг хьуо хилча, хьайга ладуг1уш нолчуьнга а вист хила pari кхачийта. Иза а хир вац дийца цхьаъ доцуш .

Дикка къамел дан хьекъал доцуш велахь а, ша дийца ца дечарг ца дуьйцуш, 1ад1ен ца хууш велахь а стаг декъаза ву .

Сан к1ант, айхьа олу дош ойла еш алалахь. Хьекъална хьалха пслхийта мегар дац багах олу дешнаш .

Вовшашка тешам хиларо къамелийн чулацам тобо .

Хьайна дуьхьал луьйш верг г1алатваьллехь, иза нисвелахь, Оакъдолчух иза тешо лаахь, оьг1аз ма rlo, дош ала сих а ма ло. Иза I(-1 по, айхьа бохачунна т1етов волу некь лаха .

Дош муьста олуш, дага а луьйцуш вас хин ерг дуьйцуш волу гни- вог1у гуш нехан сакъералур дац. Стагах ца вашар, цуьнца | 1оршаме къамел дар, 1иттарш яр, т1ехтохамаш бар вочу стеган лмалехь ду, цуьнан доттаг1ий хир бац .

Забаре, хаза аьллачу дашо, хила кечделла дов а дохадо .

I»лгаца бечу т1амна дуьхьал забаречу дашал дика герз дац .

Хьайн ирс, хьайн сий ларо лаахь, хьайн дош а ларде .

Меттахь аьлла дош меттахь кхета, ала ца дог1учохь аьлла дош ша шопа кхета .

ХХумма а деш воцург дукха луьйш хуьлу .

Хьекъал к1езиг долчуьнан мотт беха хуьлу .

Ойла ян ца хууш волу стаг дагадеънарг дуьйцуш хуьлу .

К1езнг хууш болчу наха хабарш дукха дуьйцу, дерриг а тайна хаьа а моьтту .

Дукха хууш, хьекъалш долуш болчу наха к1езиг дуьйцу .

Кхетам болуш волчу стага даггара дуьйцу, кхетам к1езш болуш волчу стага баггара дуьйцу .

Деш а, дуьтуш а боцу, мукъа нах массарел а дукха луьйш хуьлу. Уьш лен битахь, цара г1уллакх деш верг а юкъахвоккху .

Ледарчу стагана г1уллакх дан ца лаьа, хабар дийца лаьа .

–  –  –

П алата аьллачу цхьана дашо ахьа мел дийцинарг дохадо .

Ала дог1учохь бен дош ма алалахь - мел хьекъале аьлларг i довр ду хьан. Тахана, х1инцца ала догГуш доцург, кханенма диталахь, шен меттахь нислур ду хьуна .

0ьг1азвахна, сихвелла, тахана ала дагадеънарг кханеша даккхалахь, г1алатвер вац хьо .

Дукха луьйш, дукха дуьйцуш волчо ларт1ахь доцург, ца оьшург дукха дуьйцу .

Дешан иралла - говзалла ю, дукха лер - кхетам бацар ду .

Стаг к1езиг дийцарна дохковаьлла меттигаш дукха яц, дукха норна, сов дерг дийцарна дохковаьлла меттигаш дукха ю .

Дош ца олуш 1ерна цкъа хьо дохковаьллехь, и дош аларна уытазза, б1озза дохковер ву хьо .

Ла а ца дуг1уш, ойла а ца еш ахьа аьлла дош юха iм.алацалур дац хьоьга. Иоьхна пхьег1а юха метта хкпгталуш яц .

I.игах даьлла дош а юха эцалур дац .

Муьлххачуьнга а айхьа дан кечдина къамел ойла еш дусталахь, хьайга ладуг1удолчуьнга хьажжий .

Хьайна хууш дерг мич-миччахьа а, муьлхачуьнга а ма дийца .

Хууш хила, хьаьнга х1ун дийца деза .

Бахара бохучух «бахара» хуьлу, наха бохучунна т1аьхьа кхуьур вац .

АДАМИЙН САКХТАШ, ВОН АМАЛШ

Къахстта та1зар ца деш витинчу къуьно, къахетта бапп даьхний дуьтур дац ца лачкъош .

Шел лакхарчух кхоьруш, ийзалуш, цунна хьееталуш ве|и шел лахарчунна везавеш, т1ечехаш, г1ело еш хуьлу .

Моз дуттуш йоцчу з1угано къовзор а нийса дац. Ша д е т х1ума а доцуш, нахана йечехар а нийса дац .

Къиза дегнаш долу ямарта нах нахана вон болх хилча хазахеташ хир бу .

Хьекъал долуш хиларх стеган сий хир дац, нагахь сап на цуьнан вон амал елахь .

Оьг1азвахна стаг а, хьераваьлла стаг а ший а цхьатерра ву .

Вон стаг къиза хуьлу, дика стаг нахаца къинхетаме хуьлу .

Уггаре а ледарчу, стешхачу стагехь къиз^ш а ч1ог1ахо а хуьлу .

Къизаллий, стешхаллий йолуш волчу стагана кера герз а куьйгалла а, хьаькмалла а кхачийта ца деза .

–  –  –

Пелвелла к1елвисинчунна т1ехь гучуйоккху стешхачу стага шен къизалла .

Оьг1азечу стагана цкъа а синтем хир бац. Ша реза воцут аьллачу дашна а дов даккха кийчча ву иза .

–  –  –

Вон амал йолуш волу, догь1аьржа стаг самукъане хир вац .

Цуьнан юхь-сибат кхоьлина хуьлу, йочане де санна .

Сих-сиха а, дукха ч1ог1а а велар - кхетам боцчу стеган велар ду .

Догъ1аьржа хилар, нахана вонболх лаар - стеган докъазалла iu Иза ирс дайна ву. Ша велла д1аваллалц, синтем хилла вехар вац пахана дикаболх хилчи лалуш воцург .

Нах кхерор, уьш кхерамехь латтор - къизалла ю. Нах шех I хоьруш волу «буьрса» стаг ша нахах кхера веза .

Нахана зуламаш дина волу стаг буса боданехь а, дийнахь 1пидаг1ах а кхоьрур ву .

f Шен ницкь кхаьччий, нахана вон болх бийр болуш волу стаг пихана везар вац, цунна маршо яц .

Хьекъал долчу стеган сий дайа ницкь боцуш, х1уьттаре щ нано хьагШолчу наха .

1овдалчу нахана хьекъал долуш волу стаг везар вац. 1овдал

• гаг хьекъал долуш волчу стагах дагавала лууш ца хуьлу .

1овдалчу стеган хьуънар - хьекъал долуш волчух, и маьттаз нохуш, велар ду .

1овдалчу стеган вониг дан хьекъал кхочу .

Хьекъал долуш волчу стеган 1овдалчу нахана юккъехь сий чир дац .

1овдалчу стагаца къевсинчуънан юьхьк1айлур яц. 1овдалчу

• Iига х1уъу а дийцича а, вист ца хуьлуш 1ад1ер г1олехь ду .

Харцо ган а гуш, цунна дуьхьал къийсам а ца латтош 1адда li*|), оцу харцонна т1етар санна ду .

Стаг эсала, г1иллакхе, оьзда хила веза, амма х1ума бен а | '.имха а ца хеташ хила ца веза .

Стаг халонехь, балехь висча, бен а ца хеташ, цуьнан бала ца | чочуш верг - стаг вац, я адам а дац .

–  –  –

Стеган амалехь бен-башха ца хетар - сих, дагах кхетта вон лазар ду .

Бен-башха ца хетар - дийна воллушехь валар ду .

Адамашна дика болх лууш верг харцо езаш а, и лалуш а хир вац .

Муьлххачу arlop хилла а цхьа безам болуш хила веза ста:

Цхьа а тайпа безам боцуш волу стаг ша нахана веза хьакь вац. Ича ванне а воцург лара мегар ду .

Kloprrepa безам кхоллалуш воцчуьнан вочу адамашкл цабезам а кхоллалур бац. Диканах, безамах воккхавеш воцчуьнан хила хьакь долчуьнца гамо а хир яц. Стеган хама беш а, и лоруш а воцчо ала хьакь долчунна не1алт а эра дац .

–  –  –

Цхьаволу эсала стаг шен де хилча нахана вонболх бзййр болуш хуьлу .

Стешха стаг шен лаамехь хир вац цкъа а. Стешхалло цуппа т1ехь даима олалла до. Стешхачу стеган хьаькамаш дукха хир бу .

Стешхачу стагера дика болх хир бу олийла дац. Стешхач\ стага милла а вухкар ву. Стешха стаг хьанна а ша лолле воьрзур ву .

Стешхачу стага ямартло а атта йо, харц дерг а атта дуьйцу .

Стешха стаг шен 1индаг1ах а кхоьру. Стешха стаг даима цен хуьлу .

Стешхачу стага, лакха аьлчи - шок а локхур ю, таса аьлчп нехан ц1ийнах ц1е а тосур ю .

Кхоьруш волчу стеган даиманна хьеставала деза. Стешха г гаг ямартчу нехан вацархо ву .

Стешхалло ша кхочуш дан дезарг дохадо. Стешхалло дег1ера I lopa эшадо .

Уггаре а стешха стаг ша къиза хуьлу. Къизалла - стешхалла К) .

Стагехь стешхалла мел ю, цуьнан дег1ан ницкь байна бу .

–  –  –

Кхерамо хьекъал долчу стеган кхетам бохабо, ницкь болчу стеган доьналла дохадо .

Кхераман лай хйлла виснарг - воккха лай ву .

Стешхачунна шел а стешханиг карийча дала ло. Цо шен к ьизалла цунна т1ехь гучуйоккху .

Стешхачунна велха а эхь ца хета, хьаставала а эхь ца хета .

Стешхачу стага дов атта доккху, атта кхера а ло .

Кхоьруш аынпаш боттар - стешхалла ю. Аьшпаш боттаро к)|.хь1аьржачу х1оттаво .

Стешха накъост - мостаг1чул а луьра ву. Мостаг1чух иза моетаг1 вуйла а хууш, хьо ларлур ву. Стешхачо, хьан аьтто боьхначу меттехь, хьо д1алур ву .

Стешха стаг тоьллачуьнгахьа хир ву, иза бакь велахь а, шщахь а .

Стешха стаг даиманна кхерамаша хьаынна латтор ву .

Стешха стаг - уггаре а декъазчех ву. Стешхалла - стагана доккха та1зар ду .

Стешха стаг дикачу къонахчул а кхераме ву. Стешхачу стага, шен са дадо г1ерташ, нехан синош духкур ду. Даккхийра зуламаш стешхачу стагехула хуьлуш ду .

Стешхачу стага шен ваша а вухкур ву, ваша вухкучо, Даймохк а бухкур бу. Стешха стаг кхоьруш, даима чухеба, майраниг корта айбина лела .

Кхерар - эхь ду. Кхерам ца кхераро эшабо. Цхьана а х1уманах кхера оьшуш дац, Дела воцчух .

Даиманна кхерам латтаро стаг дакъаза воккху .

Цхьаболу кхерамаш бахьана а долуш кхоллалуш бу .

Кхерам стешхачу стеган даг чу хоу. Кхерамо харцо кхуллу .

–  –  –

Хьайн мостаг1чуьнга хьуо Iexa ма вайталахь, к1иллошка ли»

ма вайталахь. Хьайна цара боьг1начу гуре а ма лацийталахь .

Юиллонех ларлолахь, сан доттаг1, хьуна хаза а дуьйцуш, тешнабехкана т1аьхьабевлла кьуй бу хьуна уыи .

Хьайна хьесталуш волчунах ма тешалахь, тешнабехк бийр бу хьуна .

Юиллошца гергарло хила мегар дац цкъа а. Уын тергал ца яхь, т1аьхьара шаьш дТахедар ю .

–  –  –

Хьаг1 йолуш волу стаг а, стешха стаг а цкъа а синтем хилла мехар вац .

Стеган амалехь хьаг! хиларал доккха айп дац. Хьаг! йолчу i Iага нахана тешнабехк а бо, харцо а йо, ямартло а лелайо .

Хьаг! йолуш волу стаг цхьана хГуманна реза воцуш, даима | агатдеш хир ву. Х1унда аьлча, иза шен долахь долчух кхачам бина.1 хир вац, нехан хилча лалуш а хир вац .

Кхетам болуш волу стаг цхьа к1еззиг долчух кхачам беш хир ну. Кхетам боцуш волчу стагана дерриг а дуьне шена делча, а ь 1е$иг хир ду .

Нахаца хьаг! йолуш волчу стагехь дерг лазар ду .

–  –  –

Хьаг1 йолуш волу стаг цкъа а воккхавеш хир вац .

Хьаг1 йолчу стага цхьа к1еззиг стагера даьлла г1алат I чанкхадо; доцург стагана т1ехь кхуллу; х1уьттаре, гамо лелайо .

Хьаг1 йолутн волчу стагана нахана х1уьттаре ерг бен карор паи, олучу дашца а .

Ирс долуш болчу нехан мостаг1 ю хьаг1 .

Хьаг1 йолуш волчу стагана бекхам бан лаахь - сакъералуш, ноккхавеш хилалахь .

Цхьана а х1ума,нан бала а боцуш, деш-дуьтуш а доцуш, нопехь а, диканехь а воцуш, цхьа висна, шенна вехаш волу стаг ис ллачийн новкъа ву .

–  –  –

Тешнабехк. ма белахь, сан к1ант, нахана. Нахана бина тешнабехк шашех боьду .

Харц ма лелахь, аынпаш ма ботталахь. Харц лийчи - безам бовр бу хьох, аынпаш боьттича - тешам бовр бу .

Аыдпаш боттар - йоккха к1айдарг ю. Аьшпаш буттуш волчу стеган сий хир дац, нах цунах тешар бац, цо дуьйцург къобал дийр дац .

Аьшпаш буьттург ледара стаг ву, ледара воцчо аынпаш буьттур бац .

Харцо, ямартло лелош волчу стагаца нехан гергарло хир дац .

Бакь дан аьтто боцчу х1уманна тоыналла ма делахь, моттбеттарг хир ву хьо .

–  –  –

Хилла гергарлонаш дохийна матто, хийла доттаг1ий эг1ийна матто .

Мотт-эладит - уггаре а дикачу къонахчунна леладо, иза нахана везар,.наха лоруш хилар ца лалуш болчара .

Мотт бахьаш веънарг тергал а ца веш витарал доккха дарба пн I цхьа а. Мотт бахьаш веъначунна ша-шена тохар санна, сот!ат» хуьлу цунах .

–  –  –

Цхьа дош харц аьлча, бакьдолчух а шеко кхуллу. Харц дерг лна мегар дац, забар еш а .

Аынпаш буьттуш волчу стагана дерриге а дагахь ца лаьтта .

11уидела ша хьалха аьлларг диц а лой, цуьнан аынпаш гучубовлу .

Хьайн шеко йолуш долчух бакьдерг бен ма дийцалахь .

Харцонах хьуо Готталахь, йохаелахь и харцо .

Хьаьнга а х1уъу а дийцахь а, иза милла а велахь а, цунна тов дерг дийца ма г1ерталахь, бакьдерг, хьайна гинарг дийцалахь .

–  –  –

Стаг ша дуьхьал а волуш хаста ма велахь, цуьнгара мел шккхийра хьуьнарш дийллехь а. Иза воцчохь хасто мегар ду хасто mtrlyui велахь .

Мотт бетташ верг т1ек1овеш волу стаг цуьнца тайна хилар Гшлгало ю .

Хьанала ц1ена стаг кхоьрур вац мотт-эладитнах .

Мекарлонца, х!илланца 1овдалш луьйцу, амма хьекъал долуш волу стаг атта лацалур вац .

ВАХОШ ДОЛУ МАЛАРШ МИЙЛАРХЛАЬЦНА

Вехначу стеган чувог1уш киснахь къаьркъанан шиша хуьлу, чукхаьччи - дов хуьлу .

Дика да доьзална напг1а дахьаш вог1у, вон да къаьркъанан шиша дахьаш вог1у .

Молуш волчуьнга ахьа кхетош ала: «Ма бехьа хьайн доьзална бала» .

Малар марзделлачунна малар бен дагахь хГумма а хир дац .

Маларх дуккха а зуламаш ду: могашалла талхор, хьекъални эшар, таронах вохар, уьйрашха хадар .

Хийла ненан б1аьрг белхабо молуш волчу кТанта .

Доьзалан да - молуш воьлу. Зудчуьн, берийн - б1аьргех хн доьлху .

–  –  –

Нехан х1усамехь шена къаьркъа дезийла хоуьйту г1иллакч доцчу стага .

Маларан барам бан а бац. Ваххалц мелчи а ца 1еш, вожжалн молуш верг маларо эшийнарг ву .

Нехан х1усамехь корта бахош малар мала бакъо яц .

–  –  –

Вон мел дерг вехначу стагера долу, дукха луьйш - к1орд;| войту, хьашт доцург дуьйцуш - нехан синкъерам бохабо, вон дс-pi олий - стагана вас йо, нахана чуг1ерташ девнаш доху, питана тоспи

- нах лотуьйту, бехк-гуьнахь доцуш стаг воь. Вехначу стага аварп йо. Вехна стаг балхана т1аьхьа вуьсу, белхан де дойъу. Вехна ст.н шбатах телха, г1иллакхах, оьздангаллех вуху. Вехна стаг хьакхин бмтаме воьрзу .

Малар дуьтуьйтуш хьехна цхьа дарба ду: цамалар .

Стаге лаахь а, ца лаахь а мала бахар - вон г1иллакх ду .

Вехначу стеган хьекъал меттан буьххьехь хуьлу .

Барамал т1ехдаьккхина молуш волчо молуш дерг шен доьзалан б1аьрхиш ду .

Къаьркъа мелла вехна стаг хьакхел а боьха ву. Вехна стаг norlyui гича, вахаза волчо га доккху, цунна пе тухуш .

Вехначу стеган киса деса хуьлу, мотт д1овшах бузий хуьлу .

Вехна стаг а, хьераваьлла стаг а ший а вовшех тера ву. Вехна с гаг хьераваьллачул а зуламе ву .

Къаьркъанехьа, маларехьа ваьллачу стеган т1аьхье хир яц .

Маларо могашалла йоь, маларо хьекъал эшадо .

Молуш волчу стеган къайле а хир яц, дан т1елаьцна г1уллакх кхочуш а дийр дац .

Мелла стаг ша шена айкхволу .

Маларрий, оьздангаллий цхьана дог1уш дац. Малар молуш иол чу стагехь оьздангалла хир яц, оьздачу стага маларш мийр дац .

Маларо г1иллакхах вохийна стаг нахах хедар ву .

Маларо сийлаллин дарже кхачийна цхьа а вац. Маларо i иплаллин даржах бохийнарш дукха бу .

Хьеран «к1ар-к1ар» а, вехначу стеган хабар а цхьатерра ду .

–  –  –

Хаддаза мийларо коьртан хье талхабо, юьхь-сибат талхадо, могашалла йохайо .

Юеззиг малар могашаллина дика ду олу, дукха мийлар могашаллина зуламе ду олу. Аса-м к1еззиг ца молуш а могашаллина пайдехь дерг кхин лохур дара .

–  –  –

Вайн хьекъал хила деза цхьана х1уманах кхета а, кхиа а малар т1ехдоккхуш маларца хьошалла ца данний, хьошалг1а вами дахначохь ваылна малар ца х1иттадайтанний .

Малар дитаро шелбелла кхерч бохбо, яй'^хьанбо, бахам стамбо, бедар хазйо, хьекъал меттадаладо, доьзалан барт бо .

Вахош долу малар - мукъачу стеган кхача бу. Къаьркъапап кад - зуламан кад бу .

Буха дуьсчух кхоам а хеташ молуш волчух къаьркъа хеиача дуьсур ду .

Къаьркъанца тасаделла гергарло шишанан бертигера бухс кхаччалц бен кхин деха дац .

–  –  –

Болх беш волчу стеган сагатлур дац. Мукъачу стеган гагатлур ду .

Болх беш воллучу стагана де дацло. Мукъачу стагана де дпхло .

Дечу г1уллакхана б1окъажор мало ю. Мало йолчу стеган дечу г1уллакха т1ех^ ка ер яц .

Катоьххана динарг кхочушхуьлу. Кханенаш йохкуш т1аьхьа Iи гтанарг даза дуьсу .

Мало йоцуш дийрнг дан атта ду. Малонца днйриг дан хала ДУ Мало - дег1ан мостаг1 ю. Мало йолчу стеган г1иллакх а духу .

Мало йолчу стеган т1евеанчунна хьалаг1атта а карах ца долу .

Мало ерг меттахвала кхиале, каденнг г1уллакх кхочуш а дой парг1атволу .

Мукъа 1ер уьне, дег1ана зуламе ду. Мукъа 1нйна стаг вехаш а \ир вац, сийлахьчу даржехь а хир вац .

Муьлхха а дина а цхьа г1уллакх деш воцу стаг сагатдеш хир му. Балхаца, г1уллакхаца марзо елахь - стаг цо 1ехаво .

Цхьа а пайда шегара луш воцу стаг т1ехь стом боцчу диттах юра ву .

Ледара стаг, мел нахана дикаболх лууш иза велахь а, папденна вац .

Шен ледарло дений, нанний т1ете1ош волчух къонах хир вац .

Дас, напас юьхь лаьцна лело везаш волу к!ант - к!ант вац .

Стаг эсала хила мегар ду, амма мела а, ледара а хила мегар дац .

Хьекъалан к1орге йоцуш болу ледара нах даиманна нахана луьйш хуьлу .

Цхьа а хьуьнар доцуш болу нах уггаре а кхочушдан аттапш шаын дан а ца деш, дан ца тарлург, дан ницкь боцург, нахе ju бохуш т1аьхьабовлий лела .

Хьекъална ледарчу нахана стеган «г1алаташ» го, амма и м вуъззина дика къонах хилар ца хаьа, цуьнан хама бан а ца лаьа .

Мало, к1адо могашчу стагана зуламе ю. Сецца лаьттачи хн а телха .

Мукъа Гечунна сингаттам дукха хуьлу .

Шегара дийлла г1алаташ хууш волчу стага пайдаоьцу т1ейолчу хенахь оцу г1алатонех ларвала 1емаш. .

–  –  –

«Мало - хало» - аьлла вайн дайша. Мало йолуш волу e r a i буьйда хуьлу, буьйда стаг экама хуьлу, экама стаг уьне а, айне а хуьлу .

СУТАРАЛЛА, Ц1АРМА ТАЛЛА, СУЬПАЛЛА,

Б1А ЬРМЕЦИГАЛЛА

Сутарчу стага са дуу, комаьршачу стага жижиг дуу. Сутара п, ц1армата а, б!аьрмециг а волу стаг декъаза ву .

Х1усамнана б1аьрмециг елахь, х1усамден хьешашна хьалха и|.хьк1айлур яц .

Щармата ма хилалахь, гергарлонаш херлур ду хьан .

К'омаьрша хьо хилахь, гергарлонаш шорлур ду хьан .

КЪОЛА, КУРХАЛЛА, ЯМАРТЛО, ХЬАРАМЛО

Нехан х!ума лачкъош волу стаг цкъа а вехаш хир вац .

Нехан хьакь д1атекхчи бен т1ера долуш дац. Къу ваьхп.п кертахь къух долу .

Хьарамло а, харцо а цхьаь ю, иза ямартчу стеган герз ду Нехан хьокъах вехаш волчу стеган бедар ц1ена елахь а, ц1ий боьчн хир ду .

Нехан хьокъех гулбина бахам тешаме бац. Цунах летта цК хе йойъур яц .

Ямартчу стага ахчанан дуьхьа маьрша стаг вуьйр ву .

Вон стаг оьг1азе хуьлу, дика стаг векхавелла хуьлу. Кь\ к1елд1ашха хьоьжу, доттаг1 дуьхьал хьоьжу .

–  –  –

«Къуьнна къола дичи, Дела велавелла», - бохуш кица ду .

Къола деш волчу стагана ша велла д1а валлалц синтем хир бац .

г

МОГЛШАЛЛЕХЛАЬЦНЛ

–  –  –

Стаг векхавелла, велавелла хилар - могаш хиларан билгало к). Цо гойту цуънгара ницкъ, хьуьнар, толам .

Мацалла лайначо рицкъанан хама бийр бу. Цамгийла лайначо могашаллин хама бийр бу .

Могашалла ларъелахь, могашаллин хама белахь. Могашалла боккха бахам б у.'П атта ца луш меттахь висначу лазархочунна 1 1евланга дашо г1айба билларх г1оле хир яц .

Хьолал еза ю могашалла. Могашалла - доккха хьал ду .

Кхела лазаяьллачу стага шен берриг а бахам д1алур бара шен кхела цалазийта .

–  –  –

Могашаллин коьрта хьелаш: кхача диканиг баар, волавалар, шен барамехь болх бар, ц1ена х1аваь, шийла хи, велавелла, векхавелла, самукъане хилар .

–  –  –

Вай буу кхача дарбане хила беза. Дарбанна буу кхача шен барамехь баа беза. Барамал т1ех буу кхача уьне бу .

Мел к1езгачу х1уманах а Гехалуш хиларо стеган дог дика лагтадо. Долуш долчух кхачам ца баро, х1уманах ца 1абаро пшгаттам латгабо .

Сингаттаме, г1айг1ане хила мегар дац, сингаттамо стаг дакъаза воккху .

Могашалла массо а хенахь ларо еза. Могашалла цхьаь бен яц, лазарш дукха ду .

Лазарна дарба карадо. Амма 1ожалла сацо ницкь болуш цхьа а тайпа дарба дац .

Ша лазаро лаьцначу хенахь, диканах дог дилла ца деза .

Лазарх сингаттам хилла, сингаттамана к1ел саца ца веза .

Сакъералуш долу, самукъа даьндолу бахьана лаха деза .

Х1уъу а хилла латтахь а, дог дика хила веза стаг. Догдика хуьлийла карор ю ахьа айхьа лехча .

Боккха сингаттам хилла, вон деъна стаг цхьаь ша вита мегар дац. Цуьнан самукъа даьндерг, цунна там хинберг дуьйцуш, иза сингаттамах к1елхьара ваккха веза .

Сингаттамо бале лаьцна стаг Iexo дарба лаха деза. Иза ду могашалла ларо оынуш долу дарба. * Стагана сингаттам базбеш текъамаш бан мегар дац. Иза ду дагана Геткъаш дерг .

Стагана «хьо ма къанвелла, хьо ма дакъаза ваьлла» ма ала, иза дакъаза валарна кхерам бу. Хьо «ма къона лаьтта» ала, иза хаъал къонлур ву .

Стеган хан яцйо къизалло, хьаг1 хиларо, сингаттамо, халоно, г1айг1ано, балано .

Лазаро кхерийна стаг лазаро, кхерамо лоцу. Кхерамо лацар лазар ду .

Массо а х1уманал а дарбане - доьналла ду. Доьналло лазар эшадо .

Цомгуш волчу стагана хаьржинчу дарбанех дарба ду товала лаар .

Ilia толург хиларх дог тешна хила веза цомгуш волу стаг .

Лоьран уггаре а йоккха говзалла цомгушчу стагаца къинхетаме хилар ю. Цуьнца г1иллакхе, эсала хилар дарбане ду .

Нахаца къинхетаме волу стаг лор хила хьакь ву. Нахаца къинхетаме воцчу стагах лор хир вац .

Лазарна воьхна, г1айг1ане хилла к1ел а ца соцуш «аса къуьйсар ду хьоьца, лазар», - аьлла дарбанашца цунна доьхьал т1ом латто беза .

| ’ И6

БЕРАЛЛЕХ, ЖИМАЛЛЕХЛАЬЦНА

–  –  –

Бераш - хин долу адамаш ду, шайн дайша лелийнарг д1аэца дезаш .

Жималлехь могашалла дика ю, ницкь бу дег1ехь, дог лов чу кийрахь, ойла кхерста коьртехь, лаам бу боккха .

Жималла эрна д1а ма яхийта! Ц1ий довха мел ду, ойла сема мел ю, хьекъал ховха мел ду, дег1ехь ницкь мел бу, 1амаде диканиг .

Хьайгахь муьлхха а тайца цхьа корматалла елахь, и корматалла кхиаелахь - хи тухуш, гуо охкуш, сов га д1ахадош, кхио стоьман дитт санна .

Цхьа а тайпа корматалла йоцуш волу стаг стом ца лучу акхачу диттах тера ву .

Болх белахь, дешалахь, 1амалахь, халкъана гНуллакх деш хилалахь! Балхаца, дешарца, халкъана дечу г1уллакхашца, юкъараллин хьелашца карор ду хьуна хьайн ирс .

Жима стаг, батте, стигларчу седарчашка хьежа! Дуьлс, 1алам, адам довза, заманца вола, хьалха та1а, хьалха та!а хьуо хьаю .

волчу дарже кхача .

Жима стаг, хьекъал гулделахь, кхетам болуш хилалахь. Ахьа жимчохь гулдинарг воккха хилча карор ду хьуна .

Воккха стаг лоруш, хама беш хилалахь, цуьнан хене вахчи хьо а лорур ву .

–  –  –

Къанвелча воккха стаг хьекъална а, амална а беран хьесапе воьрзу. Цуьнан терго еш хилалахь. Цхьа к1еззиг ахьа дин чу г1уллакхах цунна там хир бу, хьуна баркалла хир ду .

Жимчу стеган амалехь цхьа к1еззиг воккхаллин х1умнаш а дика тов. Воккхачу стеган амалехь цхьа к1еззиг жималлин х1умнаш л дика тов .

Воккхачу стеган кхетамо кхетамах пай да эца хууш волу жима стаг дахаран новкъа воккху .

Воккхачу стеган хьуна кхетам бала а, хьехар дан а бакъо ю дегабаам ма белахь, хьайга дечу хьехарех пайда эцалахь .

Вай цхьацца лерамашна кханенаш йохку, жималла д1айоьду .

К'ьоналла т1ейог1у .

ВОККХЛЛЛЕХ, КЪАНАЛЛЕХЛАЬЦНА

Стаг къанвелча, дегайовхонех, лерамех д1ахеда. Цул т1аьхы1 дагалецамаш буьсу .

Къанвала гергавахча, хан чехка йоьдуш санна хета .

Дуьне дукха дезарна - хене сатуьйсу. Валар ца дезарна хенах кхоьру .

Къаналла цхьанне а ца еза. Амма дукха ваха ца лууш цхьа а ца хуьлу. Дукха ваха тарлой ткъа, къаналла йоцуш .

Къаналло сингаттам бахьа. Нийсархойх, доттаг1ех, уьйрашха хеда. Дуьненан синкъерам д1аболу, уггаре а хала адамийн къелла йог1у. Цхьа висчи - г1айг1ано, балано лоцу .

Шовзткъа, шовзткъе итт шаре ваьлча, хуур ду стагана ша гулдинарг х1ун ду. Ша дика гулдинехь дика нахе кхачор ду. II 1а г1алата некь бинехь, цунна дохковер ву .

ч Къанвелча стагехь дуьсуш дерг цуо гул^ина хьекъал ду, Нахана хьехарш дан йитина бакъо ю, динчу г1уллакхийн мерза стом бу, баркалла ду, лар яза дисна сий ду .

Къанваларх самукъадала а, марзо эца а бахьанаш дукха ду, нагахь санна оцу бахьанехь пайдаэца хаахь .

Къанвелча стагана зуда езар яц. Зуда езаш иза велахь - къан ца велла .

Къанвелча а нахана кхетам бала хууш верг нахах д1ахаьдда сий дайна вуьсур вац .

Цхьа висначу стагана цхьа г1уллакх деш хилар г1олехь ду Х1умма а деш воцуш мукъа висна стаг сингаттамо лоцур ву .

Цхьа а тайпа хьуьнар доцуш, корматалла йоцуш, дахарап зилах, болах хаьдда стаг эрна хан токхуш ву .

Велавелла, векхавелла, г1иллакхехь, оьзда воккха стаг гуш мпа хета .

Дуьненчохь хан яьккхина стаг хиларх, иза ваьхна олийла |.|ц, шен вахаран лар цо йитина яцахь .

Стеган мах дукха вахарх, заманан йохаллехь базлуш бац, цуьнан г1иллакхашка, г1уллакхашка хьаьжжина бен .

–  –  –

Нехан къайле юьйцуш верг - моетаг1 ву. Шен къайле нахе ялхош верг - 1овдал ву .

Кхаанне хууш долу хГума къайла rlyp дац .

Хьайн къайле мостаг1ашна гучуйолийла ца лаахь, доттагГчуьнга а ма йийца .

Къайле доттаг1ашца йийца а тешаме дац. Цара шаыи тешачаьрга д1айийца тарло иза. И аккха цунах къайле ца хуьлу .

Мостаг1чух айхьа лачкъодерг доттаг1чуьнга а ма дийцалахь .

Цкъа гучу ца йолуш цхьа а къайле хир яц, и гучуйолуш цхьл зама йог!ур ю .

Шина стагехь йиенарг къайле ю, кхозлагГниг теш велахь, къайле - къайле яц .

ХЕНАХ, ЗАМАНАХЛАЬЦНА

Зама, шен корматаллех пайда а оьцуш, говзалла 1амо йиш молуш мехала ю. Заманан мах хууш воцург сийлахьчу дарже кхочур вац .

Дуьне, вахар дезий хьуна? Хан, зама эрна д1а ма яхнйта .

1аМ - иза урд ду. Ахьа кхиабахь - стом кхуьур бу. Деса дитахь а къухо хьулдийр ду .

Деши, дети механа деза ду. Амма адаман вахарал деза дац цхьа а х1ума. ' Хьекъал долуш, корматалла йолуш волчу стеган эрна хан чиарал доккха зен дац .

Хан - иза хьекъалечу, кхетамечу белхан хазна ю. Вахаран 1;шашо хила еза шеран а, беттан а, дийнан а, сохьтан а хьесап долуш. Цхьа а сахьт, цхьа а минот эрна д1а яхийта декхар дац кхс гам болуш волчу стага пайдехь долу цхьа г1уллакх ца деш .

Цхьаверг цхьана г1уллакхе ладоьг1уш, я цхьана дикане слтуьйсуш чехкка хан яларе, зама д1аяхаре сатуьйсуш хуьлу .

Хьекъал долуш волу стаг шен ма-хуьллу оцу заманах, хенах найдаэца г1ерташ хуьлу .

Сийлахь доккхачу даржехь ву, шен заманах пайдаэца хууш мол хилла массо а стаг .

Мукъачу хенах пайдаэца хууш волу стаг кхетам болуш h шар билгало ю .

i Заманах, хенах пайдаэца хууш волчу стагана, ша дага лаьцна долу г1уллакх кхочуш дан хан карор ю .

Хьайн г1уллакх дан хан к1езиг хеташ хьо велахь, хГумма а дли а кхуьур вац хьо .

Кхетам болуш волчу стагана кехатех ловзар зенехь ду. Шен хьекъалах пайдаэца йиш йолуш зама эрна йойъу цо .

Сан доттаг1, кханенна т1аьхьататта ма диталахь тахаш кхочушдан йиш йолуш долу г1уллакх. Заманан хама хууш волчу стеган г1иллакх ду иза .

Тахана ахьа дина цхьана сохьтан г1уллакх кхана дендолчу шина сохьтан г1уллакхал деза карор ду хьуна. Таханлера цхьа де а т1едог1учу шина дийнан меха ду .

Дан дезачу г1уллакхан сихо ян еза. Амма и кхочушдеш сихвала ца веза .

Дан дезаш долу г1уллакх дагалаца деза генна хьалха а хьоьжуш, хиндолчун ойла а еш. Дан дечазу г1уллакхан ойла е, сан доттаг1, амма и г1уллакх т1аьхьа ма титта .

Дан дезачу г1уллакхан хьем бар зулам ду .

–  –  –

Вахарехь кхочушдан дезачу мехалчу г1уллакхашна сихо ян еза. Цхьа минот а эрна хан яйъаро уьш т1аьхьатоттур ду .

Атта кхочушдан йиш йолуш долу г1уллакх шен хеннахк кхочуш ца дича, кхано т1аьхьа хала хуьлу. Дан хала а долуш кхочушдан йиш йолуш дерг т1аьхьа титтича - кхочушдан аьтто боцуш юкьахдуьсур ду .

Дан йиш йолу г1уллакх кханенна т1аьхьатуьттуш верг леДара къонах ву. Кхане - таханлерчу дийнан эмгар ю. Кханенна т1аьхьатеттинчу г1уллакхо мекха л оцу. Кханенна даа т1аьхьатеттип;1 худар муст а лой дуьсу. «Буьйса яьккхинчу хударо мотт 1амабо»

аьлла ду вайн дайша .

НИЦКЪ, КЪИЙСЛМ, ТОЛАМ, ЭШАМ

Шен ницкъах, хьуьнарх б1о а булуш, адамийн дуьхьа, халкъан дуьхьа вехаш волчуьнгахь берг боккха ницкь бу .

Къийсам, толам баккхархьама ца хилчи ца долуш герз ду hi качу къонахчун .

Шен ницкъах б1обулуш волчу стеган доккха ирс ду. Шен ницкь, шен корматалла хууш, цуьнан хама беш иза велахь, сийлаллин дарже кхача цуьнан йоккха бакъо ю .

Шен ницкъах б!обулуш волчу стеган ницкь алсамбер бу .

Шен ницкъах б1обулуш иза вацахь, шеко елахь, эшна хилар (пинало ю .

Толам боккхург хиларх дог тешна вацахь - толам ца баккха герга ду .

Ша шех б1обулуш, кхочуш хирг хиларна дог тешна велахь дол о мегар ду сийлахь г1уллакх .

Дагапаьцначу г1уллакхах дог тешна хилар боккха ницкь бу стеган .

Шеконаш зуламе ю стагана. Долийча чекхдаьндолу 1 1уллакхаш юкъахдуьту цара. Шеко йохаш дерг стеган хьекъал, м.уьнар ду. Шеконца дерг долийча чекхдаккха ницкь ца кхочуш ииечи ша шен зер а толам бу .

–  –  –

В АЛ АР АН КХЕРАМ, ЮЖАЛЛА

Валарх хьо мел ч1ог1а кхийрича а, ца кхийрича а, им т1екхочур долуш ду. Хьо кхерарх т1ех а тир яц. 1ожалла, ца кхерарх

- хенал хьалха а йог1ур яц .

Даима валар дагахь лаьтташ хилча, дуъненан бахам лоьхур а бацара стага .

Къиза стаг а, къинош летийнарг а 1ожаллех ч1ог1а кхоьрут хир ву .

Собаре майра стаг 1ожалла герга г1оьртича, х1умма а воьхпл хир вац .

Юелхьаравала меттиг боцуш т1ех1оьттина яьллачу 1ожаллии киртигна ца вухуш доьналла 1алашдан деза .

И ехтила йиш йоцуш т1ех1оьттина даьллачунах кхераи, ваган оьшуш дац .

–  –  –

Дуьненчохь ша декхарийлахь верг сийлаллица кхочушдина стаг синтем болуш парг1ат лийр ву .

Хьанал къахьоьгуш хаза текхначу дийно буьйсанна мерза наб йойту. Нийсонах ца телхаш, маьршачу вахаро 1ожаллип кхерамах воккху .

Дуьненчохь нахаца харцонаш, ямартло лелийна стаг, воккха мел хили а, кхерам совбуьйлуш, 1ожаллех кхоьруш хир ву .

ЧУЛАЦАМ

Л нгорах лаы дна

Даймахках лаы дна

Кхетаман д еш н аш

Дуьне, в а х ар

( ' геган кхерч-х1усам, оьзал

Адамийн г1иллакхаш

Тезетахь лело деза г1иллакхех лаьцна

Машенашца болчийн г1иллакхаш

Куьйгалхочуьн г1иллакхаш

Къаьмнашца йолу юкъаметтигаш

Чуда ялор, йо1 маре яхар

Х1усаман лерамаш, гергарло, доттаг1алла,хьошалла............78 Хьаналчу къинхьегамах, балхах, г1уллакхах лаьцна............87 Къонахалла, стогалла, майралла, доьналла

( 'ингаттам, хало, бала, г1айг1а

Ьакъо, харцо, ш еко

Адаман сийлаллин дарж

1илма, говзалла, корматалла

Безам, марзо

Адаман хат1, куц, бос, сибат, амат

’)хь-иман

Адаман хьекъал, кхетам, лаам, 1алашо

Ирс, аьтто, самукъадалар, хазахетар, воккхавер.................. 142 Яздаран говзаллех, олучу дашах, буьйцучу маттах лаьцна

Адамийн сакхташ, вон амалаш, къизалла, стешхалла, х1уьгтаре, хьаг1-гамо

Х1илла, мекарло, тешнабехк, мотт-эладитта, питана...... 164 Вахош долу маларш мийларх л аь ц н а

Мукъа, партала стаг, мало, к1адо, ледарло

( утаралла, ц1арматалла, суьпалла, б1аьрмецигалла.... 171 Къола, курхалла, ямартло, хьарамло

Могашаллех л аьц н а

1сраллех, жималлех лаьцна

Воккхаллех, къаналлех лаьцна

Къайленах л аь ц н а

Хенах, заманах л аь ц н а

Ницкъ, къийсам

Валаран кхерам, 1ожалла

Чулацам

Авторо даггара баркалла боху xlapa книга ара поккхуш rlo дина волчу Умаев Сайдаминан .

'

–  –  –






Похожие работы:

«ПРАВИТЕЛЬСТВО РОССИЙСКОЙ ФЕДЕРАЦИИ ФЕДЕРАЛЬНОЕ ГОСУДАРСТВЕННОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ ВЫСШЕГО ОБРАЗОВАНИЯ "САНКТ-ПЕТЕРБУРГСКИЙ ГОСУДАРСТВЕННЫЙ УНИВЕРСИТЕТ" (СПбГУ) Выпускная квалификационная работа аспиранта на тему: ОЦЕНОЧНЫЕ СРЕДСТВА...»

«Ниже по сравнению с другими показателями оценен вклад института в формирование способности эффективно представлять себя и результаты своего труда (6,6 балла – выпускники; 7,0 – работодатели), а также владение иностранным язы...»

«Journal of Siberian Federal University. Engineering & Technologies ~~~ УДК 504.064.37 Creation of Specialized, Scientific and Informational Monitoring Systems Based by RSl of Regional Centers Ivan V. Balashova, Mikhail A. Burtseva...»

«Перепелицына Юлия Ростиславовна ЛЕКСИКО-СЕМАНТИЧЕСКОЕ ПОЛЕ ДЕРЕВНЯ В ХУДОЖЕСТВЕННОЙ ПРОЗЕ А. ЯШИНА Статья раскрывает содержание лексико-семантического поля Деревня на материале художественн...»

«Мусаева Елена Георгиевна ФОНЕТИЧЕСКИЕ АСПЕКТЫ РЕЧЕВОГО ВОЗДЕЙСТВИЯ В БРИТАНСКОЙ ПОЛИТИЧЕСКОЙ РЕЧИ Статья посвящена проблемам речевого воздействия в британском политическом дискурсе и его реализации на фонетическом уровне. Автор затрагивает вопрос о соотнесении значения и звуковой...»

«М.Л. Хачатурьян СЕГМЕНТНАЯ ФОНОЛОГИЯ ГВИНЕЙСКОГО МАНО Мано относится к южной группе языковой семьи манде, входящей в нигеро-конголезскую макросемью. По данным ethnologue.com 1, на мано говорят примерно 250 тыс. человек в Либерии и Гвинее. Исследование гвинейского варианта мано проводилось в рамках этнолингвистичес...»

«АДМИНИСТРАЦИЯ НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКА НОЖАЙ-ЮРТОВСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО НАЖИН-ЮЬРТАН МУНИЦИПАЛЬНИ РАЙОНА ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ КЮШТАН АДМИНИСТРАЦИ 366241, ЧР, Ножай-Юртовский район, с. Ножай-Юрт, ул. А.Кадырова 3, noj ay urt @ m a i1ги.т/ ф...»

«Код ВПР. Английский язык. 11 класс ПРОЕКТ Всероссийская проверочная работа по АНГЛИЙСКОМУ ЯЗЫКУ БАЗОВЫЙ УРОВЕНЬ для 11 класса ПИСЬМЕННАЯ И УСТНАЯ ЧАСТИ © 2019 Федеральная служба по надзору в сфере образования и науки Российской Федерации 1 Код ВПР. Английский...»

«To the question of derivational semantic space of the word-formative nests The article focuses on the problem of semantic organization of the word-formative nest and its constituting components on the basis of cognitive approa...»

«7. Языки программирования промышленных контроллеров (ПРК) Прикладное программное обеспечение (ПО) современных ПРК, имеющих встроенную операционную систему (ОС), может быть разработано как с использованием традиционных инструментальных программных средств (языки Си, П...»

«Данный текст был найден в архивах Машинного фонда русского языка. Он первоначально создавался как отчет отдела Машинного фонда русского языка, отражавший состояние Машинного фонда на конец 2000 года. Позднее некоторые его разделы перерабатывались дл...»

«СТРАТЕГИЯ ПРИМЕНЕНИЯ СОВРЕМЕННЫХ ДИСТАНЦИОННЫХ ОБРАЗОВАТЕЛЬНЫХ ТЕХНОЛОГИЙ В ПРОЦЕССЕ ПОДГОТОВКИ СПЕЦИАЛИСТОВ В ОБЛАСТИ ФИЛОЛОГИИ Хрущева О.А. Оренбургский государственный университет, г. Оренбург В современной образовательной среде дистанционные технологии являются средством обуч...»

«ПРИКАЗ № П-17-4/СТ от 10.01.2017 г. О зачислении граждан на военную кафедру для обучения по программам подготовки офицеров запаса В соответствии с Положением о факультетах военного обучения (военных В соответствии с Положением о факультетах военного обучения (военных кафедрах) при федеральных государственных образователь...»

«Государственное автономное образовательное учреждение СМК МГИИТ высшего образования города Москвы ЕВЯ.0.30.08.2016 МОСКОВСКИЙ Г ОС У ДА Р СТ В Е Н НЫ Й И НС Т ИТ УТ И Н ДУ С Т Р И И Т У Р ИЗ М А ИМ Е Н И Ю.А. СЕНКЕВИЧА Лист1из 64 РАБОЧАЯ УЧЕБНАЯ ПРОГРАММА дисциплины ИНОСТРАННЫЙ ЯЗЫК ВТОРОЙ (итальянский язык) учебный б...»

«Аспекты исследования лексической и грамматической семантики S3 УПРОЩЕНИЕ БУДУЩИХ ВРЕМЕН В СОВРЕМЕННОМ АНГЛИЙСКОМ ЯЗЫКЕ В.А.Кучмистый Белгородский госуииверситегп Под упрощением1 времен (tense...»

«Павлов Павел Владимирович ОБРАЗ КАПИТАЛА В СОВРЕМЕННОЙ РЕГИОНАЛЬНОЙ ЖУРНАЛИСТИКЕ (НА ПРИМЕРЕ ТЕЛЕВИЗИОННЫХ И ПЕЧАТНЫХ СМИ ЧЕЛЯБИНСКОЙ ОБЛАСТИ) Специальность 10.01.10 – журналистика Автореферат диссертации на соискание ученой степени кандидата филол...»

«В. Ли V. Li Национально-семантические особенности русских и китайских фразеологизмов со значением "внешность человека" Аннотация: в статье рассматривается образная семантика русских и китайских фразеологизмов со значением "внешность человека". Цель исследования –...»

«Министерство образования Московской области ГОУ ВО МО "Государственный социально-гуманитарный университет" Анатолий Кулагин СЛОВНО СЕМЬ ЗАВЕТНЫХ СТРУН. Статьи о бардах, и не только о них Коломна УДК 821.161.1 Рекомендовано к изданию Б...»

«Хасанова Алсу Минвалиевна ТВОРЧЕСТВО АХНАФА ТАНГАТАРОВА: ЖАНРОВЫЕ И ХУДОЖЕСТВЕННЫЕ ОСОБЕННОСТИ 10.01.02 Литература народов Российской Федерации (татарская литература) АВТОРЕФЕРАТ диссертации на соискание ученой степени кандидата...»

«Античная древность и средние века. Вып. 46. С. 166–178 УДК 811.14+81-139+94(495) DOI 10.15826/adsv.2018.46.011 А. А. Евдокимова Институт языкознания РАН, г. Москва, Российская Федерация НОВЫЕ КАППАДОКИЙСКИЕ ГРАФФИТИ И ИХ ЛИНГВИСТИЧЕСКИЕ ОСОБЕННОСТИ Аннотация: В данной статье представлено 11 новых неизданных греческих графф...»

«11 8166 Н.Ю.Шкобин, И.Эсенски СИМВОЛИЧЕСКИЙ ЯЗЫК ОПИСАНИЯ ПЕЧАТНЫХ ПЛАТ И ПРОГРАММА ADTRAN Ранг публикаций Объединенного института ядерных исследований Препринты и сообщения Объединенного института ядерных исследований / О И Я И / являются с а м о...»







 
2019 www.librus.dobrota.biz - «Бесплатная электронная библиотека - собрание публикаций»

Материалы этого сайта размещены для ознакомления, все права принадлежат их авторам.
Если Вы не согласны с тем, что Ваш материал размещён на этом сайте, пожалуйста, напишите нам, мы в течении 1-2 рабочих дней удалим его.